Къона говзанчаш балха хIиттош бу

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира регионан къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министерствон подразделенешка балха эцначу къоначу говзанчашца. Уьш лаккхара дешаран заведенешкахь доьшучу хенахь дикачу агIор билгалбевлла кегийрхой а, мехкарий а бара.

390d677d57afa48e

Оцу мехалчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, лакхахь хьахийначу ведомствон министр Ахмадов Мохьмад.

Цхьаьнакхетаран юьххьехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Нохчийчоьнан халкъан бахаман тайп-тайпанчу дакъошкахь корматаллин говзанчаш тоьаш цахилар. «Вай еккъа цхьа медицина схьаэцча а, оцу декъехь карарчу хенахь оьшуш верг  2041 говзанча-лор ву, лазархойн хьашташ кхочушдарна оьшучу кечамбарх чекхваьлла волу. Амма тIаьхьарчу хенахь къонанаш «перспективни» меттиг езаш хуьлуш бу, балха дIахIуьттушехь. КIезиг бу кхиамашка хьуьнаречу къинхьегамца бен кхочуш цахиларх кхеташ берш», – бохура Кадыров Рамзана.

Цо кхузахь вовшахкхеттачу кегийрхойн тидам тIебахийтира республикехь кхочушъеш къона говзанчаш балха нисбаран программа хиларна. 2020-гIа шо кхаччалц болх муьрана лерина ю иза. Программа кхочушъяро таро лур ю дешна бевлларш мукъаевллачу белхан меттигашка дIанисбан. И программа кхочушъярна тIехь болх беш ву Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эделгериев Абубакар. Пхи шо далале мукъа йолчу белхан ерриге а меттигашка хьокъала йоллу корматалла йолу говзанчаш дIахIитто дагахь ду тхо», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана баркалла элира къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министрана Ахмадов Мохьмадна дешна бевлларш балха хIитторан гIуллакхана тIехь хаддаза тидам латторна.  «ХIара министерство бахьанехь тIаьхьарчу масех шарахь белхан меттиг нисъелла 1031 къоначу говзанчина. Оцу бакъдолчо гойту цу декъехь болу болх дика дIахIоттийна хилар. Воккхавевеш ду тахана  кхин а 122 къона говзанча балха хIуттуш хилар. Дала беркате бойла шун болх! Дала аьтто бойла!»,  – дерзийра шен къамел Кадыров Рамзана.

Цул тIаьхьа вистхилира М.Ахмадов. Цо Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна баркалла элира шайн балха тIехь терго латторна, оьшучунна тIехь гIо дарна. Цо дийцарехь, вайн дуккха а къона говзанчаш хIинца а балхахь боцуш лелаш хир бара Р.Кадыровс оцу гIуллакхана тIехь терго латтош ца хилча. «Хьан куьйгаллица республикехь бIеннаш, эзарнаш белхан керла меттигаш ю кхуллуш, схьайоьллуш ю керла предприятеш, заводаш», – бохура министра.

Къоначу говзанчашна хьехам беш, мехала къамел дира регионан Парламентан Председатела М.Даудовс. Цо билгалдаьккхира КадыровгIеран командехь хилар дозалла хилар, оцу командехь хила бакъо хьуьнаречу къинхьегамца яккха езаш хилар.

Цу тIехь, къоначу говзанчийн балхахь баккхий кхиамаш хуьлийла шайна лууш хилар а хоуьйтуш, цхьаьнакхетар дерзийра иза вовшахтоьхначара.

Хь.САИДОВ

№88, шот, 8 август, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: