Вайн республикерчу уггаре а ширачу предприятех цхьаъ ю «Грозненски гIишлошъяран коьчалийн комбинат». 1949-чу шарахь болх бан йолаелла иза. Йиъ завод ю комбината юкъайогIуш: шиъ – Соьлжа-ГIалин Ленински районехь, кхоалгIаниг – Заводской районехь, йоьалгIаниг – Гуьмсехь. Кибарчигаш ю ерриге а заводашкахь еш, ткъа Заводской районехь йолчу заводехь гипс еш цех а ю. Комбинатан генеральни директора Ирасханов Сайд-Хьусайс дийцарехь, царах дуьххьара болх бан йолаелларг Ленински районехь йолу ши завод ю, жимма тIаьхьуо, масех шо даьлча, схьайиллина важа шиъ. Схьайиллинчу хенахь тхов тIе юьллу гериг, силам-кехат, кхин цхьацца кхийра пхьегIаш хилла Заводской районехь йолчу заводехь йийраш, делахь а тIаьхьуо, 70-чу шерашкахь, оцу заводехь кибарчигаш яр и санехь хиларна, уьш ян йолийна. Комбинат схьайиллинчу хенахь лецна нах хилла заводашкахь белхаш беш, ткъа бахархой цига балха дIаэца 60-чу шерийн чаккхенехь болийна. Бакъду, хIетахь, советан заманахь, хьелаш мелла а тоьлаш дара, хIора заводан кертахь а яра юкъараIойлаш, оборудовани а хIетахьлерчу заманца йогIуш яра. Нохчийчохь тIеман шолгIа кампани йолаелча, йохийнера заводаш, дийна бисина гIирсаш а наха дIакхехьна, схьаэца хIара ду ала хIума дацара. Федеральни Iалашонан программица меттахIоттийна, 2003-чу шарахь юха шен болх дIаболийра комбинато. Оборудовани ширачех елахь а, комбинатан куьйгалхо чу са а диллина, балхана оьшучунна леррина хьожуш хиларна, ца соцуш болх беш ю комбинат. Дукхах берш XX-чу бIешеран 40-чу шерашкара гIирсаш бу заводаш чохь.
Таханлерчу дийнахь виъ бIе гергга белхало ву комбинатехь къахьоьгуш. Шина сменехь беш бу болх. Шарахь 25–27 миллион кибарчиг арахоьцу комбинато. Дикаллин сертификат долуш ю арахоьцуш йолу продукци.
Республика меттахIотторехь кIезигчу маьIне дацара комбинато дIалаьцна дакъа, ерриге а бохург санна, гIишлош кхузахь арахоьцучу кибарчигах йина ю. Масала, Курчалойн район меттахIоттош денна а 98–100 эзар кибарчиг яра кхузара цига дIахьош.
Ледара дац техникица долу хьал а. Йиъ «КамаЗ» машен, кхоъ экскаватор, кирадуттург ю комбинатехь.
Карарчу хенахь Нохчийчохь доцург Волгоградехь, ГIалгIайчохь, Аштаркханехь, иштта кхечанхьа а дIаюхкуш ю кхузара кибарчиг. Вуьшта, муьлххачун а кибарчиг эца таро ю кхузахь, мах а лакхара бац – 4 сом. ТIейоттар а комбинатан ницкъашца ду, дIаяхьа машен лаьцчхьана волу эцархо.
Белхалошна а ледара хьелаш дац кхузахь: кертахь ламаз дан маьждиг, лийча меттиг, кхачанан чоь ю. Цул сов, маьхза ю юург, болх могашаллина зене хиларна, шура а ю белхалошна луш. Бакъду, юкъараIойла Заводской районехь йолчу заводан кертахь бен яц, цигахь ерг 40 доьзална лерина 2-гIат долу гIишло ю.
Дукхахберш Ойсхарара, Нойбоьрара, 15-чу шуьрин совхозера, Баса-ГIалара, Чурт-ТогIера белхалой бу кхузахь къахьоьгурш. Уьш дIасалелош 4 автобус а ю комбинатан балансехь. Алапа а шен-шен хенахь дIалуш ду. ХIора баттахь балха тIехь къаьсттина хьуьнарш гайтинчарна премеш а ло.
Цхьа а дезде тIех ца долуьйту Ирасханов Сайд-Хьусайс белхалошна ахчанций, кхидолчуьнций мехала совгIаташ ца деш, гIо до марха достуш, гIурба дуьйш.
Тоьллачу белхалойн цIерш а ехира С.-Хь.Ирасхановс, уьш бу: Эльсанов Iийса, Садикова Лариса, Асланбеков Бислан, Эдилов Сираьжди.
Р.МУСИПОВ
Авторан сурт
Йиъ завод ю
комбинатаН (кхузахь Н гуттар а хуьлу) юкъайогIуш — 1, «Район» дош ду-кх вайн маттахь — к1ошт. Иза х1унда ца леладо? — 2
Вуьшта статья хаза яра… Еша дог а дог1уш… Дела реза хуьлда!
Ислам, «КомбинатаН йиъ завод ю» аьлча дог1ур цигахь «н», цигахь дош доланиг дожаре даьккхича, ткъа вуьшта цигахь «н» оьшуш дац. «Мича юкъайог1уш?» — «Комбината юкъайог1уш» -1. Ткъа «к1ошт» боху дош оха тхан газетехь лелош дац (коллективо барт а бина), х1унда аьлча, «к1ошт» бохург иза лаьттан цхьа дакъа билгалдоккхуш ду, «Участок» бохучу дашца дог1уш ду. Масала, «В 12 участке» — «12-чу к1оштахь». «В районе «Минутки»» — «Минуткин» к1оштахь», иштта кхид1а а. Дела реза хуьлда, тхан статьяш ешарна, хьайна хетарг довзийтарна.