Кху деношкахь Нохчийн Республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн журналисташна ша еллачу пресс-конференцехь карарчу шеран эхашарахь прокуратуро бина болх бовзийтира.
Республикин прокурора дийцарехь, юьйцуш йолчу хенахь бина белхаш коьртачу декъана махкара социальни-экономикин хьал тодарна лерина бара. Иштта коррупцина а, экстремизмана а, терроризмана а дуьхьало яран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а дакъошкахь гIуллакхаш дина.
– Законаш талхорна а, зуламашна а дуьхьало ярехь баккхий белхаш бина республикин прокуратурин органаша. ДIадаьллачу эхашарахь хьесапе эцна дерриге а зуламаш 271 ду. Оха къахьегар бахьана долуш коррупционни, террористически зуламийн барам дикка лахбелла. Коррупционни агIор законаш талхорна профилактика яран а, и зуламаш дIадахаран а Iалашонца прокуратурин белхахоша 4800 акт хIоттийна. Цу декъехь 57 уголовни гIуллакх долийна, – бохура Ш.Абдул-Кадыровс.
Шемарчу террористийн организацех дIакхета ойла йолчаьрца беш болу белхаш а бовзийтира республикин прокурора.
– Терроризмана а, экстремизмана а дуьхьало яран декъехь гIуллакхаш дар дIахьош экстремистийн 4 интернет-сайт гучуяьлла, зуламе чулацамаш болу 161 материалана тIекхачар дихкина. Оха сих-сиха профилактикин мероприятеш дIахьо кегийрхошца. Зулам ма-дарра довзуьйту къоначарна, – бохура цо.
Ш.Абдул-Кадыровс билгалдаьккхира къаьсттина къиза зуламаш 22 процентана лахделла хилар. Иштта 6,3 процентана лахделла юкъара къиза зуламаш а. Некъийн бохамашкахь бехкеверг жоьпе озор а шен лерринчу тидамехь латтийна республикин прокурора.
– Кхочушдаран Iедалан органашца цхьаьна профилактикин белхаш дIабахьар бахьана долуш некъийн бохамаш 46 процентана лахбелла, дикка жимделла некъаш тIехь адамаш далар а. Цу агIор белхаш кхин а жигарабаха дагахь ду тхо, – бохура Ш.Абдул-Кадыровс.
Шен къамел дерзош Нохчийчоьнан прокурора билгалдаьккхира, баьхна кхиамаш хьесапе а оьцуш, законо бакъо луш ма-хиллара, кхидIа а мал ца деш, зуламаша дина зенаш меттахIиттор дIадахьа дезаш хилар.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
Авторан сурт
№87, еара, 6 август, 2015 шо