Стигла кхийдаш, дешех лепа…

Сатуев Хьусайн   вина 1939-чу шеран апрель  беттан  11-чу  дийнахь  Iалхан-Юьртахь. Дешна  Нохч-ГIалгIайн  пачхьалкхан хьехархойн  институтехь. Дуккха а шерашкахь  болх бина  ша  винчу  юьртарчу  юккъерчу  школехь нохчийн мотт, литература  хьоьхуш. Шен дахаран тIаьххьарчу  шерашкахь  Нохч-ГIалгIайн  яздархойн  Союзехь  литконсультант  лаьттира.

Сатуев_Хусейн_Джунидович

Поэтан дуьххьарлера  стихаш  зорбане  евлла  1959-чу  шарахь. 1967-чу шарахь  араелира  Сатуев  Хьусайнан стихийн  хьалхара   «Лаьмнийн   бер»  цIе   йолу гулар. ХIетахь дуьйна  нохчийн а, оьрсийн  а  меттанашкахь  стихийн  а, поэмийн  а итт сов  книга  арахийцира  поэта: «Сахуьлу  седа» – 1969 шо, «Ненан мукъамаш» – 1971 шо,  «Дайн  байракх» – 1975 шо, «Йист  йоцу  аре» – 1978 шо,  «Хазалла  йовзар» – 1984 шо, «Дахаран абат» – 1988 шо, «Чов йина  илли» – 1991 шо. Стихаш  зорбане   йийлина  юкъарчу  гуларшкахь а, литературин  журналашкахь а. Халкъо дезаш  тIеэцна  дуккха иллеш  ду  цуьнан  дешнашна  даьхна, къаьсттина  шуьйра  девзаш  дара  Магомедов  Султана  дIаолуш  хилла «Маьлхан  Нохчийчоь» илли.

1995-чу  шарахь, хала  цамгар  текхначул  тIаьхьа, кхалхар  хилла Хь.Сатуевн, амма  яха  йисина  цуьнан  сирла  поэзи.

Маьлхан Нохчийчоь

ХIе-ей! Стигла кхийдаш, дешех лепа

вина ламанаш,

Ялта кхиош, хIордах ловзу

шера аренаш.

Генахь хилча со,

Герга воьхуш со,

Герга веъча, сан ирс хуьлу

шера аренаш.

Маьлхан тIемаш хоьций йогIу

нохчийн Iуьйренаш,

Ойла хазъеш, аьхна  кхочу

сийна суьйренаш.

Даймохк хазбеш, дахар тадеш.

кхечи заманаш.

Ирсо яьхна эшарш лоькхуш,

дека ламанаш.

Генахь хилча со,

Герга воьхуш со,

Герга веъча, сан ирс хуьлий,

дека ламанаш.

ХIе-ей! Зазца  хьекъаш, бIаьсте хили,

сийлахь Даймохк, хьо,

Ахь кхиийна ирсан цIа ду

Маьлхан Нохчийчоь.

Генахь хилча со,

Герга воьхуш со,

Герга веъча, сан ирс хуьлу

Маьлхан Нохчийчоь.

Iожалла яц 

турпалхошна

Лаьттахула машен лела,

Стиглахула лела  кема.

Лаьттахула, стиглахула

ЦIа  ван некъ ца хили хьуна.

ТIом дIатийна ткъа шо дели,

Дийна биснарш бирзи цIехьа.

Хьо ца кхечи дийначаьрца,

Хьо вац боху, беллачаьрца.

Нанна гIенах гуш ву дийна

ТIеман арахь кIайчу динахь.

ТIемадаьлла леча  санна,

Хьо тIелеташ мостагIашна.

БIаьрхиш ихна, бIаьрса дайча,

Дилхина дог кхачаделча,

Кхаъ ма кхечи кIентан нанна,

Брестан гIопехь  вийна, аьлла.

Эгначарна чурт ду, боху,

ЦIарах догуш дашо йоза:

«Iожалла яц турпалхошна,

Мехкан дуьхьа эгначарна».

Ирс долчу ломахь

Вина лаьмнаш бIаьрга схьадайча,

Маьлхан дуьне  делало суна.

И ирс сайна  деллачу дайшна

Денна олуш баркалла ду сан.

ТIаьхьара алар:

Комаьрша кхели Iаламо,

Къонди цIеначу ойлано,

Замано серладехи шу,

Дай баьхна  ламанаш.

Суна деза ламанийн некъаш,

Кийча ву  со гIел ца луш кхерста.

Къона ойла  дIауьду гена,

Евзаш йоцчу  ирхешка теIа.

ТIаьхьара алар

Сан некъ бекош эшарийн аьзнех,

Сенчу  гIашлахь олхазарш дека.

Соьга теIош мехкарийн бIаьргаш,

Массо басца  зезагаш лепа.

ТIаьхьара алар

 №88, 8 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: