Балхах самукъа а долуш…

Школехь лакхарчу классашкахь доьшуш бен вацара Курчалойн районан ЖагIларгера вахархо Умаров Мохьмад гIишлошъярехь болх бан Iемаш. Аьхкенан каникулашкахь воьдура хIара гIишлошъярхошца балха. ХIокхуьнан юьртахо Халимов Хьусайн вара хIетахь гIишлошъярхойн бригадир. Хьусайнна гуш дара Мохьмада шена хьоьхург сихха дIалоцуш хилар а,  ша дийриг лерина деш хилар а, цундела муьлхха гIуллакх тешадора цунах. ГIишлошъярхошна хIара уггаре а чIогIа оьшура тхов туьллуш. Мохьмад  дегIана вай а волуш,  мел лакха хьалаваларх бIагор а ца хIьийзаш, атта лелара тхевнашна тIехула. Цхьаъ дечу хенахь дукха лерина воллуш хIара гича накъосташа хьовзош олура, йитахьа, Мохьмад, байн мох хьаькхча дIа ца яьхьчахьана мегар ю хьуна.

IMG-20150805-WA0051

 Кхидерг-м сихха кара доьрзура, амма кхунна луург кибарчиг йотта Iамар дара. Юьхьанца Iемаш оганна чухула юттуьйтура кхуьнга кибарчиг, хIунда аьлча иза нисъян атта хуьлура. Жимма хIара дIашарвелча могIанца нийса йотта а Iамийра, дукха хан ялале когаш дотта а Iемира. Цул тIаьхьа, цхьангге а  хетта а ца хоьттуш, нартол (арка) яр а, муьлххачу кепара кибарчиг йоттар а карадирзира Мохьмадна.

Вайн республикехь тIамо йохийна гIишлош меттахIиттош белхаш жигара дIахьочу шерашкахь Соьлжа-ГIалахь а, Гуьмсехь а, иштта цхьамогIа ярташкахь а дукха къахьийгира Мохьмад коьртехь волчу бригадо. ХIинца а Гумсехь нехан долахь цIенош деш къахьоьгуш ю цуьнан бригада.

Дуьххьара гIишлошъярхо хила ойла маца кхоллаелира хьан, аьлла шега хаьттича, Мохьмада иштта жоп делира.

– Дукха жима волуш дуьйна КамАЗ машен лело безам болуш вара со, цуьнца гена дIасалела а. Тхан дешича Ахьмад вара суна дага мел вогIу а КамАЗ машен тIехь болх беш, цо шеца наггахь дIасавуьгура со, и бахьанехь кхоллаелла яра сан ойла а. Шеца цхьанхьа дIасавуьгуш ас цуьнга гуттар а хоттург цхьаъ дара. Ваша, воккха хилча суна а оьцур юй ахь КамАЗ, олий. Дера, вашас хьо воккха ма-хилли хIара хьуна дIалур ю, олий тевора со Ахьмада. ХIетахь чIогIа тамашийна хетара оццул йоккха йолу и техника ша цхьана стага лелош,  цу тIера кира дассо кузов хьалайохуьйтуш, хьажа аьтто нисбелча-м гуттар а самукъадолура. Воккха ма-хилли КамАЗ тIехь болх бийр бу ас аьлла хилла яра сан жималлин ойланаш. Амма дерриге а ма-моьтту нислуш ца хиллера. ГIишлошъярехь къахьегар дагахь а доцуш, забаренна санна, ХьусайнгIаьрца цхьана ханна балха вахханчохь нисделира сан.  ХIара цул тIаьхьа чIогIа беза а белла. Цхьа а  болх  хир бац шеца  цхьа самукъа а доцуш. ГIишлошъяр муха ца хуьлу самукъане айхьа хьайн куьйга динарг бIаьрг белош нисделча.

Дагахь доцуш хилла гIишлошъярхо ву со, делахь а дохко ца ваьлла хIара говзалла караерзийна, Дала могашалла мел латтайо хIара болх бита дагахь а вац.

 

Р.АРБИЕВ

Авторан сурт

№88, шот, 8 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: