Зандакъойн шайх ГIеза-Хьаьжа

Шен заман чохь Нохчийчохь а, Дагестанехь а вевзина  ца Iаш, дуьнен чохь бусалба нехан а санна, бусалба пачхьалкхийн а идеологически центр хилла йолчу Маккахь а  вевзаш а, цигахь  чIогIа  лерам беш а эвлаяъ хилла Зандакъара  шайх ГIеза-Хьаьжа. Цуьнан  цIе яьккхича, и ца вевзаш стаг баккхийчарах кIезиг хир ву хIинца а Нохчийчохь. Амма кегийчу нахалахь цунах лаьцна хаамаш ца бевзарш а нисло. Цунах цхьа  а тайпа цецволийла а дац, хIунда аьлча вайн нохчийн къам ехачу ханна дохийна, даржийна лелла хиларна. Вайн къоман исторех, культурех лаьцна  язйина архивни  материалаш Iедало ехачу ханна тIе ца кхуьуьйтуш, зорбане яхаран метта, йолуш ерш а тIепаза, лар йоцуш, яйина, хIалакйина хилча, цу хьокъехь дерг мичара хуур ду къоман тIекхуьучу  кегийрхошна – тIаьхьенна?

Цул совнаха, Нохчийн Республикан истори, мотт, литература, культура, экономика талларан (гуманитарни) институтан директора, философски Iилманийн кандидата Акаев Вахьида а, Нохчийн мохкбовзийтаран (краеведчески) музейн директора Мусаева Заремас а чIогIа халахетарца, дагахьбаллам хиларца чIагIдо шаьш куьйгалла дечу институтехь, музейхь Зандакъарчу шайхах ГIеза-Хьаьжех лаьцна  цхьа а тайпа хаамаш бисина цахилар. Цундела яздо ас хIара ГIеза-Хьаьжех лаьцна дийцар, цуьнан хьокъехь дуккха а хIумнаш хууш болчу баккхийчу нахе, цуьнан шен йисинчу тIахьенах бисинчу нахе схьадуьйцуьйтуш, мила хилла  Зандакъара ГIеза-Хьаьжа  (Беза-Хьаьжа) бохучу  хаттарна  цаьргара  жоп  доьхуш.

Дешархо суна  къинтIеравериг хир ву, нагахь  кху  юкъахь сан кхачамбацарш нислахь.

БисмиллахIиррохьманиррохьими.

ГIеза-Хьаьжа вина Нохчийчоьнан Нохчмахкарчу Зандакъа юьртахь. ГIеза-Хьаьжин ден цIе Аьрзу (Аьрзо) хилла, иза а вина Зандакъахь.

ГIеза-Хьаьжа жима волчу хенахь (иза вина  шо билгал ца даккхало), цуьнан 7 шо доладелча, цуьнан дас Аьрзус говрахь шена  тIехьа а хаийна, дIавигина иза, Дагестанехь а, Нохчийчохь а шуьйра вевзаш, шен хенахь воккха  Iеламстаг хилла волчу  шайх Мухьаммад Яраги коьртехь  волчу  хьуьжаре деша  дIавала. Мухьаммада кIант, шена  тIе а лоций, кIорггера динан Iилма Iамочарна юкъа дIаоьцу.

Мухьаммад оцу Iеламстеган цIе хилла, ткъа Ярагски бохург цуьнан фамили  санна а лелаш, иза вина а, ваьхна а волчу  лезгинийн Яраг юьртан цIарца доьзна ду.

Зандакъарчу шайх ГIеза-Хьаьжин шен цIахь а, юьртахь а, шен цIийнан наха а йоккху цIе  Беза ю, ткъа юьртал арахьа иза  вевза Зандакъара шайх (эвлаяъ) ГIеза-Хьаьжа бохучу цIарца.

Мухьаммад Ярагски волчу деша дIавала  вуьгуш, новкъахь жимачу Безин дIаяьлла хилла «шурин» церг, цуьнан дас а, нанас а, дIа  ца кхуссуш, шаьш дуьненахь яьккхинчу ханна Iалашйина иза. Цул тIаьхьа и церг ГIеза-Хьаьжин дегара, ненера ГIеза-Хьаьжин МутаIела цIе йолчу  кIанта Iалашъеш, МутаIела велча, цуьнца цхьаьна каш чу дIайоьллина. МутаIела вина Зандакъахь, веллачул тIаьхьа иза дIавоьллина каш а ду Зандакъарчу юьрта юккъерчу  ширачу-даккхийчу кешнашкахь.

