Кестта схьадоьллур ду даздарийн цIа

Старопромысловски районехь кестта схьадоьллур ду  дазадарийн цIа. Иза шен хеннахь дина далийта дийнахь а, буса а белхаш бу беш.

IMG_6778Объект ян йолийна 2014-чу шарахь. Цу хенахь дуьйна белхаш сацийна а бац. Даздаран цIа Россехь уггаре а тоьллачех хир ду. Пачхьалкхан тIегIанехь муьлхха а даздарш дIадахьа таро хир ю цу чохь. Цу хьокъехь тхан къамел хилира гIишлошъяран участкан бригадирца Бустаев Абуца. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира цу тайпана цIа вайн махкахь цхьаъ бен цахилар. Иза а Москва гIалахь ду.

«Оха хIара белхаш бан болийна цхьайтта бутт хан ю. Ткъа гIишлошъяр тIелаьцнарг (подрядчик) «ГрозГражданСтрой» организаци ю. Даздаран цIийнан кхо гIат ду. Йоккха ларма ю кху чохь, оьшуш мел дерг а долуш. ГIишло йина яьлча вайн махкахь уггаре а тоьллачех цхьаъ хир ю. Цу тIехь цхьа а шеко яц. Кху чохь пачхьалкхан муьлхха а даздарш лаккхарчу тIегIанехь дIадахьа аьтто  хир бу. ХIунда аьлча кхузахь белхаш беш вайн республикера уггаре а тоьллачех болу гIишлошъярхой бу гIишлошъяран доккха зеделларг долуш бу уьш. Цара карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь а, Керлачу ЦIоьнтарахь а, кхечанхьа а еш школаш ю», – дийцира Бустаев Абус.

Цул тIаьхьа цо тидам тIебахийтира бечу балхана тIехь цхьа а новкъарло цахиларна. «Хууш ма-хиллара, муьлххачу а балхана шен-шен г1ирсаш оьшуш хуьлу. Хазахетарца билгалдоккху оха белхаш бечу юкъана цхьа а г1ирс тхан лаха я эца безаш хилла цахилар. Цу кепара гIишлошъярхошна оьшуш дерг латтош хилча, белхаш бан а дог догIу. Кхин цхьа хIума а хьахо луур дара суна. Цхьайолчу меттехь болх бечу хенахь алапа схьа ца луш хьедора. Ишттачу хьелашкахь белхийн болар а ледар хуьлу. Ткъа кхузахь цу тайпана кхачамбацарш хилла дац. Шина сменехь къахьоьгуш дохкуш ду тхо. Аьхка йовха йолуш дийнахь чуьра белхаш беш, буьйсанна арара белхаш беш ду, – элира бригадира.

Билгалдаккха догIу, 200 кв. метр йолчу Даздаран цIийнехь цкъа масех эзар стаг тIелаца аьтто хирг хилар.  ГIишло схьаелла кийча хир ю Соьлжа-ГIалин де тIекхачале.

 

А.АБДУЛАЕВ

Авторан сурт

№88, шот, 8 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: