Вайн правительствехь – хийцамаш

Нохчийн Республикин Правительствон председателан Эдельгериев Абубакаран  дехарца правительствехь цхьацца хийцамаш бира Нохчийчоьнан  Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министр Магомадов Лоьма пенси вахарца доьзна  оцу дарже хIоттийна хьалха Нохчийчоьнан Правительствон секретариатехь болх бина волу Темирханов Сайд-Мохьмад. Иштта республикин Правительствехь йолчу ветеринарийн урхаллин куьйгалле хIоттийна Энгиноев ИбрахIим.

Министерствон а, ведомствон а куьйгалле хIиттийначаьрца цхьаьнакхийтира Р.Кадыров.  Иштта цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан премьер-министра Эдельгериев Абубакара, вице-премьера Хакимов Хьасана.

Цхьаьнакхетарехь Р.Кадыровс билгалдехира Л.Магомадовс тайп-тайпанчу даржашка дина гIуллакхаш. Цуьнан белхан лаккхара мах а хадийра.

– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командехь республикин бахархойн дуьхьа къахьегна ву Магомадов Лоьма. Шена тIедиллина долчу муьлххачу а декхарца дика ларавора иза. Цо белхаш бина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон ГИБДД-н урхаллин хьаькаман а, министран а, вице-премьеран а даржашкахь. Кадыровн орденца а, Россин бIаьхаллин совгIаташца а билгалбаьккхина цуьнан къинхьегам. Нохчийн Республикин сийлахь гражданин а ву иза, – элирара Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Цхьаьнакхетар дерзош республикин Куьйгалхочо С-М.Темирханов а, И.Энгиноев а керлачу даржашка хIотторца декъалвира, царна хьалха мехала  декхарш хIиттийра.

Р.АБДУЛМУСЛИМОВ

 №88, шот, 8 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: