Нохчийчоьнан Куьйгалхо – хьалхарчарна юкъахь

Россин Федерацин субъектийн куьйгалхошна юкъахь  шайн г1уллакхашца  хьолана т1е1аткъам барехь шолг1ачу меттехь ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Цу декъехь талламаш д1абаьхьна политикин а, экономикин а  агентствос . Хаттарш деш динчу жам1ашца «Т1ех ч1ог1а т1е1аткъам» аьлла долчу декъехь ву иза.

Т1е1аткъам барехь хьалхарчу меттехь ву Москва г1алин мэр Собянин Сергей, шолг1ачу меттехь, вай лакхахь ма-аллара, вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, кхоалг1ачу меттехь – Г1езалойчоьнан Президентан декхарш кхочушдеш волу Миннаханов Рустам. Ткъа йоьалг1а меттиг д1алаьцна Подмосковьен Губернатора Воробьев Андрейс, пхоьалг1ачу меттехь ву Санкт-Петербурган Губернатор Полтавченко Георгий.

Политикин а, экономикин а агентствос экспертни хаттарш къайлахчу анкеташца динера. 2015-чу шеран июлехь уьш къастош д1абаьхьначу талламашкахь дакъалоцуш 25 эксперт вара, царна юкъахь бара: политологаш, политтехнологаш, медиаэксперташ, журналисташ.

Россин экспертийн юкъараллин лидерша Россин регионийн куьйгалхойн 1аткъаман юкъара мах хадор ду рейтинган жам1аш.

Рейтинга юкъабахана куьйгалхой х1окху дакъошка бекъало: т1ех ч1ог1а 1аткъам (1-20-г1ий меттигаш); ч1ог1а 1аткъам (21-50-г1ий меттигаш); юккъера 1аткъам (51-85-г1ий меттигаш).

Р.МУСИПОВ

 №88, шот, 8 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: