Цхьа-ши дош…

Хонкаран малхбалехь эскаран ковр йогIучу некъаца эккхийтар а дина, эскархошна герзаш диттира Курдистанан белхан партин декъашхоша. Цигахь ши эскархо велла, шинна чевнаш хилла.

                                         ***

Японехь тIех йовха хиларна тIаьхьарчу цхьана кIирнах 25 стаг кхелхина, масех эзар стаг больницашка охьавиллина. Дукхах болчеран таIам лакхабаьлла.

                                         ***

ТIех чIогIа догIанаш дахкар бахьанехь хиш а дистина, токхамаш а хилла Чинехь а, Индехь а. Iаламан оцу бохамехь Индехь лаххара а бIе стаг кхелхина.

                                         ***

Эбола цамгарх Либерехь 70 эзар бер кхелхина. Иштта хаамаш бина ООН-н кхерамазаллин Советехь.

                                         ***

Африкин пачхьалкхашкара Европе богIучу некъаца  хIокху шарахь лаххара а ши эзар мигрант велла. Европе схьакхача аьтто баьлла 200 эзар сов стеган. Тайп-тайпанчу мехкашкахула  дIасабахана уьш.

                                      ***

Йеменан пачхьалкхан эскаршний, гIаттамхошний юкъахь юха а къиза тIемаш дIабуьйлабелла. ТIамехь хIаллакьхуьлуш болчарал совнаха денна маьрша нах бу цигахь бойъуш.

                                         ***

Великобританин оборонан министра дIахьедина Иракехь «иблисан пачхьалкхана» дуьхьал дIахьочу къийсамехь шайн салташа дакъалоцург цахилар.

                                         ***

Иранан Iедало Шеман куьйгалле дехна къоман цхьааллин правительство вовшахтохарца махкахь маслаIатан некъ лахар.

                                         ***

Чехехь ши цIерпошт вовшахкхетта. Оцу бохамехь иттаннаш пассажираш лазийна. Некъан хьовзам хиларна бехкениг къастош таллам бу дIахьош.

                                         ***

Россина дуьхьал санкцеш яр бахьана долуш Италин фермершна а, юьртан бахаман декъехь къахьоьгуш болчу кхечу белхахошна а 1,2 миллиард еврона зен хилла.

                                         ***

Украинна  1,7 миллиард доллар кредит делла дуьненаюкъарчу валютин фондо. Иза дIатакхарна  цхьаъ дийриг хир ду-кх П.Порошенкос а, цуьнан гуоно а.

                                         ***

Нижни Новгородерчу цхьана хIусамехь делла ялх бер карийна. Россин талламан комитето  дIадолийна талламан гIуллакхаш.

 №87, еара, 6 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: