Суьрташ дахкарх дахаран къилба дина

OLYMPUS DIGITAL CAMERA

Суьрташ дахкаран искусство езачарна юкъахь наггахь стаг хир вац Даудова Фатимин цIе ца евзаш. Билггал, Дала оцу говзаллин похIма даларца совгIат динчех ю иза. Коьртаниг – Дала шена динчу оцу диканах йоккхаеш, кхин диканаш ца лоьхуш, суьрташ дахкарах шен дахаран некъ бина, мало йоцуш, оцу декъехь къахьоьгуш а ю.

Чолхе яц суьрташдахкарчохун биографи. Даудова Фатима йина 1975-чу шеран март беттан 16-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь. Дукха жима йолуш дуьйна а суьрташ дахкар дезаш йолчу йоIа (цунах дахаран некъ хир бу бохург дагахь а доцуш) 1990-чу шарахь кхиамца чекхйоккху Соьлжа-ГIалара берийн исбаьхьаллин №1 йолу школа. Юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа доьшу Ростоверчу пачхьалкхан хьехархойн университетан исбаьхьаллин-графикин факультетехь. 1998-чу шарахь цигахь дешар а дерзадой, Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан «Архитектура» кафедрехь хьехархочун балха хIутту къона говзанча. ХIетахь дуьйна кхин белхан меттиг ца хуьйцуш схьайогIу иза. Тахана Ф.Даудова ша болх дIаболийначу кафедрин доцент ю.

Из серии Мертвый город.Пейзаж городской

Дуьххьара сурт гайтаме диллар хилла Фатима 5-чу классехь доьшуш йолуш. Индин пачхьенехь Дели шахьарахь дIаяьхьна къаьмнийн доттагIаллин конкурс яра иза. 2002-чу шарахь дуьйна цхьа а шо ца долу оцу я вукху гайтамехь дакъа ца лоцуш. Терахьашца аьлча, хIетахь дуьйна Москвахь, Краснодарехь, Санкт-Петербургехь, Италехь, Екатеринбургехь, Майкопехь, Францехь, Уфахь, Каспийскехь, Тбилисехь, Ростовехь, Саранскехь, Нижни Новгородехь, Соьлжа-ГIалахь, кхечу гIаланашкахь хиллачу 26 гайтамехь дакъалаьцна Ф.Даудовас. Гайтамашка кхайкхар муьлххачу а художникан говзаллин мах хадор ду. Сурт дилларехь, коьртачу декъана, графикин, латографин кепех пайда оьцу цо. Хьовсархоша а , говзанчаша а лаккхара мах хадийна Фатимас «Елла гIала», «Нохчийн шовданийн мукъамаш» циклашкахь дехкинчу суьртийн. Сурт диллар цунна уггаре а хьалха, дахаран бакъдерг», дуьненан исбаьхьалла гайтарца, хьовсархойн синкхетамна Iаткъам бар, церан ойла догдикаллина самаяккхар ду. Шен башхачу говзаллица оцу Iалашоне иза кхача а кхочу. Цунна тоьшалла  ду шен 26 шо бен доцуш, 2001-чу шарахь, Фатима Россин художникийн союзан могIаршка дIаэцар, шен 35 шо кхочуш, 2010-чу шарахь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указца «Нохчийн Республикин хьакъйолу художник»  сийлаллин цIе ялар. ХIора гайтам чекх моссаза болу делла совгIаташ, дипломаш, Сийлаллин грамоташ-м ягарйина а вер вац.

Стальная Чечня .лист 1. автор Фатима Даудова

Къона ю Фатима, амма дукха ду шен дахарехь иза дан ларийнарг, хIетте а вайн тешна хуьлийла ю цуьнан» шатлакхан илли» хIинца а хьалха хиларх.

 

Хь.ДОВКАЕВ

№89, шинара, 11 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: