Вайн коьртачу шахьарарчу БухIан-Юьртахь, Соьлжа-ГIалин хIорда йисттехь, даздаран хьолехь схьайиллира «Лагуна» аьлла зударшна лерина садаIаран база.
Цигахь дакъалоцуш яра Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментан директор Шагидаева Дина, Нохчийн Республикин юкъараллин «Иман» организацин председатель Мужедова Иман, кхиберш.
Сада1аран базин администратора Агаева ПетIамата дийцарехь, 5 эзар сов квадратни метр меттиг ю, гуонаха керт а еш, чулаьцнарг. Лийча меттиг (пляж), медпункт, ламазан чоь, кхачанан чоь, иштта кхийолу бегIийлаш ю кхузахь. Лийча кечйинчу метте йоьхкина Каспи хIорда йистера еана гIум. Цул сов, МЧС-н белхахойн тергонехь хир бу луьйчуш берш. Белхахой берриге а зударий бу кхузахь. Цхьанаметта эзар сов зудчун садаIа аьтто хир бу базехь.
Даздаре гулбеллачийн самукъадаьккхира Нохчийн эстрадин артисташа. Сада1аран база схьаелларна лерина 5 километр геналла нека дира ТодашевгIеран веа вашас а, Нохчийн Республикин нека дарехула вице-президент волчу Закраилов Заура а, ткъа вайн республикин вахархочо Исмаилов Хьусайна 10 километр геналле дира нека. Зударшка болу лерам гайтар а, хин спортана пропаганда яр а яра нека даран Iалашо.
Р.МУСИПОВ
№87, еара, 6 август, 2015 шо