Шайх Мухьаммад Ярагски коьртехь волчу хьуьжарехь ГIеза-Хьаьжица цхьаьна  доьшуш хилла цхьайтта мутаIелам, шайн  устаз Мухьаммад Ярагски  лоруш а хилла масара а. Царна юкъахь хилла:

  1. Гази-Мухьаммад – Дагестанан халкъийн дуьххьарлера имам. Иза вина 1795-чу шарахь (Унцукулехь). Царалахь  ханна уггар воккха хилла иза. Велла, хIаллакьхилла 1832-чу шарахь.
  2. Ташу-Хьаьжа (Сесанара Воккха-Хьаьжа). Велла 1843-чу шеран шолгIачу эхангахь, А.Айдамиров. «Хроника  истории Чечено-Ингушетии» (Грозный, «Книга» 1991-г1а шо).
  3. Имам Шамиль – вина 1788-чу шарахь. Гимри юьртахь. Велла 1871-чу шеран февралехь.
  4. Iабдурахьман Сухри.
  5. ГIеза-Хьаьжа (Зандакъара ГIеза-Хьаьжа – иза царалахь  ханна уггар жиманиг хилла).

Мухьаммад Ярагски велла 1838-чу шарахь. Вина шо хууш дац. Верриг а оцу муьрехь уьш 11 стаг хилла. Цул тIаьхьа царех дукхах берш баккхий  Iеламнах а, эвлаяаш а хуьлу. ГIеза-Хьаьжа царалахь жима  хиллехь а, амма дешарца дика ларош а, Iилманах кIорге  кхеташ а билгалваьлла хилла.

Зандакъарчу шайхан да Аьрзу а хилла Нохчийчохь а, Дагестанехь а массарна а вевзаш, массара а лоруш  къонах. Аьрзун  ялх  кIант хилла: ГIеза-(Беза)-Хьаьжа, Орза, Алдам (Олдам), АгIамирза, Тодакх, ГIожакъ. Ялххе  а ваша  Нохчийчоьнан сий а, къоман  маршо а ларъян  юкъ йихкина а хилла, и деза декхар  шайн тIаьхьенашна тIе  а диллина цара. Аьрзу дIавоьллина  каш ду Зандакъарчу юьртан юккъерчу ширачу-даккхийчу кешнашкахь.

ГIеза-Хьаьжин шен 3 кIант а, йиъ йоI а хилла. Царех уггар жимах йолчун цIе  Теи  хилла, цIентIа  яхаза а хилла.

ТIаьхьо, 1877-чу шарахь, оцу Теин девешин кIант Алдамов Iаьлбег-Хьаьжа, (Алибек-хаджи Олдамов) Нохчийчохь  Россин паччахьан политикана дуьхьал нохчийн къоман маршонехьа хиллачу гIаттамна коьртехь а волуш, имам ваьллачу хенахь, имаман гIаттаман тIаьххьарчу  деношкахь Россин паччахьан эскарша, Iаьлбег-Хьаьжа лаца гIерташ, цуьнан бIонна ницкъ беш, Симсарахь хиллачу  буьрсачу тIамехь майра  дакъалоцу ГIеза-Хьаьжин йоIа Теис, мостагIашца бечу тIамна юкъа а йоьдуш. Оцу тIамехь  Теи  гIазотехь елла.

Симсарахь тIом  хиллачохь дIайоьллина а ю Теи. ХIетахь дуьйна Теин коша  тIе  боьлху юьртара нах. Деле дехар а деш, шайна сингаттаме цхьа хIума тIедеача, я йокъа хIоьттича, иштта кхечу  хIуманна а, юьртарчу наха  вовшах а кхетий,  коша тIе а хIуьттий,  доIанаш деш, шайн бала балхош, Деле доIанаш до.

ГIеза-ХьаьжагIар тIаьхьо Зандакъара кхелхина, Симсара бахана  хилла. ГIеза-Хьаьжин зиярт а ду Симсарахь. Зандакъарчу  шайхан ГIеза-Хьаьжин ден цIе Аьрзу хилла, Аьрзун ден цIе ГIазмахьмад (ГIазмахьма) хилла, ГIазмахьмадан ден цIе ГIазбахьанд (ГIазбахьмад) хилла. Оцу ГIазмахьмин  2 кIант хилла, царах Зандакъахь вехаш-Iаш волчун цIе Аьрзу хилла, ткъа важа  шолгIа кIант Девкар-Эвлахь вехаш-Iаш хилла. Оцу Девкар-Эвлахь  вехаш-Iаш хиллачу Аьрзун  вешин цIе дага ца йогIу тхуна. Ламанца чIогIа мацалла иккхинчу шерашкахь Зандакъара нах Девкар-Эвла кхелхина бахана хилла боху. Иза муьлхачу шерашкахь  хилла тхоьга ала  ца ло.

Бакъду, тхуна хуург хIара ду: Байракх цIе  йолуш цхьа воккха стаг хилла Зандакъахь вехаш, 133 шо а долуш. Цуьнга хаьттина хилла юьртарчу  наха: «Байракх, хьайна айхьа дуьнен чохь  яьккхинчу хенахь  уггар а хало хилла хан йийцахьа», – аьлла. Байракха жоп делла: «7 шо деара  хIокху ламанца болчу махкахь даиманна а саццаза догIанаш оьхуш, йочанаш хуьлуш, дийна  ялта ца кхуьуш, юучуьнца гIело хьоьгуш, мацалла иккхина. Иштта и мацалла еана шераш уггар а хало йолуш шераш дара. Оцу шерашкахь  хIокху  ламанца коьллаш тIехь  хуьлу  стоьмаш кхарза  а кхорзуш, цунах «ахьар» а деш, иза даа гIиртина со а, нах а, херх хьаькхча,  йолу  жир кхарза а кхорзий, иза логехулу чу а ца йоьдуш, гIело гина суна а, нахана а, тамарш ахьа а охьуш, церан «ахьар» а диина наха хIетахь. Оцу  ас дийцинчу «даарех» уггар а бегIийланиг тамарийн «ахьар» хилар хиира суна а, суна санна, кхечу нахана а, хIунда аьлча, тамарийн ахьаран къахьо  вукхерачул кIезиг хиларна. Иштта  и дерриг гина  ву со.

Байракхан ден цIе Ханболат хилла, Россин  паччахьан эскарш нохчех лата Нохчийчу даьхкинчу хенахь иза шена бIо а гулбина, цу  бIонан коьртехь нохчашна гIо дан Орга  хи долчу агIор тIаме  вахана,  оцу  тIамехь нохчаша толам баьккхина а хилла, ткъа иза (ша Ханболат) оцу  тIамехь  толаман  байракх йоккхуш гIазотехь велла. Ханболат тIаме воьдуш, цуьнан зуда доьзалхочух хилла, цундела тиллина Ханболатан кIантана Байракх цIе.

Иштта оцу Кавказан къизачу тIеман шерийн юккъерчу заманца йоьзна ю Зандакъарчу шайх ГIеза-Хьаьжех лаьцна йолу историн агIонаш а.

Нохчийчоьнан Нохчмахкарчу Сесанахь зиярт долу Ташу-Хьаьжа (Воккха-Хьаьжа) а, Симсарахь зиярт долу Зандакъара шайх ГIеза-Хьаьжа а, Илсхан-Юьртара Кунта-Хьаьжа (Кишин-Хьаьжа) а, уьш вовшашна тIе а кхочуш, цхьана заманахь баьхна нах бу. Оцу кхааннех цхьаъ волу Зандакъара ГIеза-Хьаьжа ханна Ташу-Хьаьжел жима хилла, амма Кунта (Киши)-Хьаьжел воккха хилла. Зандакъара ГIеза-Хьаьжа Ташу-Хьаьжас (Воккхачу-Хьаьжас) кхиийна ву. Паччахьан йозанийн хаамашна тIе а доьгIна аьлча, Кунта-Хьаьжа вина 1830-чу шарахь, велла 1867-чу шеран 19-чу майхь.

Хууш ду Ташу-Хьаьжа Дагестанехь а, Нохчийчохь а шуьйра вевзаш хилла волчу Ярагски Мухьаммадан мурд хилар. Сесанарчу Ташу-Хьаьжица цхьаьна оццу Мухьаммад Ярагскин мурд ву Зандакъара ГIеза-Хьаьжа. Шайх Мухьаммад Ярагскис Ташу-Хьаьжина тIедиллина хилла ГIеза-Хьаьжа эвлаяийн дарже кхачош кхиор. ГIеза-Хьаьжас Холбатахь дуккха а шерашкахь йоккхучу ханна цунна тIехь дуьззина Iуналла а деш, терго латтош хилла Воккхачу-Хьаьжас. Холбат валаран шерашкахь Ташу-Хьаьжин тергамах вуьззина чекх а волуш, инзаре дукха адам гулделлачохь Сесанарчу Воккхачу-Хьаьжас къобалдеш халкъе дIакхайкхош, эвлаяийн дарже ваьлла ву Зандакъара ГIеза-Хьаьжа. Цул тIаьхьа цара цхьаьна белхаш а бина, вовшашна кест-кеста тIе а кхочуш, вовшех дага а буьйлуш.

Шайх Мухьаммад Ярагскис ша Iамош болчаьргара лоьхура юучуьнца-молучуьнца оьзда болуш, массо  хIуманна тIехь тоьхна доза а долуш, дахаран кеп дIаяхьар: валаран ойланехь волуш ша-шен цIанвар, социально-политически дахарехь  цхьа а тайпа дакъа  ца лацар. Амма хан дIаяхарца, оцу  махкана  колонизаци яр чIагIделча, Мухьаммад шайх Ярагскин динан-философски  хьежамаш хийцабала буйлало. Иза дIахIутту гIазот  кхайкхоран гIо лоцуш болчарах цхьаъ, и болам баржорхо хуьлий. Цо нийсачу новкъах телхина  лоруш бара паччахьан Iедалан хьадалчаш, царна юкъахь  цхьаболу  ламанхой а болуш.

Цул тIаьхьа шайн динан-философски хьежамаш оццу  керлачу хьехамашца нисбо Мухьаммад Ярагскин мурдаша Г1еза-Мохьмада, Шемала, Ташу-Хьаьжас, Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжас, иштта дIа  кхечу мурдаша. Цундела цара массара а керла пропагандистски а, вовшахтохараллин а болх болабо. Цара хIора юьрта шайн векалш а бохуьйтуш, кхетаман болх бо, хIора юьртан шен-шен долчу Iадаташа халкъана, вовшах а кхетта, цхьабарт хила безачу новкъахь зен дойла а хоуьйту ярташкахь, нахалахь чIагIдан дезарш Iадаташ доцуш, чIагIдан дезарг шариIат дуй а хоуьйту.

Къаьсттина Нохчийчохь изза болх дIаболабо Сесанарчу Воккхачу-Хьаьжас (Ташу-Хьаьжас) а, Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжас а. Церан цхьаьнакхетарш хуьлу Нохчийчоьнан Iеламнахаца, чекхболу ярташкахула, нах гIазоте  кхойкху цара, йо тIеман гIопаш, тIелетарш до паччахьан чIагIонашна.

ГIеза-Хьаьжас лелориг Россин паччахьан векалшна чIогIа новкъа хилла. Цундела ГIеза-Хьаьжа бахьана долуш Симсара паччахьан эскаро ягийна, йохийна, Симсарара берриг а нах юьртах бохуш, аренга кхалхийна. Зандакъара нах а чIогIа хьийзийна оцу шерашкахь ГIеза-Хьаьжа бахьана долуш, иза, лоций, схьало шайга бохуш, и аш ца лахь, шу юьртах а доху, юрт а ягор ю шаьш, бохуш, кхерамаш туьйсуш.

Инарла Орца Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжин мурд хилла. ХIетахьлерчу паччахьан Iедалан инарла а волуш, лаккхарчу даржехь Россин  паччахьан балхахь а воллушехь, Орцас къайлаха ГIеза-Хьаьжица бертахь а волуш, иза Iедалан бохамах ларван а гIерташ, цунна гIо деш хилла. ГIеза-Хьаьжа юьртах ваккха Россин паччахьан Iедало хьийзочу хенахь инарла Орцин дIахьедарца паччхьан Iедалан векалшна а, Зандакъарчу Хьаьжина а юкъа машарна векалш баьхкина. Оцу векалшна юкъахь хилла тайпана энгано а волуш, Чеччалхера чIогIа хьекъале лоруш волу, Келмат-Хьаьжа цIе йолу Iедалан тешаме стаг, иштта и санна кхиберш а.

Векалша, шайна тIедиллина ма-хиллара, ГIеза-Хьаьжига дIааьлла:

– Нагахь ахь хьайн тIамна йихкина юкъ ца ястахь, хьо юьртах, махках вала веза хьайн доьзалца, боху паччахьо.

ТIаккха ГIеза-Хьаьжас жоп делла:

– Делаца, Пайхамарца чIагIо а йина, бусалба  динна йихкина юкъ а йостур яц ас.

ТIаккха Iедало ГIеза-Хьаьжина а, цуьнан доьзална а ламанца йолчу Зандакъахь, Симсарахь, иштта кхин а гергахь йолчу ярташкахь вахар-Iер а ца магош, юьртара дIакхелхина бахийтинчуьра юхаберзар ца магош сацам бина.

И сацам хилар хиинчу инарла Орцас Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжига хаам бина къайлаха:

– Ахь хьайна уггар а ваха луучу метте (юьрта) ма вахийта ала Iедале, тIаккха хьо Iедало хIуьттаренна цига вохуьйтур ву, аьлла. ТIаккха ГIеза-Хьаьжас юкъа лелачу векалшка  аьлла, ша Девкар-Эвла  ма вахийтахьара, и йоцчу метте кхечухьа вахийтахьара, аьлла. ХIетахь ГIеза-Хьаьжин ден Аьрзун ваша а, цуьнан кхин а гергара нах а Девкар-Эвлахь бехаш-Iаш хилла. Iедало ГIеза-Хьаьжа Девкар-Эвла вохуьйту шен доьзалца, цIийнан охIланца: Пирмахьма-Хьаьжица, МутаIелица, цу кIентийн доьзалшца.

ХIетахь вахийтарх ГIеза-Хьаьжа шайн доьзалшца 3 шо хан яьккхина Теркайистерчу Давлетгирин-Эвлахь. ГIеза-Хьаьжин воккхах волу кIант Пирмахьма-Хьаьжа, шен да ГIеза-Хьаьжа бахьана долуш, Николай паччахьо иссазза лаьцна, набахте вахийтина чохь яккха хан тухуш. Амма иза инарла Орцин гIоьнца хIоразза а набахтера  араваьккхина. Давлетгирин-Эвла вахийтина волчу Пирмахьма-Хьаьжин цу эвлахь кIант хуьлу. Оцу кIантана ГIеза-Хьаьжас оцу юьртан цIарах  цIе туьллу Давлетгира олий, оцу юьртахь вина хиларна. Оцу Давлетгирин а, цуьнан вешин ЗагIаловн а кхиина йоккха тIаьхье ю хIинца а йолуш.

ГIеза-Хьаьжин шолгIачу кIентан МутаIелин 4 кIант хилла: Нурмахьма-Хьаьжа, ГIазмахьма, ГIайрмахьма, Жоба бохуш, цIерш йолуш. Церан дукха тIаьхьенаш ю Нохчийчохь а, Дагестанехь йолчу  Хасав-Юьртан кIоштахь а.

ГIеза-Хьаьжг1ар гIаш некъех бу, тайпана зандакъой бу, Нохчмахкахойн тукхмах бу, къомах нохчий бу.

ГIеза-Хьаьжин Олдам цIе йолчу вешин ялх кIантах цхьаъ ву нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара «Лаьмнашкахь ткъес» цIе йолчу шен романехь вуьйцуш волу нохчийн къоман маршонехьа 1876–1877-чуй шерашкахь хиллачу гIаттаман коьртехь хилла турпалхо имам Адамов 1аьлбег-Хьаьжа. ГIеза-Хьаьжа волчу хенахь Iаьлбег-Хьаьжа а вина Зандакъахь, цул тIаьхьа Симсара кхелхина бахана уьш.

ГIеза-Хьаьжа кхелхинчул тIаьхьа 22 шо даьлча, 1877-чу шарахь имам ваьлла Алдамов Iаьлбег-Хьаьжа. Оцу  терахьаша гойту Зандакъара ГIеза-Хьаьжа Саудовски 1аравехь йолчу, дуьнен  чохь цхьаъ бен йоцчу бусалбанийн, исламан центр ларалуш йолчу Маккахь дIакхелхина хан 1855-г1а шо хилла хила тарлуш хилар.

Бакъдерг аьлча, ГIеза-Хьаьжа дIакхелхина хан 1855-чу шо ду бохург, дуьззина чIагIдан ца гIерта со, иза кхидIа  а теллина нисдан дезаш ду, аьлла хетало.

Теркайистерчу Девкар-Эвлахь 13 шарахь Iийначул тIаьхьа ГIеза-Хьаьжа Макка шахьара дIавахана, шен оьмарехь йисина хан Делан кхиэле дIаверззалц цигахь, Маккахь, яккхархьама. Сийлахьчу Маккахь хьаша хилла Муса-Шайхана тIе а воьссина иза. Оцу Маккин охIланца Муса-Шайхаца цхьаьна, вовшийн чIогIа лерам  а беш, дуьззинчу кхаа шарахь хан яьккхина  хилла цо. Цул тIаьхьа кхо шо хан чекхъяларца Делан  кхиэле дIавирзина Зандакъара ГIеза-Хьаьжа. Оцу  Муса-Шайха шен куьйга дIа а верзийна. Пайхамарийн, элчанан, асхьабийн, эвлаяийн Маккарчу кешнашка уггар езачу меттиге дIа а воьллина Зандакъара ГIеза-Хьаьжа.

Шен да тIаьххьара а Макка Iен, цигахь  виса дIаваханчул тIаьхьа цо цигахь  даьккхинчу кхаа шарахь ГIеза-Хьаьжин воккхах волу кIант Пирмахьма-Хьаьжа шозза вахана Хьаьжин-ЦIа (Макка). Цкъа вахача, цуьнца  Iийна веана, шозлагIа  вахача шен  да дIакхелхина, Маккарчу Муса-шайха иза дIаверзийна ваьллачу  кхаьчна. Цул тIаьхьа оцу Маккарчу Муса-Шайхан а, Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжин кIентийн Пирмахьма-Хьаьжин, МутаIелин а чIогIа  гергарло тасаделла хилла ГIеза-Хьаьжин, Муса-Шайхан хьошалла, доттагIалла бахьана долуш. Цхьа хан яьлча, Маккахь волу Муса-Шайх дIакхалхаран хьокъехь хабар кхаьчна Зандакъахь Iаш волчу ГIеза-Хьаьжин кIанте МутаIелига. ТIаккха МутаIелас шен ден доттагI  дIакхалхарна лерина шайн юьртахь доккха сагIа даьккхина, дуьззинчу кхаа дийнахь тезет а латтийна.

ХIара дерриг а къамел соьга схьадуьйцуш болчу  Симсарахь бехачу  вежаршка Эрсенбиев Мажаде а, Эрсенбиев Iабду-Решиде а ас хаттар до:

– ГIеза-Хьаьжас лелош болу некъ муьлхачу тIерикъатана юкъа богIуш хилла? – олий. Ас динчу хаттарна Мажада а, Iабду-Решида а жоп ло:

– Тарикъат – иза эвлаяийн къайленан некъ бу. ХIокху Къилбаседа Кавказехь бехаш болчу бусалбанашна  юкъахь лелош шиъ тарикъат ду. Хьалхарниг накъшбанди тарикъат ду, накъшбандин тарикъат лелочарна юкъабогIу Сесанара Воккха-Хьаьжа, Зандакъара ГIеза-Хьаьжа. Курчалойн-Эвлара ЯнIулбий-Хьаьжа, Товсолта-Хьаьжа, и дI.кх.

ШолгIаниг къадарин тIерикъат ду. Оцу тарикъатехь некъ болчарна юкъабогIу Илсхана-Юьртара Кунта-Хьаьжа, Iаьндара Iума-Хьаьжа, и. дI.кх.  Къадарин тарикъатехь берш хьийзачу зуькарехь хуьлу.

Сесанарчу Воккхачу-Хьаьжин (Ташу-Хьаьжин), Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжин тарикъатан некъ цхьаъ бу.

Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжин зIе йолу меттигаш дукха ю, цо шел тIаьхьа цIе тоьхна битинчу нехан зиярташ а ду. ЧIуьлгIа-Юьртахь зиярт долуш волу эвлаяъ Iабдул-Вахьаб-Хьаьжа ша нохчо ву, тайпана зандакъо а волуш, цуьнгахь йолу  зIе  Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжиниг хилла.

Iалхан-Юьртара Абу-Салам (Салам) ГIеза-Хьаьжас витина ву. Цунах воккха эвлаяъ хилла, цуьнан зиярт а ду, тIаьхье а ю Iалхан-Юьртахь, оцу зияртехь дIавоьллина кхин а цхьа нохчо ву, тайпана зандакъо а волуш, ша  воккха Iеламстаг, эвлаяъ а волуш, цуьнан цIе  Iабдулрешид ю. Iабдулрешид хIетахь Теркайистерчу Бена-Юьртара Iалхан-Юьрта къеда хилла веана хилла ша велча оцу Iалхан-Юьртарчу шен устазана Абу-Саламна (Салам) юххе дIаволлийта дагахь ниййат.

Iалхан-Юьртарчу Абу-Салама (Салам) шел тIаьхьа шен некъ дIакхехьа БоргIанера Iабдул-Межид витина, иза Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжин зIе ю, Iабдул-Межид воккха эвлаяъ хилла. Оцу эвлахь цуьнан зиярт а ду, цуьнан хIусамнана а ю цуьнца цу зиярт чохь дIайоьллина.

Iабдул-Межида шел тIаьхьа, шена тIе а кхайкхина, ГIеза-Хьаьжин кIентан кIанте МутаIелин кIанте Жобига схьаделла ГIеза-Хьаьжин гIуллакх (некъ).

Жобас шел тIаьхьа  Iалхан-Юьртарчу  Абу-Саламан кIентан кIанте Ахьмаде дIаделла эвлаяийн лакхара коьртера дуьйна схьа накъшбандин тарикъатан кар-кара луш схьадеана шен мухIарца цхьаьна.

Нажи-Юьртан районерчу Iаьларара Уматхьаьжа Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжас цIе тоьхна витина ву.

Ткъа Уматхьаьжас шел тIаьхьа и шегара зIе Энганарчу Мадига а, Iаьларойн-Эвларчу Абзат-Хьаьжига а (Абаст) дIаелла.

Энганарчу, шен зиярт а долуш волчу Мадас шел тIаьхьа шегара ГIеза-Хьаьжин зIе Симсарарчу ГIеза-Хьаьжин цIийнах волчу  Хьаькаман кIанте Аьрзуга дIаелла, шена и тIе а кхайкхина: «ХIара  з1е шега  ма-яллара ша дIало хьоьга», – аьлла. Цу Аьрзуга елла зIе Симсара чохь йисина.

ХIара лакхахь ас Зандакъарчу шайх ГIеза-Хьаьжех лаьцна яздина къамел соьга схьадийцинарг коьртачу  декъана  Нажи-Юьртан  районерчу Симсарахь вехаш-Iаш волу  ши ваша ву: Эрсенбиев Мажад, Iабдурешид. ЭрсенбиевгIар ГIеза-Хьаьжин герггарчу тIаьхьенех бу. Ас хаттар дира вежаршка хIоккхул долу хIара ГIеза-Хьаьжех лаьцна къамел шуна  муха хиина, хIара мичара схьадаьлла, – аьлла. Цу хаттарна жоп луш, Эрсенбиев Iабдурешида боху: «ХIара ша а, шен вашас Мажада а дуьйцург гIеза-Хьаьжин кIантера МутаIелигара а, МутаIелин кIенташкара а схьадаьлла».

МутаIелин виъ кIант хилла. Царех кхо кIант Iеламнах хилла, эвлаяийн дакъа а долуш. Иштта нийсаниг хуучу буха тIера схьадаьлла ду хIара къамел.

Минбулатов Асраддин, Хасав-Юрт гIалин №15 йолчу юккъерчу ишколан хьехархо.          

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: