А.-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина
Кху деношкахь Россин Федерацин дешаран, Iилманан министерствос «Къинхетаме а, гIолоцуш а хиларна» сийлаллин билгало елла вайн Кадырова Айманина.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондан куьйгаллехь йолуш юкъараллин а, гIоьналлин а дакъошкахь дуккха а дика гIуллакхаш дина Кадырова Айманис. Россин а, дозанал арахьарчу мехкийн а эзарнаш бахархошна гIо-накъосталла дина цо. Нохчийн Республикехь цуьнан лерринчу тергонехь бу бакъонаш ларъяран органийн кхелхинчу а, лазийначу а белхахойн доьзалш. Оцу гIуллакхийн мах хадош делла ду вай лакхахь билгалдаьккхина совгIат. Цу тайпа совгIаташ кхин а дуккха а ду Айманин. Россин а, кхидолчу мехкийн а бахархошна тайп-тайпанчу гIуллакхашкахь гIолацарна Россин Федерацин Президентан В.Путинан Указца ДоттагIаллин орденца совгIат дина ю А.Кадырова.
2005-чу шеран август баттахь «Нохчийн Республикин сийлаллин яхархо» цIе елла цунна. Россин муфтийн кхеташонан а, Сийлахь-йоккхачу Екатеринин а цIарахчу орденашца совгIаташ а дина. Хонкаран Парламентан Председатела Йылмаз Исмета тIаьхьарчу мархийн баттахь Хонкарарчу шахьаршкахь цо дIадаьхьна гIоьналлин гIуллакхаш бахьанехь Баркаллин кехат а делла Айманина. Иштта, 2005-чу шарахь «Шеран адам» сийллалин цIе тиллина а ю иза.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана керлачу совгIатца декъалйира Кадырова Аймани. Мискачу нахана гIодарехь а, юкъараллин гIуллакхашкахь а Дала цуьнан кхидIа а аьтто бар шена лууш хилар дIа а хаийтира Р.Кадыровс.
А.ХАСБУЛАТОВА
№88, шот, 8 август, 2015 шо