СадаIаран денош чекхдевлла вайн республикерчу М.Ю. Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театран актерийн. 1-чу августехь дуьйна болх юха а дIаболийна цара. Билгалдаьккхина 2015-2016-чу шерийн муьрехь дан леринарг. Къастийна театран сцени тIехь кху шарахь вайна гунйолу пьесаш. Царех цхьаерш Нохчийчуьрчу режиссераша хIиттор ю. Иштта оьрсийн драмин театран сцени тIехь вайна гур ю Россин кхечу регионашкара кхайкхина балийначу режиссераша хIиттийна спектаклаш. Бакъду, театральни мур дIаболабалаза бара аьлла мукъа Iаш бацара театран актераш. Школашкахь берийн каникулаш хиларх пайда оьцуш, артисташ цкъачунна къоначу хьовсархойн самукъа доккхуш бу. Леррина берашна хIоттийна яра режиссера Темишев Султана «Малиновый медведь» цIе йолу спектакаль. Оьрсийн яздархочо Соснин Сергейс яздина изза цIе йолу туьйра ду спектаклан бухе диллинарг. Вайна массарна а бевза, беза похIме актераш бу спектаклехь дакъалоцуш; Алаудинов Ислам, Авзаева Хеда, Тарамова Милана, Эспаева Замира, Музаева Залина. Корматаллин лаккхарчу тIегIанехь кхоьллина цара берашна дукхаезачу акхаройн васташ: ча, цхьогал, тарсал, зу, пхьагал. Вайн къоначу махкахойн чIогIа самукъа долу «Малиновый медведь» цIе йолчу спектаклах. ХIинцале цуьнга хьовса ларийна Соьлжа-ГIалара алссам бераш, Курчалойн-Эвлара бераш. Цара хазахетарца тIеэцна и спектакль. «Малиновый медведь» спектакль цигарчу берашна гайта, вайн махкарчу кхечу кIошташка кхача дагахь бу оьрсийн драмин театран актераш. Теша лаьа массанхьа а езаш иза тIеоьцург хиларх. Берийн амал, церан синкхетам тидаме оьцуш, дика хIоттийна спектакль ю оьрсийн драмин театро берашна аьхкенан каникулашкахь гойтуш ерг.
ГАЗИЕВА Аза
№89, шинара, 11 август, 2015 шо