Шахмурзаев Адам

«Ленинан некъ» (хIинца  «Даймохк») газетан редакцина дуккха а йогIура шера нохчийн йозанан мотт а хууш, газетан хьашташна кхачам боллуш жоп луш йолу материалаш язъян хьуьнаре болу говза белхахой ца тоьаш хенаш. Ишттачу цхьана муьрехь 1976-чу шарахь редакце балха веара Шахмурзаев Адам. Иза цига вале а, вевзаш вара суна: тхойшиъ ши лулахо вара. Суна хаьара иза лаккхарчу дешаран заведени чекхъяьккхина, школехь хьехархочун а, Соьлжерчу школин директор а болх беш хиллийла. Амма цунна журналистан болх бан а, нохчийн маттахь материалаш язъян а хаар шеко йоцуш дара. Бакъду, Адам болх бан волавелла дукха хан ялале, и шеконаш дIаевлира. Цо гайтира нохчийн йозанан мотт шена кIорггера хаар а, бовзар а, безар а. Шуьйра дара дуьне, дахар, юкъараллин-политически хьал довзарехь долу цуьнан хаарш. Цара гойтура ша доьшуш, школехь а, лаккхарчу дешаран заведенехь а яьккхина хан цо эрна дIаяхийтина цахилар. Адамна дика бевзара шен болх. Муьлххачу а темина цо язйина материалаш дика нислора цуьнан. Шен болх дика карабирзина, воккха говзанча вара Адам. Дерриге  тидаме а эцна, редакцин партийни дахаран отделан заведующи хIоттийра иза.

Шахмурзаев

Адама дика вовшахтуьйхира отделан болх. Цу тIехь цунна доккха гIо хуьлура цо йиллинчу штатехь боцчу корреспондентийн отделах. Цуьнан белхан план хIоттайора хьалххе. Иза йийцаре йора шен-шен хенахь гуллучу отделан декъашхойн кхеташонехь. КIорггера чулацам болуш а, хене, долуш долчу хьоле хьаьжжина мехала маьIна долуш а хуьлура цуьнан статьяш. Къаьсттина дика нислора цуьнан публицистикин материалаш. Адамна дика хаьара керланиг, газетдешархочо шена тIе тидам бохуьйту дерг каро а, балхана юкъадало а. Цундела редакцин куьйгалхой чIогIа реза бара цуьнан балхана. Адаман дика гIуллакхаш, цунна адам дезар оьшучунна муьлххачу хенахь а гIо дан иза кийча хилар бахьана долуш гуттар а накъостий хуьлура цунна гуонаха. Цунна хаьара шена юххерчарна товш дерг дан а, ала а. Белхан коллективехь хилла ца Iаш, накъосташна юккъехь а боккха сий-ларам болуш вара Адам.

Шахмурзаев Адам вина 1939-чу шеран 23-чу мартехь Девкар-Эвлахь. 1944-чу шеран февралехь дерриге а нохчийн, гIалгIайн, цхьамогIа кхидолу халкъаш  санна, махках, цIерабаьхна Казахстанан къилбаседе дIабахийтира Адамг1еран доьзал а. Цигахь лайра шело а, хало а, сий дайъар а. Амма къар ца белира.

Адам жима волуш дуьйна вара шен нийсархойх къаьсташ, олу дош хьекъале долуш, леларехь а, накъосташца йолчу юкъаметтигашкахь а оьзда. Школа а, Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институт а тIехдика доьшуш чекхъяьккхира цо. Институтехь дешар чекхдаьллачул тIаьхьа Грозненски районерчу Чурт-ТогIерчу юккъерчу школехь хьехархочун болх бира. I971-чу шарера 1976-гIа шо кхаччалц Соьлжехь юккъерчу школан директор Iийра. Соьлжахоша хIинца а дика цIе йоккхуш, безамца хьахаво иза: «Адам тхо долчохь школан директор волчу хенахь берийн дешар, низам дика дара», – олий.

Адаман корматаллин кхиар хилира, 1976-чу шарахь, иза республикин «Ленинан некъ» газете балха веача.

1989-чу шарахь Адам Грозненски районан «Зов земли» газетан редактор ву. А.Шахмурзаевн куьйгаллица хийцало газетан юьхь а, чулацам а. Изданехь юкъаялайо керла рубрикаш. Цо алссам дуьйцу нохчийн халкъан исторех а, нохчийн маттах а, дешарх а, литературах  а лаьцна. Газето шен коьрта тидам тIебохуьйту къинхьегаман стагана, юьртан бахам кхиорна. Цунах лаьцна газето дуьйцу тайп-тайпанчу жанрашкахь.

Махкахь а, республикехь а халкъан мостагIий мохк хIаллакбан а, халкъан барт бохо а Iалашо юьхьарлаьцна, шайн зуламе, ямарт гIуллакхаш дан буьйлабелча, газет дIакъовла дийзира. ЧIогIа халахеташ тIеийцира Адама махкахь баьржина кегарий а, республикехь болийна тIом а. Иза дика кхеташ вара мостагIийн Iалашонех. Кхетамечу кхечу нохчашца цхьаьна цо а, цуьнан доьзало а лайра халкъана тIехIиттина ерриге а халонаш а, баланаш а.

Республикехь хьалхара тIом дIабаьллачул тIаьхьа Адама типографехь санна зорбатухуш йолу йоккха машен ийцира. Схьадиллира ши а газет: «Сутарби» а, «Реклама» а. Шен «типографехь» цо уггаре а хьалха арахецна зорбанан материалаш яра Къуръана тIера аяташ. Цу юкъахь, «Лакъад жаакум» а, «Аятал курси». Цул совнаха Пайхамаран (1.с.в.а) хьадисаш а, динан кхийолу материалаш а. Уьш маьждигашкахь а, лулахь а, накъосташна а маьхза дIасайоькъура цо.

Динан тIедахкарш даггара лоруш а, кхочушдеш а вара иза.

Адаман да Iалавди лулахоша а, юьртахоша а лоруш а, сий деш а стаг вара. Наха машарна-маслаIатана вуьгуш, цуьнан дехарна иза кхочушдарца жоп лой, ларам беш а вара. Оьзда, гIиллакхехь стаг вара иза. Цо а, цуьнан хIусамнанас а иштта оьзда кхиийнера шайн кIентий а. Дений-нанний чIог1а муьтIахь бара уьш. Дас-нанас аьлларг дахаран норма хилла дIахIоьттинера царна. ТIаьхьа, да дIаваьлча, воккхалла, ден декхар шена тIеийцира Адама, доьзалехь воккханиг хиларе терра. Иза шайн доьзалан да хилла дIахIоьттира.

Миччанхьа а балхахь хилча а, цо хьанал, даггара кхочушдора шена тIедехкина декхарш. Цундела белхан накъосташа а, доттагIаша а, юьртахоша а лоруш а, сий деш а вара иза. Ала хIума доцуш, хьанал болх барна а, юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарна а цунна дуккха а совгIаташ дира республикин а, министерствон а куьйгалло. Цу юкъахь яра Сийлаллин грамоташ. 1985-чу шарахь цунна «Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин хьакъ волу белхахо» аьлла сийлахь цIе тиллира. Россин Журналистийн Союзан декъашхо вара иза.

Дуккха а доттагIий бара Адаман. Иза ша а ма-хиллара, оьзда, интеллигентни нах бара уьш. Шайн доттагIа волчохь кест-кеста гуллора накъостий. Гуттар а церан къамел хуьлура школашкахь дешар, нохчийн мотт, литература Iамор, тодар а, журналистикин башхаллаш йийцар а. ДоттагIаша а, иза вевзаш хиллачу массара а безамца, даггарчу ларамца хьахаво Адам. Цара иза виц ца во. Адам кхелхира 2003-чу шеран апрелехь. Дала гечдойла цунна, Дала декъал войла иза.

 

МАГОМАЕВ САЛАВДИ

№88, шот, 8 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: