Вайн бахархойн тайп-тайпана хаттарш кхоллало шайн бакъонех лаьцна. Уьш хуьлу граждански, административни, доьзалан, къинхьегаман, хIусамийн, налогови, уголовни бакъонех лаьцна. Юристаша царна лучу жоьпаша нахана гIо до шайн дахар нийсачу хорше дерзо. ЗаьIап берашна еш йолу гIоленаш хоьттуш динчу хаттаршна жоьпаш луш, тхоьца къамел дира Соьлжа-ГIаларчу Ленински районан прокуроран лакхарчу гIоьнчас Степанов Артема Александровича.
– Артем Александрович, хIун бакъонаш ю заьIап берийн, хIун гIоленаш ю царна билгалйина?
– Пенсин, къинхьегаман законодательствон, хIусаман, транспортан, могашалла тояран , дешаран, садаIаран гIоленаш ю заьIап берашна а, церан доьзалшна а билгалъяьхна.
– ХIун догIу пенсин гIоленаш ярна юккъе?
– «Пачхьалкхан пенсийн хьокъехь долчу», Законан 17, 21, 38, 113, 114, 115-чуй статьяшна тIе а доьгIна, социальни пенси хIоттадо заьIап берашна. Цаьрга хьожучу гергарчарна къинхьегаман лахарчу алапан барамца 60 процент ахча ло. Цу хьокъехь 1994-чу шеран 17-чу мартехь арахецна Россин Президентан Указ ду.
8 шаре кхаччалц заьIап бер кхиийначу ненан пенсе яха йиш ю, нагахь цуьнан 15 шаре кхочуш къинхьегаман стаж елахь. ЗаьIап бер лелош йолу хан стажа юккъе йоьдуш ю.
– Къинхьегаман законодательствос билгалйохуш йолу гIоленаш йовзийтахьа?
– 16 шо кхачаза долу заьIап бер долчу ненан бакъо ю дуьззина доцчу деношца болх бан. (КЗоТ РФ, ст. 49.) Цомгаш бераш долчу зударшка белха дийнан хенал тIех болх байтар а, церан лаам а боцуш, командировкашка бахийтар а магийна дац. Иштта магош дац заьIап бераш долу наной балха схьа ца эца а, цуьнан алапа хадо а. Законо дихкина ду заьIапхойн наной балхара дIабахар. Нагахь цо болх беш йолу организаци, я предприяти дIайоккхуш елахь, иза кхечу балха хIотто езаш ю. (КЗоТ РФ, ст. 54, 170). Болх беш долчу дена, я нанна, заьIап беран 18 шо кхаччалц баттахь кхин а 4 де мукъа догIу (КЗоТ РФ, ст. 1631.
– ЗаьIап бераш долчу дай-наношна доккха маьIна долуш хуьлу шайн берийн цхьа чоь хилар. ХIун бакъонаш ло Законо царна цу декъехь?
–Уггаре а хьалха хIусам ло тIех хала цамгар а токхуш, Iер-дахаран хьелаш ледара долучарна. Цамгарш билгалъяьхна ю Россин могашаллаIалашъяран министерствохь. Уьш ю: шизофрения, маниакально-депрессивный психоз, эпилепси, ДЦП, букъадаьIахкан цамгарш, кхиерш. ( Жилищный кодекс РФ, ст. 36.) 1996-чу шеран 27-чу июлехь Россин Правительство арахецначу сацамехь билгалбаьхна бу хIусам яла езаш болу заьIапхой.
ЗаьIапхой болчу доьзалшкара коммунальни хьаштех долу ахча 50 процент бен ца оьцу. Изза барам бу телефонах йолчу абонентски таккхарийн а. (Федеральный закон РФ от 24.11.95, ст. 17).
– Муьлха транспорта тIехь дIасабахарна гIоленаш ю заьIап берашна билгалъяьхна?
– ГIалийн а, яртийн юкъараллин транспорта тIехь (такси йоцчу) маьхза дIасалела бакъо ю заьIап берийн а, уьш лелочеран а. Бер лелочун карахь социальни органаша елла, заьIап бер цо лелор чIагIдеш йолу справка хила еза. Кеманца а, цIерпоштаца а, 1-чу октябрера 15-гIа май кхаччалц дIасадоьлхучу заьIап берашкара а, уьш лелочаьргара а ах мах бен ца боккхуш, билгалъяьхна гIоленаш ю. Цу юккъе догIу могашалла тояран учрежденешка дуьгуш долу заьIап бераш.(Федеральный закон РФ .24.11.95, ст. 30.) ЧIогIа а мехал ду хIора стагана шен бакъонаш евзаш хилар. Уьш хааро таро хуьлуьйту цхьацца бахьанашца заьIап дисинчу берийн дахар серладаккха.
Бахархойн дехаршца интервью дIаяьхьнарг – Б.ДУДАЕВА
№88, шот, 8 август, 2015 шо