Спортан хаамаш

Европин кубок яьккхина

 

ХIокху деношкахь Германин пачхьенехь Берлинехь чекхъяьлла кхиазхошна юкъахь дзюдохула Европин кубок къовсарехула йолу турнир. Цигахь дакъалоцуш 37 пачхьалкхера 470 спортсмен вара. Царна юкъахь Нохчийн Республикера Башаев Тамерлан а вара.

ДегIан йозалла бIе кийлал сов йолчу категорехь леташ хиллачу вайн махкахочо шен хьалхарчу цхьаьнакхетарехь хенал хьалха толам баьккхира. Цул тIаьхьа хиллачу тасадаларехь дикка садиира нохчичо шен болельщикийн, делахь а иза толаме кхечира. Ахфиналехь а, финалехь а хенал хьалха толам баккхарца Башаев Тамерлана Европин кубок а, дашо мидал а яьккхира.

Билгалдаккха лаьа, вайн спортсменан цу кепара кхиам шолгIа хилла хилар. Тамерлан Австрерчу Лейбниц гIалахь дIаяьхьна хиллачу Европин кубкехь а шен хиллачу деа цхьаьнакхетарехь, хенал хьалха толамаш бахарца чемпион хилира.

Нохчийн спортсменийн кхиам

 

Дукха хан йоцуш Азербайджанерчу Нахичевань гIаларчу спортан комплексехь чекхъелира Алиев Гейдаран цIарах йолу командашна юкъахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула рогIера турнир. Оцу къийсадаларшкахь Россин вовшахтоьхначу командина юкъахь дакъалоцуш Нохчийн Республикера Минкаилов Аслан а, Ильясов ИбрахIим а, Аджиев Динислам а, Исраилов Мохьмад а вара.

Турнирехь дакъалоцуш хилла бархI команда шина тобане екъна яра. Шайн-шайн тобанехь хьалхара меттиг яккхарца финале елира Россин вовшахтоьхна команда а, иштта меттигера команда а.

Финальни тасадаларшкахь Минкаилов Аслана а, Ильясов ИбрахIима а хенал хьалха толамаш бехира. Бакъду, висина ши нохчи ийшира.

БархI цхьаьнакхетар чекхдаьллачул тIаьхьа жамI 4:4 дара. Амма суьдхочо меттигера спортсменийн латар гIолехь а лерина, хьалхара меттиг Азербайджанан вовшахтоьхначу командина елира.

Б.Саидов –  шахматашкахула республикин  чемпион

 

Соьлжа-ГIалахь чекхъяьлла шахматашкахула йолу Нохчийн Республикин чемпионат. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш регионера 38 шахматист вара.

Чемпионат йолаелчхьана дика ловзарца билгал вара дейтта шо долу Саидов Билухьаж. Ша баккхийчарца ловзуш хиллехь а, цо хьалхара меттиг яьккхира. ШолгIа меттиг (2014-чу шеран чемпиона) Мовлдиев ИбрахIима яьккхира. Ткъа кхоалгIаниг – Сатуев Эмис.

Чемпионатан толамхошна Сийлаллин грамоташ а, мехала совгIаташ а делира.

А.АДАМОВ

 №88, шот, 8 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: