ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо Веданан районан культурин цIийнехь дIаяьхьира республикин «Лаьмнийн аьзнаш» конкурс. Нохчийн къоман музыкин инструменташ лакхарехь шайн хьуьнарш къовса гулъеллера республикин районийн культурин цIеношкара тобанаш. Оцу тайпа конкурс вовшахтохаран, дIаяхьаран Iалашо яра тIекхуьучу къоначу чкъурана шен къоман хIума довзийтар, цуьнан сий дан Iамор. Къоман культуро а, искусство а дикачу агIор тIеIаткъам бо вайн кегийрхойн синкхетамна, патриотически дог-ойла кхиорна. Цуьнца цхьаьна и тайпа конкурсаш яр бахьана долуш районийн самодеятельни коллективашна а, ша къаьстина баьхкинчу конкурсан дакъалацархошна а шайн кхоллараллин, хьуьнарш, къайленаш гучуяха меттиг, аьтто а хуьлу.
Конкурсехь хезира нохчийн къомана дезаделла шира мукъамаш, иллеш, эшарш.
Конкурсан дакъалацархойн хьуьнарийн мах а хадош, ткъа иштта жамIаш а довзуьйтуш болх бира жюрин председатела Халкъан кхоллараллин туьшан методикин а, клубан а белхан отделан заведующи йолчу Демильханова Билкъиса а, комиссин декъашхоша Шатаева Зараа а, Альтемиров 1арбис а.
Къоман музыкальни инструменташ лакхаран «Лаьмнийн аьзнаш» республикин конкурсехь «Къоман инструменташца оркестрови дIаалар» номинацин 1-чу меттехь яра Соьлжа-ГIалин мэрин культурин Департамент. 2-гIа меттиг Аргун гIалин, Шелан районан культурин цIийно йийкъира. 3-гIа меттиг – Хьалха-Мартан а, Курчалойн а районийн культурин цIийнаша йийкъира.
«Къоман инструменташ сольни лакхар» номинацехь хьалхара меттиг цхьанна а ца елира. 2-чу меттехь яра Шелан район Культурин цIийнан къоман инструментийн оркестр. 3-чу меттехь – Курчалойн районан культурин цIийнан къоман инструментийн оркестр.
Жюрин совгIат делира Веданан районан культурин цIийнан къоман инструментийн оркестран декъашхочунна Бачигов Хьусайнна. Хьусайна кехат-пондарца лекхна нохчийн мукъамаш тайнера массарна а.
«Хьовсархойн озабезаман совгIат» Шелковски районан Культурин цIийнан къоман инструметийн оркестрана елира.
Конкурсан берриге а дакъалацархошна Дипломаш, кубкаш, совгIаташ делира. Оцу башхачу конкурсан, лараме хьеший бара Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ Хамбиев Мохьмад, Денильханов Султан, ткъа иштта Веданан районан администрацин куьйгалхо Магомаев Шемал.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан сурт
№88, шот, 8 август, 2015 шо
