Мисарахь 6-чу августехь даздаран хьолехь схьадиллина Суэцки шолгIа татол (канал). Цигахь дакъалоцуш хиллачу 90 пачхьалкхан куьйгалхошна юкъахь вара Россин премьер-министр Д.Медведев.
***
СаIудийн Араверчу цхьана маьждигехь теракт йина. Оцу бохамехь 15 стаг кхелхина, 20 сов стагана чевнаш хилла. Зуламах долу жоьпалла шена тIелаьцна «иблисан пачхьалкхан» куьйгалхоша.
***
Iамарко Японерчу Хиросима а, Нигасаки а гIаланашна ядерни бомбанаш тоьхна 70 шо кхачар билгалдоккхуш, Европарламентан куьйгалхочо кхайкхам бина дуьне ядерни кхерамех кIелхьарадаккхар доьхуш.
***
Пакистан къилбаседехь вертолет доьхна, стиглара чудеана. Цу тIехь хиллачарах 9 стаг велла. Вертолет дохаран бахьана цкъачунна хууш дац.
***
Македонехь 27 жима стаг схьалаьцна «иблисан пачхьалкхехьа» Иракехь а, Шемахь а дIабоьдучу тIамехь дакъалацарна бехкевеш. Мехкан бакъонаш ларъяран органаша бечу хаамашца цигахь тIом беш 130 сов мекедонхо ву.
***
Хонкарахь хиллачу некъан-транспортан бохамехь виъ россихо кхелхина, 20 лазийна. Уьш оцу пачхьалкхе садаIа бахана хилла. Цул совнаха оцу бохамехь цхьа белорус а, цхьа украинхо а кхелхина.
***
Мексикан пачхьалкхехь манифестаци дIаяьхьира бахархоша. Цара Iедале лоьхура журналист Эспиноза къиза вийна зуламхо лахар а, цунна луьра таIзар дар а.
***
Донецкерчу бахархоша митинг йира ОБСЕ-н кхузарчу штаб-квартирина хьалха. Цара оцу дуьненаюкъарчу организацин векалшка лоьхура Украинехь долу хьал нийса довзийтар. «Шу дист ца хуьлуш Iаш хиларо дойъуш ду тхан бераш!» – бохура митинге баьхкинчара.
***
Россин эмбарго бахьана долуш деккъа цхьана шарахь Германерчу фермершна хилла зен 800 миллион евро ду.
***
Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира Новосибирски областан губенаторца В.Городецкийца. Цара дийцаре дира область социально-экономикин кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Стомара дуьйна вайн махкахь хIаллакдан долийна «санкционни» кхачанан сурсаташ. Деккъа цхьана дийнахь 270 тонна хIаллакдина уьш.
№88, шот, 8 август, 2015 шо