Цхьа а шеко йоцуш, беркате хиндерг

Чекхдаьллачу бIешеран 80-гIа шераш юккъе даханчу заманахь дуьйна юкъараллехь хийцаделлачу хIо-мархано аьтто бина къаьмнийн меттанийн гIуллакхаш шуьйра дийцаре дан а, цаьрца доьзна шайн зама кхаьчна хьашташ кхочушдан а. Ненан меттан денна леринчу кхиболчу гуламашкахь а, зорбанехула а вайн адамаша довзийтина, хаддаза довза а довзуьйту цуьнца доьзна шайна хетарг, цIерш йоху дича дика хир долчу беркатечу гIуллакхийн. Цхьана «Даймохк» газето мел дукха йовзийтина вайна тайп-тайпана корматаллаш, говзаллаш йолчу нехан меттан хьокъехь йолу мехала ойланаш!

Суна хетарехь, нийса хир дара меттан хьаштийн, гIайгIа-баланийн хьокъехь тIаьхьарчу хенахь наха аьлларг схьа а гулдина, говзачу наха церан лерина хьесап дича. Оцу хьесапан бухехь хIитталур яра мотт кхиорца йоьзна шарна, кхин а ехачу заманна хIиттийна Iалашонаш (программаш). Иштта къахьегаро гIо дийр дара хIора дийнахь кхочушдечу тIехIиттинчу рогIерчу  гIуллакхашца (текучка) доьзна, коьртаниг, къилба дан хьакъ дерг ца дицдан а, дича дика хилла ца Iаш,  ца дича вай ца довлуш долу гIуллакхаш тIаьхьа ца тетта а. ТIаьххьарчарна юкъадогIу, масала, дерриге а дуьнено а санна юьхьанцарчу классашкахь долу хьехар ненан маттахь хилийтар, ненан меттан академически дошам арахецар, иштта дIа кхидерш а.

Вайн махкахь маттаца доьзна кхочушдечу гIуллакхашна юкъахь дуккха а  пайдениг каро там бара кхечу регионашкахь бехачарна. Кхин кIезиг доцуш пайдениг вайна а карор ду оцу декъехь кхечу мехкашкахь. Масала, ши-кхо бутт хьалха Къилбаседа ХIирийчохь хIирийн маттахь «Глобальни диктант» язйина, цигахь дакъалаьцна 250-300 стага. Оццу хена чохь Интернетехь гойтуш хилла диктант дIаяхьар.

Оцу республикехь берийн бошмашкахь, школашкахь шайн мотт Iаморехь кхочушдечу башхачу гIуллакхех лаьцна дерг шена тIе тидам боьдуш ду. Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствон белхахочо Султанова Хьулимата боху: «Шайн мотт бовзарехь вайл дуккха а тIаьхьабисина уьш. Къоман маттахь бистхила а ца хууш 1-чу классе деша догIуш дуккха а бераш ду церан. Амма маттаца доьзначунна тIеберзар воккхавевеш ду церан. Къоман гимнаца, байракхца, фольклораца доьзнарг лерина хьеха долийна цара школазхошна а, юкъарадешаран учрежденийн дешархошна а…»

Гуьмсерчу къаночо Абубакаров Мохьмад-Хьаьжас дийцира, Еврейски (Жуьгтийн) автономни округехь къоман мотт ларбаран башхаллех. Шайн маттахь яздина йозанаш шуьйра даржадо цара. Иза а шакъаьстина дийца догIуш хIума ду.

Къоман мотт баккъал а ларбан долчу нигатца дийриг цасацор, мотт кхиорца доьзна аьллачух цхьа а тидамза цадитар, кхечеран дикачух а пайда оьцуш хилар, оцу декъехь даима хьалхахьа некъ беш хилар вайна, шеко йоццуш, беркате хир ду.

 

А. ГАЙТУКАЕВ

№88, шот, 8 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: