Дала деллачу диканан хьурмат даре кхайкхира

ТIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхетош-кхиорехь доккха маьIна леладо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаменто. Цуьнан векалша денна республикин тайп-тайпанчу районашкарчу бахархошца цхьаьнакхетарш дIахьо. Иштта, хIокху деношкахь оцу департаментан директор Дадаев Ризван Итон-Кхаьллан районехь хилира. Цкъа хьалха иза цхьаьнакхийтира районан администрацин куьйгалхочуьнца Темирбулатов Хьамзатца. Цара дийцаре дира цхьамогIа мехала гIуллакхаш. Цу юкъахь дара къона тIаьхье ийманехь, оьзда кхетош-кхиоран юкъара Концепци кхочушъяран болх тобаран, экстремистийн идеологина дуьхьал къийсам дIабахьаран, наркоманина профилактика яран, районера кегийрхой юкъараллин дахарна юкъаозоран хьокъехь долу гIуллакхаш.

– Оха боккха тидам тIебахийтина Нохчийчуьра кегийрхой а, мехкарий а вахабизман, экстремизман, зуламечу кхечу боламийн тIеIаткъамах ларбарна. Хазахеташ ду оцу декъехь районехь жигара г1уллакхаш деш хилар, экстремисташа бохьучу бохамех къонанаш кхетош хилар, – бохура Дадаев Ризвана.

Цул тIаьхьа цо а, районан администрацин куьйгалло а Культурин ц1ийнехь цхьаьнакхетар дIадаьхьира маьждигийн имамашца, къанойн кхеташонан, бакъонаш ларъяран органийн векалшца, кегийрхошца, районерчу бахархошца.

– Везачу АллахIана хастам бан беза вай вайх къинхетам барна, – дIадолийра шен къамел Р.Дадаевс. – Тахана вай вовшахкхетта динан, вайн синмехаллийн хьокъехь къамелаш дан, вовшех дагадовла. Вайн халкъана оьшуш ду иштта цхьаьнакхетарш дIадахьар. ХIунда аьлча вайна тIехь ду ийманехь, оьзда, гIиллакхе тIаьхье вайн мехкан зовкхан дуьхьа кхетош-кхиор. Вай кегийрхошна доьзалшкахь, маьждигашкахь дийца деза сийлахь эвлаяаш, шайхаш бахьанехь вай бусалба цIена дин лелош хиларх лаьцна. Уьш бу Кавказехь бусалба дин а, цуьнца цхьаьна беркат а даржийнарш. Церан беркат тахана а хьерча Нохчийчоьнах, – элира Дадаев Ризвана.

Цо чIагIдарехь къаьсттинчу тидамехь а, Iуналлехь а хила беза кхиазхой. Интернетехь доцург кхин дуьне дац моттаделла бу царах цхьаберш. Уьш оцу интернето Iехийна. Царна цу чохь доцург дош ца хета, тIелаца а ца лаьа. Оцу чкъурах пайдаоьцу экстремистийн идеологи яржош болчара. Уьш Iехабо, церан «кортош дIахьо». Цундела вайн бераш Iеха ца дайта уггаре а хьалха сема хила дезаш дерг да-нана ду. Цхьадолчу дена-нанна шайн кIант я йоI чохь (компьютера хьалха) хиъна Iийчахьана вахабизман а, экстремизман а уьнах ларлур ду моьтту. Бакъдац иза. Мелхо а уггаре а кхерамениг компьютер, интернет ю. Цу чохь доьгIна ду ямартхойн гуранаш.

– Интернетехь беш болу хаамаш галбаьхна бу. Цу чохь дуьйцург данне а догIуш дац дахарехь долчуьнца. Масала, Шемахь, Иракехь долчу къизачу хьолах хаза туьйра дой дуьйцу цу чохь. Цунах Iехалой цхьаболу кегийрхой, ур-аттал мехкарий а цига дIабоьлху. ДIа ма кхеччинехь цаьргара паспорташ дIадоху, цаьрга чIагIонаш йойту, тIаккха экстремистийн амалтхой хуьлий дIахIуьтту уьш, церан къиза омранаш кхочуш ца дича цо бовлуш, – бохура Дадаев Ризвана.

Вайна, вайн халкъана, цуьнан хиндолчунна оьшуш хIума дац иза. ХIунда аьлча Нохчийчоь маьрша кхуьуш ю. Маьрша ду халкъ а. Синтеме ду дахар. Иза кхин а ирсе, токхе, зовкхе дан аьтто бу вайн, къаьсттина кегийрхойн. ТIаккха, хIокху хьолан хьурмат ца деш, харц новкъа гIертар Далла гергахь нийса дац.

Цул тIаьхьа кхузахь дийцира тIаьхьарчу хенахь вайн юкъараллехь дийца долийначу эладитанех, гIийбатех, бухтанех лаьцна. Дала хьарам дина, делахь-хIета, къилахь ду эладиташ даржор, гIийбат, бухтан дар. Цунах, лардала деза. Дита деза вайгахь товш доцург, вайн къоман бартана, цхьааллина иэшам беш мел дерг.

Цхьаьнакхетаре гулбеллачеран тидамза ца дисира наркотикех  кегийрхой ларбарехьа дан деза гIуллакхаш. Хьокъала йоллучу органаша денна наркоманина дуьхьал дIахьош болчу къийсаме хьаьжна ца Iаш, вайн регионера цхьаболчу кегийрхойх наркоманин хьу кхетта хилар цхьанна а къайле йолуш дац. Оцу зуламна дуьхьал дIахьош болу къийсам кхин а чIагIбан безаш хилар чIагIдира къамелаш диначара.

Цу тIехь цхьаьнакхетар дерзийра, районан администрацин куьйгалхочо Хь.Темирбулатовс хьешана даггара баркалла а олуш.

С.ХАМЗАТОВ

Р.РИЗВАНОВ

№88, шот, 8 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: