Сиха кхуьуш, хазлуш ю Нохчийчоь

Башха дукха хан яц вайн мохк саьлнашкахь, херцаршкахь Iиллина. Юккъе дукха хан ца йолуш, хиллачу шина тIамо латтаца дIашарйинера Нохчийчоьнан шахьарш, ярташ. Баккъал а йоккха эрчо яра вайн лаьтта тIехь хилларг. Герггачу 50 шарахь республика меттахIоьттина даха ховшур ду аьлла, гIан-набаршкахь гар доцург, аьттехьа а дага ца догIура. Мел чIогIа Даймохк безарх кхузара «къематде» иштта сиха дIадериг хиларх теша хала дара. Делахь а, Дела сов къинхетаме ву. Дагахь а доцу хазахетар, совгIат до Цо бусалба нахана – Шен собаречу лайшна. 2003-чу шарахь Нохчийн Республикин куьйгалле Кадыров Ахьмад-Хьаьжа веара. Дукха хан ца ийшира нохчашна шаьш бинарг уггаре а нийса харжам хиларх кхета. Шен цхьа а дош эрна ца хилар, шен къомах доглозуш, бакъволу нохчийн къонах ша хилар гайтира Ахьмад-Хьаьжас. Цуьнан цIарца боьзна бу Нохчийчохь (ши тIом хиллачул тIаьхьа) хилла болу дуьххьарлера дика хийцамаш. Нохчийн къам машаре далийра цо. Иза республикин Президент хаьржинчул тIаьхьа доладелира Нохчийчохь гIишлошъяр – йохийна шахьарш, ярташ меттахIиттор. Бакъду,  ша юьхьарлаьцна болу машаран, кхиаран некъ дIакхехьа доьгIна ца хиллера Кадыров Ахьмад-Хьаьжина… Дала гIазот къобалдойла цуьнан.

строй

Шен къоналле хьаьжна доцуш, дас болийна некъ дIакхехьа хIоьттира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. 2008-чу шарахь, республика меттахIотторан, кхиоран декъехь кхочушъечу кхийолчу программашца цхьаьна, кхочушъян йолийра «Соьлжа-ГIала – тIеман лараш йоцуш» цIе йолу программа. Цу программин декъехь дукха гIишлош меттахIиттийра республикин пачхьенехь, дукха йира керла объекташ а. Йоццачу хенахь, йовза а хала долуш, куьце ялийра Соьлжа-ГIала. Наха 50 шо хIетте а оьшур ду Нохчийчоьнан коьрта шахьар меттахIотто баьхнехь а, Кадыров Рамзанна цхьа шо а ца ийшира цу балхана. Шайн ирсах теша а хала дара соьлжагIалахошна. Иштта меттахIитто йолийра республикин ярташ а. Шо-шаре мел долу, таханлерчу дийне кхаччалц  кхуьуш ду Нохчийчохь гIишлошъяр. ХIора дийнахь аьлча санна схьайоьллуш ю культурин, могашаллаIалашъяран, дешаран, самукъадаккхаран объекташ, петарийн цIенош, кхийолу гIишлош а.

Кхул хьалхарчу шерашкахь а санна, 2015-чу шарахь а дукха керла гIишлош, некъаш, тIайш, объекташ йина вайн республикехь. Шо чекхдалале ян дагалаьцна а ю кхин шортта. Царех цхьаерш схьаеллар а, гIишлошъяр  а оха  газетан агIонаш тIехь мелла а довзийтина. Тахана карлабоху вай 2015-чу шарахь Нохчийчохь гIишлошъяран декъехь дIабаьхьна, дIахьош болу белхаш.

строй5

Ша санна ерг кхин йоцу автодром хир ю Соьлжа-ГIалин Заводской районехь. ХIара шо доладелчахьана дуьйна иза ярна тIехь леррина терго латтош ву республикин Куьйгалхо. Еш йолчу объектана юкъайогIу картодром, автодром, гайтаман зал, туьнинг-каппаш (тюнинг-деревни), машенаш сиха хахкарна лерина (для кольцевых и парных гонок) биъ трасса, леррина йина новкъарлонаш йолу «Сафари» трасса, АЗС, 1600 стагана лерина кхо трибуна, ресторанаш, кафеш. Автодромо дIалоцу  65 гектар меттиг ю. Проектана ахчанца кхачойо А.-Хь.Кадыровн цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо.

Федеральни центран гIоьнца а, меттигерчу инвестицийн чоьтах а тIеман хенаш дIаевллачул тIаьхьа Нохчийн Республикехь йина а, меттахIоттийна а  400 сов школа ю. Пачхьалкхан программица догIуш, 2017-гIа шо тIекхачале ян лерина кхин а 32 керла школа. Царех 29 школа  дешаран хIокху керлачу шарна кийча хир ю. Царна юкъахь ю Курчалойн районерчу Курчаларчу Хоси-Юьртахь 360 берана лерина еш йолу керла школа а, Соьлжа-ГIалахь 700 сов берана лерина еш йолу 11-гIа школа а, кхиерш а.

2015-чу шеран апрель баттахь Соьлжа-ГIаларчу «Родина» поселкехь схьайиллира теплицийн «Родина» йоккха комплекс. Иза схьайоьллучохь дакъалоцуш вара  Россин Федерацин Правительствон Председателан заместитель Хлопонин Геннадий, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев, кхиболу официальни нах а. Вайн цIахь теплицийн комплекс яр вуно мехала хIума ду. Иза схьаеллар бахьанехь 250 стагана белхан меттигаш а нисъелла, тIейогIучу хенахь кхин 500 белхан меттиг а ю хир йолуш. Цул сов, хIинцачул тIаьхьа вайн бахархошна экологически цIена стоьмаш а, хасстоьмаш а хир бу. Билгалдаккха догIу, и комплекс еш Москван индустрин банко (Президент Арсамаков Абубакар) 2 миллиард сом ахча делла хилар.

Кху шеран май беттан чаккхенехь Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкарчу «ЕМААР» компанин президентаца Мухьаммад Аль-Аббарица хиллачу цхьаьнакхетарехь Соьлжа-ГIалахь Дуьненаюкъара университет йилла сацам бира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Билгалдина ду дуьненаюкъара маьIна долу и учреждени Нохчийн Республикин Хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де билгалдоккхуш ян йолор. Университетан гIишлонна бухе даздаран хьолехь «капсула» юьллур ю кху шеран 23-чу августехь. Университет яр шина шарахь чекхдаккха барт хилла. Иза Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн халкъера нохчийн халкъана а, ерриге Россина а совгIат хир ду аьлла Мухьаммад Аль-Аббарис. 5000 студентана лерина хир ю университетан гIишло. Цигахь болх бан дуьненахь а тоьлла болу хьехархой кхойкхур бу. ГIишлон проектана юкъайогIуш ю дешаран корпусаш, юкъараIойлаш, спорткомплекс, йоккха библиотека, иштта дI.кх.а.

Кху шеран керлачу гIишлойх ю Итон-Кхаьллан районерчу Кхокхадахь Орга хи тIехь йиллина йолу жима ГЭС. Цигахь гIишлошъяран белхаш чекхдевлла, карарчу баттахь схьаелла лерина ю станци. Мехала ду тIамал тIаьхьарчу муьрехь Нохчийн Республикехь электроэнерги йоккхуш йолу дуьххьарлера объект иза хилар. ГЭС-н проект меттигерчу говзанчаша хIоттийна ю. ГIишлошъяран белхаш республикин бюджетан чоьтах дIабаьхьна. Карарчу хенахь къастош ду станци болх бан йолаялийтарна оьшуш долу цхьадолу юридически гIуллакхаш. Иза шеран ерриге а хенашкахь цхьабосса болх беш хир ю. Дукхахйолчу ГЭС-шкахь электроэнерги яккхаран барамаш шеран хенех бозуш хуьлу, амма Орга хин башхалло шеран муьлххачу хенахь электроэнерги яккха таро хуьлуьйту. Билгалдаккха деза, Кхокхадахь йолу станци ян йолийна шо а кхачале болх бан кийча хилар.

Кху шеран июнь баттахь Гуьмсан районерчу Хошкалдахь Юсуп-Хьаьжин цIарах керла маьждиг дан долийна. Кхузахь ваьхна а, дIавоьллина а ву Шайх. Цуьнан цIарах ду юьртара шира маьждиг а, амма иза дукха жима хиларна а, юьратара берриге а бусалбанаш рузбанан дийнахь чу тарлуш бацара. Цундела, юьртахь керла маьждиг дан сацам хилира республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан. Иштта,  Эвтарахь а, республикин кхечу ярташкахь а деш ду  масех маьждиг.

Июнь баттахь Хьалха-МартантIе схьайиллина пеноблокаш яран кхузаманан завод. Проектан автор а, инвестор а ву «Град-Строй» ООО-н директор Васильцов Виктор. Цхьана дийнахь-бусий кхо эзар гергга пеноблок ян  таро йолуш ю завод. Цкъачунна Хьалха-МартантIерчу районна бен кхачоялур йолуш яц заводан продукци, бакъду, тIейогIучу хенахь производство шорйинчул тIаьхьа, ерриге а республикина а гIишлошъяран материалашца кхачоян таро хир ю предприятин.

строй4

Оццу баттахь Нохчийчохь ян  йолийна леррина болу ницкъаш Iаморан дуьненаюкъара туш (Международный учебный центр  сил специального назначения). Дукха хан йоццуш шен гIоьнчица Мартынов Даниилца гIишлошъяран майданахь хилира Кадыров Рамзан. Белхаш дIабахьарна резахилла висира иза. 300 гектар лаьтта тIехь дIахьош ду гIишлошъяр. Тактикин шахьар, дайвинг-центр, теоретически кечамбарна лерина гIишло, аэродинамикин комплекс, кхийолу объекташ  юкъайогIу дуьненаюкъарчу туьшан проектана. ГIишлошъяран белхаш инвестицийн чоьтах дIахьош бу.

Кадыров Рамзанан омрица меттахIоттийна йолу Грозненски районан Долинск юрт схьаелларца а билгалбелира июнь бутт. Ши бутт хан а ца елира поселок меттахIоттош. Цигахь меттахIоттийнарг дерриге а 560 хIусам йолу (дукха гIаьтнаш долу) 47 цIа ду. Цул сов, 200 стагана лерина маьждиг а, спортан зал а, администрацин гIишло а йина цигахь. Иштта, капитальни ремонт йина 120 берана лерина йолчу берийн бешана, лоьрийн амбулаторина, школина, ЖКХ-н урхаллин гIишлонна. Оццул йоцачу хенахь ца довззал хийцаделла юьртан сибат. Республика кхиорехь мехала а, сирла а гIулч хилла дагахь дуьсур ду Долинск меттахIоттор.

Таханлерчу дийнахь жигара дIахьош бу гIишлошъяран белхаш спортан-могашалла меттахIотторан туристически «Грозненское море» комлекс яран майданахь а. Дукха хан йоццуш цигахь схьайиллина зударшна лерина садаIаран меттиг. Дагалаьцна ду, оцу комплексана уллехь, 55 гектар  лаьтта тIехь аттракционийн парк яр а.

Тахана оха довзийтинарг республикехь гIишлошъяран декъехь кху шарахь дIабаьхьначу белхийн цхьа дакъа бен дац. Кхузахь хьахийнарш йоцуш, кхин дуккха а культурин, могашаллаIалашъяран, дешаран, кхийолу  объекташ йина а, еш а ю вайн республикехь. Шо-шаре мел долу сихачу гIулчашца кхуьуш ю Нохчийчоь. Дала иштта кхидIа а кхуьийтийла иза!

А.ВАХАЕВА

 №88, шот, 8 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: