ДоттагIаллин юкъаметтигаш ю Нохчийн Республикин а, Дагестанан Республикин а куьйгалхошна Кадыров Рамзанний, Абдулатипов Рамазанний юкъахь. Кест-кеста цхьаьнакхета аьтто ца хилахь а, вовшашца зIе латтош а, вовшашкара хьал-де хаа лууш а хуьлуш ву и шиъ. Ша ханна воккха велахь а, массо а хIуманна тIехь Кадыров Рамзанца гIиллакх лелош, Кадыров Ахьмад-Хьаьжица хилла шен гергарло хьахош ву Дагестанан Куьйгалхо. ХIокху деношкахь билгалдаьккхира иза вина де. Оцу мехалчу хиламна юьстах ца висира нохчийн тхьамда. Цо Дагестанан Куьйгалхо Абдулатипов Рамазан декъалвира винчу денца.
Декъалдаран костехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхина: «Тахана вина де ду российски политикин патриархан, Дагестан Республикин Куьйгалхочун Абдулатипов Рамазанан. Кхузаманан Россехь къеггина лар йитина цо. Иза Iилманча, депутат, министр, дипломат, мехкан уггаре а яккхийчех йолчу регионан куьйгалхо ву. Рамазан Гаджимурадовичан куьйгаллица республика кхиамца кхуьуш, экономикин а, социальни а декхарш кхочушдеш ю. Цуьнга боккха сий-ларам бу Къилбаседа Кавказан федеральни округан ерриге а субъекташкахь. Цунах дагабовлуш бу регионийн къона куьйгалхой».
Делахь а мискъалазарратал куралла ца хаало цуьнгахь. Мелхо а тахана Iама, шена хаарш тIедуза лууш къахьоьгуш ву. Иза Iемаш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхочух, цунна зеделлачух пайдаоьцуш ву некъаш дарехь, гIишлошъярехь, терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьарехь. Цу хьокъехь дерг цо ша а дуккхазза а дийцина. Иза Рамазан догцIена хиларан, шен халкъан, мехкан дуьхьа къахьега лууш хиларан билгало ю. Оцу некъаца хьалхахьа ваха могашалла, доьналла, хьуьнар оьшу. Цундела ларамаза дацара шен декъалдаран дош дерзош Кадыров Рамзана иштта аьлла хилар: «Лараме Рамазан Гаджимурадович, ас кхин цкъа а даггара декъалво хьо винчу денца. Лаьа хьан ондда могашалла, аьтто, кхиамаш, лелочух беркат хуьлийла!».
С.ХАСАНОВ
№88, шот, 8 август, 2015 шо