Математикаш кхиоран пхьалгIа

Дукха хан йоццуш газетан агIонашкахь дешаран керлачу шарна школаш кечъяран а, хьехархошца  кхачояран а гIуллакх дуьйцуш, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитела  Каимов Iабдулрахьмана ша еллачу интервьюхь  хьахийра Соьлжа-ГIалахь  математикин  леррина республикин школа схьаелларх лаьцна.

11AS

Иза хаза кхаъ бу математика дукхаезачу берашна а, церан дай-наношна а. Цунах дерг  мелла а шуьйра довза лиъна, цу хьокъехь дерг дийцийтира  оха I.Каимовга.  Цо дийцарехь,  стохка ян йолийна ю. Иза №1 йолу математикин школа хир ю, 720 дешархочунна лерина. Шен дуьххьарлера  дешархой кху шеран 1-чу сентябрехь тIеоьцур бу цо.

Дешаран низамца догIуш, дешар дийнахь сарралц  хир ду. Нохчийн Республикера хилла ца Iаш, кхечу регионашкара а тоьллачу хьехархоша  Iамор ду цигара бераш.

Берийн интеллектуальни похIма, хьуьнар гучудаккхар, иза кхидIа  кхиош цунна оьшуш долу гIо дар а ю школин уггаре а коьрта Iалашо. Цкъа а хилла яц  вайн  оцу Iилманна лерина  школа.

Оцу тайпа школа оьшуш яра республикехь.  Иза схьаеллар боккха хилам   бу Нохчийн Республикин дешаран хьаьрмахь. Математика адамийн хекъал, хьесап кхиош кхечу Iилманашна тIе  некъ боккху Iилма ду. Масала, лор, летчик, космонавт, геолог, фармацевт хилалур вац  цуьнгахь математикин хаарш дацахь. Математика хиъча бен чот ца  тохало, масала, физика Iилманехь хилла тидамийн.

Карарчу хенахь  школин гIишло яран белхаш дIабирзина. Ткъа хIинца кабинеташна чу кхузаманан гIирсаш (оборудовани) хIиттош а, классаш кечъеш а, хьехархойн коллектив вовшахтухуш а белхаш бу беш.

Дагадаийта лаьа №1 йолу республикин математикин школа Соьлжа-ГIаларчу Жуковскийн урамехь хилар.

Вай сатуьйсур ду вешан махкахь дуьненахь а гIарабевлла, беркате  математикаш кхиъна де  гаре.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан сурт

 №89, шинара, 11 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: