Туркос хIиттийна гуш йоцу бIаьвнаш

Нохчийн къоман дахарехь цхьа шатайпа маьIне хилла дуьсуш ду 1957-гIа шо. Оцу шеран 9-чу январехь СССР-н Лакхарчу Советан  Президиумо тIеийцира Нохч-ГIалгIайн автономи меттахIотторан хьокъехь Указ. Кхойтташеран къематдийнах чекхбевллачу нохчашна шаьш оццул сатийсинчу Даймахка некъ бастар дара иза. Ткъа коьртаниг нохчийн къам шен бакъонашкахь кхечу къаьмнашка дIанисдар, шен истори йовза а, культура, мотт кхио а цуьнан таро хилар дара. Оцу гIуллакхах къаьсттина  кхаъ хилла бара оцу шарахь дешна бовлуш болу кегийрхой. КхидIа деша шайн республикерчу ВУЗ-ка баха лаьара царна. Доьшу бохуш, кхин а 4–5 шарахь хийрачу махкахь Iер таIзар хетара.

Ишттачарех цхьаъ вара БIачи-Юьртара Шудуев Турко а (карарчу хенахь Iар-вахар Гуьмсехь ду цуьнан).

сер к

– ХIетахь Соьлжа-ГIалахь шиъ бен институт яцара: мехкадаьттанан, хьехархойн а. Гуш ма-хиллара, хоьржуш, дукха къахьега ца дезара, – дагалоьцу Т.Шудуевс. – Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн-филологин факультетехь къоман отделени схьайиллиний хиъча, дуккха а кегийчу наха цига дIаделира кехаташ. Ас а изза дира. Нохчийн меттан хьехархой хила лаам хилар а дацара тхо цига далийнарг. Тхуна юкъахь наггахь вацара нохчийн маттахь деша а, яздан а хууш верг, цундела и лаам хуьлийла а дацара. Институтехь нохчийн мотт, нохчийн литература Iамо йиш хилча, кхин меттиг муха лоьхур ю бохург, дара дагахь. Кхойтта шарахь маттах а, къоман мел долчух а хадийна лаьттинчу тхуна дукха деза хетара Нохчийчоьнца, нохчийн маттаца, историца, культурица доьзна дерг. Цхьа шатайпа патриотизм яр-кха тхо къоман отделене далийнарг…

1962-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхира институт. Ша винчу юьртарчу (БIачи-Юрт) бархIшеран школе директоран заместителан дарже балха хьажаво къона говзанча (оцу заманахь республикин серлонан министерствос, хьан лаамехь хьаьжна доцуш, оьшшуче хьажавора институт чекхъяьккхина говзанча). ХIетахь дешаран хьаьрмахь дIаболийначу къинхьегаман некъах дахаран некъ хилира.

Ши шо даьлча оццу школехь директоран даржехь чIагIво Турко. 27 шо бен дацара цуьнан БIачи-Юьртара юккъера  школа шех тешош. Цул тIаьхьа республикехь а тоьллачех цхьаъ йолчу Ойсхарарчу юккъерчу школин директор, Гуьмсан кIоштан дешаран отделан инспектор, 1986-чу шарера 1993-чу  шаре  кхаччалц оцу отделан куьйгалхо волуш белхаш бо цо. Белхан меттиг хийцар, коьртачу декъана, доьзна хуьлура кхин а чолхе гIуллакх кхунах тешорца. Дешаран декъехь шена тIедехкинчу декхаршца дика лара а вора. Цуьнан бахьана цхьаъ дара: шен хенахь дика дешна, кIорггера хаарш долуш, дешаран говза вовшахтохархо хилар. Цунна  тIе шен болх безар а, и дош хетар а дара. Ша директор волчу школехь Iаморан процесс вовшахтохаран а, хьехаран методикин а хьокъехь муьлххачу хьехархочун хаттарна дала жоп, болх эвсаралле хилийтарна тIехьажийна дан хьехар а хуьлура цуьнан. Гуьмсан кIоштан дешаран отделан куьйгалхо волуш, Т.Шудуевс боккха болх бира районехь дешаран белхан дикалла айъарехь. Дешарехь долу хьал кIорггера довзарца, шен хьежам хиларца, болх вовшахтоха хаарца къаьстара иза. Коьрта дара цунна адамашца болх бан хаар. Хьехархо велахь а, школин куьйгалхо велахь а бехкбаккхар кIоршаме доцуш, эхь хоьтуьйтуш хуьлура. Жимма а болх бан гIерташ верг ойъура, вуьйцура, масална хIиттавора. ХIетахь кIоштарчу школашкахь хиллачу хьехархоша дийцарехь, Т.Шудуев коьртехь волуш комисси ярах ийзалуш ца хуьлура хьехархой а, школийн куьйгалхой а. Iораяьккхинчу ледарлонан дуьхе а кхуьий, и дIаяккхаран нийса некъ гойтура цо. Хьехархошкара гуттар а чIогIа цо лоьхург шайн хаарш кIаргдар тIехь хаддаза болх бар, шайн леларца, оьздангаллица, гIиллакхашца дешархошна масал хилла латтар дара. Кхин цхьаъ а дара цуьнан белхан амалехь гучудолуш: школашкахь нохчийн мотт, литература хьехар шен къаьсттинчу тергонехь латтор, нохчийн меттан хьехархошца мелла а озабезаме хилар.

серый к

Ткъе цхьайтта шарахь сов дешаран хьаьрмахь болх бира Т.Шудуевс. Дукха дешархой хилла  цуьнан, кхунах Iемаш, школийн дукха куьйгалхой а кхиъна. Бевзаш болчу Iилманчашлахь, хьехархошлахь, лоьрашлахь, пачхьалкхан гIуллакххошлахь кIезиг ца нисло шаьш Т.Шудуевн дешархой бу олуш берш. Къаьсттина дозалла до цо Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьаьжина БIачи-Юьртара юккъера школа чекхъяккхаран хьокъехь аттестат, ша куьг яздеш, дIаделла хиларх. «Иштта нислокха дахарехь, – дагалоьцу Туркос, – Б1ачи-Юьртарчу юккъерчу школе тхойшиъ цхьаьний веара: со школин директор, иза 9-чу классан дешархо волуш. 1966–1967-гIа дешаран шо ду иза. Юха цхьаьнакхетар 2000-чу шарахь хилира. ХIинца тхойшиъ меттигашца хийцавеллера: Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Ханна йолчу Администрацин Куьйгалхо вара, ткъа со – Администрацин гIуллакххо. Гуш ма-хиллара, дешархо шен хьехархочул лакха ваьллера. Муьлххачу хьехархочо а сатуьйсург ду шен дешархой шел тоьлаш хилар. Диц ца ло, Администрацин белхахойн цхьана кхеташонехь сох бIаьрг кхетча, «Ой, сан директор ма ву кхузахь-м» олуш, леррина цо сайга маршалла хаттар. Ишттачу дешархойх воккхавеш мила хир вац».

Тхуна, «Даймохк» газетан белхахошна, Турко гергара хотуьйтуш кхин цхьа хIума а ду: даима а тхан газетаца уьйр латтийна цо.

Журналистех цхьаъ шена гича, «ма дика ду шу долуш, нохчийн маттахь газет хилар мотт кхиорехь дукха маьIне хIума ду шуна, оьшуш болх бу аш бийриг», бохуш, дог ира-кара хIиттош хуьлу иза. Гуьмсан кIоштан дешаран отделан куьйгалхо волуш, гIуллакх шен тергоне оьций, ерриге а школашкахь газет яздойтура. Вуьшта аьлча, мацах хийрачу махкахь шен махке, матте кхоллаелла цIена ойла шеца мискъалазарратал херъялаза, доьзалехь а, наха юкъахь а, балхахь а къоман син-дахарца доьзна дерг деза-доккха хеташ схьавогIу Турко.

Дешарехь, культурехь, кхоллараллин декъехь къахьегначу нахах къамел дерзош, ламасте дирзина царна дина совгIаташ дагардар. Т.Шудуевн а ду уьш дуккха а, амма цунна уггаре а деза совгIат шен хиллачу дешархойн а, шеца цхьаьна дешаран декъехь болх бинчу нехан а дегнашкахь ша хIиттийна хаарийн а, адамаллин а гуш йоцу бIаьвнаш ю.

 

Хь.АБОЛХАНОВ

№88, шот, 8 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: