Маьршачу дахаран хама беш еха

IMG_1533Шен оьмарехь (84 шарахь) дуккха а халонаш лайна а, харцонаш гина а, къахьегна а ю Итум-Кхаьллара Рахмаева Бакисат. Деца-ненаца ирсе яьккхина бераллин хан дагалаца йоьлча – чаккхе йоцу некъ дуьхьал богIу кхунна. Йоккхачу пачхьалкхан маршонах миллионашкахь адамийн дахаран мах белла, тIом чекхбалаза а болуш, хийла кIант, да оцу тIамехь воьжна долу нохчийн къам, халкъан мостагI дина, махкахдоккхуш новкъа бевлира хIорш – да-нана а,  бархI доьзалхо. Цуьнан кхойтта шеран чаккхенехь пхеа вешех, кхаа йишех, дех-ненах и некъ юхабеанарг цхьа Бакисат а, цуьнан ваша Iела а бен ца хилира. Шийлачу, хийрачу махкахь шайга кест-кеста: «ХIай АллахI Дела, да воцуш дисинчу ден декъана дола дан, тхо кхарна тIера сагIа а дай, хIара Бакисат, Iелий ДегIастана даккха Ахь», – олий, шен доьзал дIабижош доIа дора нанас. Дала жоп делира цуьнан доIина…                                                                                                                                                                                Хилларг, лелларг генарчу тIoрказчохь доккхачу догІанца къевлина, уьш досту долу догIа бухбоцчу иэсан хIорда чу кхоьссина, шен юьртахочуьнца Рахмаев Мохьмадца  кхоллам боьзна, яха хиира Бакисат. АлхьамдуьлиллахI, кхеран нанас доьхуш ма-хиллара, ден декъана дола деш ваха хиира Iела а.

«ХХ партсъезд» колхозехь къахьоьгуш дара тхойшиъ, – дагалоьцу Бакисатa, – хьаьжкIаш, картолаш, тонка, нораш леладора оха. Хийла асарш дина, нораш дихкина, элан литтанаш дина. Пенси яххалц цигахь къахьийгира. Изза дан дезара хьайн цIахь а, лелош бежана, котам ца хилча хала дара алапах ваха. Доьзалехь пхи бер кхиийна. Олуш там бацахь а, церан бедар цIанйина, иту хьаькхна, уьш кечбина школе бохуьйтуш сакъералора сан. Гена довллалц тIаьхьа а оьхуш: «Кор-ков диллинчу нехан керта ма хьовсалаш, аракхевдинчу стоьма тIе ма кховдалаш, жIаьлина, цицигана тIулг ма кхоссалаш, эса-бежана ма къахкаделаш, воккхачун некъ ма хадабелаш, жиманиг аьшнаш ма велаш, шайн хьехархочо боххург схьалацалаш, дешна девлча, новкъахула нехаш ловзош, ченаш кегош ца лелаш, юха дуьйлалаш», – бохуш дIахьовсабора уьш. Берийн деца гергарло лелош бара Висаитов Мовлид, Гелагаев Ахьмад, Шаптукаев Iабдул. Хийла ас кхача хIоттийна кIентий бара уьш. Мовлида суна совгIатна деана, кIур биллина Iайгаш-мIерий дара сан, цуьнан безамна лелош, шолгIачу тIамехь лар йоцуш дайра уьш…».                                                                                                                        Бакисата суьлхьанаш а хьийзош, шен а, ша санначу нохчийн зударийн халачу дахаран «тептаран» цхьацца агIонаш а луьстуш, суна дуккхаза а, цхьажимма кхечу агIор а, кхин турпалхой а болуш, хезнарг а дуьйцуш, со кест-кеста пенах кхозучу сахьтe а хьожуш, Iаш, дагахь а доцуш, цунна а, къамел  тІамах  хьакхаделира. ЦIеххьана серлаяьллачу юьхь тIехь эсала елакъажар а хIоьттина: «Паччахье йистхилла а, оцунна мараиккхина а ма ю со!», – элира Бакисата. Со шеконца хьаьжира, елакъажаро цхьана иттех шарна къонйина, бIаьргаш чохь къайленан суьйнаш леттачу йоккхачу стаге. Цо дийцира: – Панкиссин чIоьжачу Дуиси юьртахь эзарнашкахь гулбеллера вайн махкарчу шолгIачу тIамах бевдда бахнарш. Гена йоццуш юьллучу ток йоккхучу станце хьажа веана Гуьржийн паччахь Шеварднадзе вогIу мухIажаршка вистхила, аьлла даьржинчу хабаро гулдинера тхо. Цхьа хан яьлча, тIехула хьийзаш диъ кема а долуш, схьакхечира, цхьа иттех   Iаьржа машен. Паччахь охьавуссуш а, гIаролхоша цунна тIе адам ца дуьтуш а гуш дара тхо. Царна юккъехула схьакхевдаш, массаьрга а вистхуьлуш, корта таIош, чекхволу иза, шена дуьхьал пхьарс  лаьцначу гIаролан куьг дIа а теттина, гулахь лаьттачу тхуна, зударшна тIеволавелира. Дуьххьала лаьтташ йолу со мараиккхина, «ахIи» декъехь йилхира. Со тееш, цхьаъ бохучу паччахьан бIаьргех  хи охьадодуш гира суна… .

Хаац паччахьан дагахь хIун дара, амма бехк-гуьнахь доцуш, шолгIа а сайн махках яьккхинчу соьга ца лалун харцо яра оха токхург. Суьйранна радио чухула къамел деш: «Панкиссин чIожехь цхьана нохчийн зудчуьнца вилхира гуьржийн паччахь», – бохуш дуьйцург хилар дага ца теснехь, шен Даймахкана йоьлхучу нохчийн зудчуьнца цхьаьна, ши ког дIа а хецна, воьлхур вара со», – элира Шеварднадзес бохуш, дийцира тхуна.

Гуьржийн паччахь самах гинехь а, Путин а, Ахьмад-Хьаьжа а гIенах гина суна, – долийра Бакисата, – со хуьлунийца сайн юьртахо волчу Сайд-Iабдуллаьрга йоьдуш. Церан кетIа кхочуш,  церан кех волу и шиъ. «Вай, дела ва хьо марша!», – мараэккха со Путинна. «Делера маршалла хуьлда хьуна а», – олу Сайд-Iабдуллас. Цунна тIаьххье: «Маршалла хуьлда хьуна а», – Путина олуш а хеза суна. «Вай, кхунна-м нохчийн мотт хууш ма хилла!», –  цецъяла со кхиале, самаелира.

Кхин цхьа г1ан а дийцира йоккхачу стага:

– Мох баьлла а, я гуш, хезаш тIехъяьлла машен а йоцуш, дитташ тIера патарш а, чан а тIетуьйхира букъ берзийна лаьттачу Ахьмад-Хьаьжина. Цецъяьллачу ас, цунна тIера чан а, патарш а эгош: «Вай, ва Хьаьжи, и хIун дара?» – аьлла, динчу хаттарна велааьшна, шина а куьйгийн пIелгашна юккъехь керчош къолам а болуш, схьавирзина, шена тера чан, патарш егаяйтира цо. КIужал йолуш пес а, тIехь бIаьрг ца соцуш къегаш кхо нуьйда йолу нелхан басахь костюм а йоьхна вара иза. ХIинцца  мараэккхар ю-кх со, аьлла суна дагадеъча, соьца вуьжуш волу кIентан кIант меттах а ваьлла, самаяьлла йисира… .

Бусалба а, керста а паччахь Делан лаамца бен хIотта йиш яц, олуш хезна суна, и Делан лааман нах сайна гIенах бахкар диканна туьдуш еха со… Дукха къахьегнехь а, халонаш лайнехь а, тахана шен к1ентан Мовсаран баьрччехь хаза Iойла ду Бакисатан. Цунна оьшург деш, «Нани» – олий, эсала кхуьнга йист хуьлуш, хьийза нус Лайлаъ а. «Къена вахана къа дисина, хьаша вахана эхь дисина», – олуш ду-кх вайн. Цунна а дайна, Бакисатан иэсехь-м дуккха а байттамаллаш дисина  хир ду. Амма Дала бахабойла вайна вешан наной а, уьш баьрччехь кхаба кIентий а, гонаха хьийза несарий а.

Т.САРАЛИЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: