Берийн яздархочунна Кагерманов Доккина леринчу агIонца йолийна журналан рогIера номер. «Нохчийчохь дика вевза берийн яздархо Кагерманов Докка. Берийн бакъволу яздархо!.
ГIиллакх, яхь, оьздангалла, собар, тешам, догдикалла, доттагIалла дуьйцуш, язйина цо «Iуьйренан аьзнаш» (1981), «Iимран а, цуьнан доттагIий а» (1985), «Лаьмнашкахь бIаьсте» (1987) цIерш йолу книгаш.
Кагерманов Докка нохчийн меттан марзо йовзийта хууш, дешан чам хууш, дешан мехалла евзаш, зеделларг долу говзанча ву», – доьшу вай цунна леринчу декъалдаран дашехь. Оццу агIон тIехь ялийна Доккас язйина цхьа забаре байт а.
«Вайна гонахара Iалам» рубрикехь зорба тоьхна Боцуев ЯрIелин «Орга» цIе йолу статья. Орга-хи довзуьйтуш автора яздо: «Акхачу бердашца хьергIаш, цкъа, лакхахь, юькъачу хьаннашкахула, тIаккха, лахахь, хьун йоцчу тогIешкахула, хиш дуьйлучу ирзешкахула гIовгIанца чекхдуьйлуш, адамашна шен беркат дIакхачо сихделча санна, чехка догIу ЧIаьнта-Орга. Иза хьекъадо лаьмнех схьадуьйлучу кегийчу хиша, дестадо хьаьвхьенашкахула ша бешначу хиша, кест-кеста доьлхучу догIанаша». Оргин цхьа га ду иза. Оргех лаьцна кхин дуккха а керланиг девзар ду статья ешначу дешархошна.
Шайца доккха кхетош-кхиоран маьIна долуш ду Макалов Шамсуддин «Сира», Магомадова Банин «Лийчар» цIерш йолу дийцарш а, Мумаидов Мохьмада дIаяздина «Дуьненна кхо гуо боккху Молсокх» туьйра а. Берийн тидамза юьсур яц Мамакаев Эдурада, Сейлмуханов Мусас, Надиев Мудара, Демеев ИсмаьIала шайна лерина язйина стихотворенеш. ХIокху номерерчу йозанашкара кхета хала долчу дешнийн маьIна туьду «СтелаIодан дошамехь».
Соьлжа-ГIалин №7 йолчу гимназехь болх беш ю «Даймохк» цIе йолу литературин цхьаьнакхетаралла. «Берийн кхолларалла» рубрикехь вайна йовзуьйту цуьнан декъашхойн стихаш. Ма кхаъ хир бу дуьххьара зорбане бовларх къоначу авторшна.
«СтелаIодан» рогIерчу номеран агIонаш луьстуш шайна пайде а, самукъане а кхин материалаш карор ю шуна, бераш. Цундела сихло цунна тIекхача.
Хь.АБАЕВ
№88, 8 август, 2015 шо
