Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахарна а, балхана а лерина йолу «Иэсан некъаца» хIорашеран республикин VI-гIа конкурс дIакхайкхийна Нохчийчохь.
Иза вовшахтухуш ю Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела, экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министра Магомадов Iабдуллас а, республикин «Молодежная смена» газето а.
Конкурсан коьрта Iалашо ю Россин Турпалхочо А.-Хь.Кадыровс Нохчийчохь машар дIахIотторехь, Россин халкъашна юкъахь дика юкъаметтигаш а, доттагIалла а чIагIдарх лаьцна долу дакъа билгалдаккхар а, иштта, шайн балхахь Ахьмад-Хьаьжин дахар довзийтарна, дийцарна къаьсттина терго еш болчу журналисташна, кхоллараллин коллективашна терго яр а, царна совгIаташ дар а.
Конкурсан вовшахтохараллин комитето кху шарахь чIагIйина совгIатан кхо меттиг ю, иштта «Жюрин леррина совгIат» а ду. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн мотт меттахIотторна, кхиорна йоккха терго еш хилар тидаме а эцна, «Жюрин леррина совгIат» номинацехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахарх лаьцна нохчийн маттахь язйина йолу материал билгалъяккха сацам хилла конкурсан вовшахтохараллин комитетан.
Конкурсан материалаш схьаоьцу «Молодежная смена» газетин редакцехь 17-гIа август кхаччалц. Редакцин адрес: Соьлжа-ГIала, Маяковскийн урам, 92-гIа цIа, 6-гIа гIат.
Даздаран хьолехь конкурсан толамхошна совгIаташ далар дIахьур ду кху шеран 21-чу августехь Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствехь.
А.ХАСБУЛАТОВА
№87, еара, 6 август, 2015 шо