Литературин рузма

Яндарбиев Хьамзат, яздархо, хьехаран Iилманийн кандидат, вина  1940-чу шеран август беттан 5-чу дийнахь Йоккхачу  АттагIахь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь. Белхаш  бина юьртарчу школехь, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь, Хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтехь. Карарчу хенахь Нохчийн пачхьалкхан  университетан Нохчийн а, юкъарчу  а филологин институтан оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а литературин  кафедрин куьйгалхо  ву. Дийцарш зорбане дийлина  юкъарчу гуларшкахь а, муьран зорбанехь а. «БIешеран зулам» дийцарийн а, «ХIара  исбаьхьа а, харц  а дуьне» стихийн а гуларийн автор.

 

Исмаилов Абу, поэт, вина 1949-чу шеран август беттан 11-чу дийнахь Казахстанехь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствехь, «Даймохк»  газетехь, «Орга» журналехь, кхечу изданешкахь. Стихаш дуьххьара зорбане евлла 1965-чу шарахь «Ленинан некъ» газетехь. ХIетахь дуьйна цуьнан исбаьхьаллин белхаш  зорбане бийлина муьран зорбанехь  а, юкъарчу гуларшкахь а («Iуьйренан аьзнаш», «Даймехкан мукъамаш», «Сатасаран сахьт», «БIаьстенан хиш»)  «Дош» монографин,  «Бирдолаг», «Йозанаш» (шина томехь) стихийн, поэмийн гуларийн  автор.

 

Арсанукаев Шайхи, Нохчийн  Республикин халкъан поэт,  «Нохчийн Республикин сийлахь  гражданин» вина 1930-чу  шеран   август   беттан  15-чу  дийнахь  Веданан кIоштан   Дишни-Веданахь.  Дешна  Семипалатинск   гIаларчу  финансийн  техникумехь,  Нохч-ГIалгIайн   пачхьалкхан   хьехархойн   институтан филологин  факультетехь. Белхаш   бина   Веданан кIоштан  финотделан   заведующи,  «Колхозан дахар»  газетан   редакторан   заместитель,  Нохч-ГIалгIайн  книгийн   издательствехь  редактор, «Орга» альманахан   коьрта  редактор, Нохч-ГIалгIайн  АССР-н  яздархойн  Союзан   правленин   председатель,  Нохчийн  пачхьалкхан   университетан  нохчийн   литературин,  фольклоран кафедрин  доцент  волуш.

«Лаьмнашкахь   Iуьйре» цIе  йолу   стихийн  хьалхара   гулар   араяьлла  I965-чу  шарахь. ХIетахь  дуьйна   цо   арахецна стихийн,  поэмийн  ткъех гергга   гулар. 2009-чу шарахь  зорбане   яьлла   поэтан  хаьржинчу   говзарийн   ши том  («Сийна гене»,  «Уьш   хийца   тарлуш  дац»).

Кхалхар хилла 2012-чу  шарахь.

№88, шот, 8 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: