Орцах довлийша Iайшатана!

5

Нохчийчоьнан Гуьмсан районерчу Ойсхарарчу дуккха а бераш долчу ЭниевгIеран доьзале бохам беара хIокху шеран февраль баттахь. Йоккхах йолчу, 11 шо долчу йоIана – Iайшатна ларамаза герз кхийтира. Бохам хилла масех минот а ялале схьакхаьчначу сихачу гIоьнан машено йоI больнице дIайигира, сахьт далале операци йира. Амма операци ечу хенахь Iайшатан ший а жин дIабаккха дийзира лоьрийн, кхин дан хIума а ца хилла.

Оцу операцин тIаьхье чIогIа кхераме ю. Жаннаш ца хилча масех де далале стагана уремия цамгар йолало, азотистин продукташ цIийца деба юьйлало, мочевина 20–30-зза алсамъяла тарло, цIийн мусталлин коьрта хьал а, ионни хIоттам а галбала болало. И бахьанехь дегI малло, садаIар галдолу, дукха ца Iаш жаннаш дIадаьхнарг кхалха герга а ду.

И ца хилийта цомгашчунна гемодиализ йо – жаннашкахула доцуш цIий цIандар. Жаннашна метта хIоттайо леррина аппарат, халкъалахь цунах «искустенни жаннаш» олу. Цо цIий цIандо «шлакех», и бахьанехь хила дезачу хьолехь хуьлу иза. Делахь а кIирнах ян езаш йолу 2–3 процедура йо, иза масех сохьте яхло.

Операци яре хьоьжуш Iайшат Российски берийн клинически больницехь йолу дуккха а беттанаш ду. Кхузахь дIахьо цуьнан цIий цIандар а, операци яле хьалхара терапи яр а. ЧIогIачу молханаш иэсане воун тIеIаткъам беш хилар билгалдаьллехь а, йоI кхиамца доьшуш ю дистанционни школехь. Процедурашний, дешарний юкъахь мукъа еанчу хенахь Iайшата суьрташ дохку.

Жаннаш хийцаран операци маьхаза еш елахь а, профилактикин препаратех а, цуьнан шен доцу жаннаш тIеэцийтарехьа дарбанаш лелорах а мах дIабала безаш ду Iайшатан да-нана. Царна оьшуш дерг 1 150 000 сом ахча ду. Оццул ахча дац дуккха а бераш долчу ЭниевгIеран доьзалан.

Iайшатан дахар хIинца а дIадоладала кхиъна а дац. Ларамаза хиллачу бохамо хиндерг а дIадаккха тарло цуьнан. Массара а цхьаьний, орцах а довлий, балех хьалхаяккхий вай Iайшат. Нийса дац дахар довза а кхиале и дахарх хадийтар.

Россин къинхетаман организацийн союзо доьху Эниева Iайшатана гIо дан лууш мел болчаьрга, гIо дан аьтто мел болчаьрга оьшу ахча тасар. Мелла а буьззина хаам лур бу кху телефонехула: (495) 225-13-16 я сайтехь: www.slornet.ru.

Эниева Iайшатан адресца платежиш схьоьцу Россин  Сбербанкан ерриге а отделенешкахь.

Риквизиташ

Схьаоьцуш верг: «Россин къинхетаман организацийн союз» коммерчески доцу партнерство

ИНН 7715257832, КПП 771501001.

Соьмашкахь расчетни счет: «РУССЛАВБАНК» АКБ-хь 40703810400000000217. (ЗАО) Москва-гIала.

Кор.счет: 30101810800000000685

БИК: 044552685

Платежан хьашт: Эниева Iайшатна дарбанаш лелорна сагIийна.

P.S. «Мегафон» ОАО-н абонентийн Эниева Iайшатна а, чIогIа лазарш долчу кхечу берашна а гIо дан таро ю 5035 йоцачу номерца SMS яхьийтарца я *503#  номерца телефон тохарца. Цхьана SMS-н я горгалин мах – 30 сом. ХIора хаам дIа мел бахьийти иза бахьийтинчун счета тIера оццул ахча дIадоккхур ду вайгара  гIо оьшучу йоIаршна а, кIенташна а гIодарна.

Иштта, луучара Iайшатна а, чIогIа цомгаш долчу кхечу берашна а сагIийна ахча дахьийта мегар ду CONTAKT (Контакт) системехула а, QIWI (КИВИ) системин терминалашкахула а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: