Дика ламаст хилла схьадогIуш ду аьхкенан-садаIаран муьрехь берийн могашаллина а, иштта берийн кхетам кIаргбарна пайдехь а, кхитIе а долчу дешаран учрежденешкахь «аьхкенан майданаш» вовшахтохар.
«Аьхкенан майданашкахь» мероприятеш Соьлжа-ГIалин кхитIе а долчу дешаран учрежденеша дIаяхьаран масех Iалашо ю. Масала, берийн гIора чIагIдар, могашалла чIагIъяр, харцахьа долчунна уьш генабахар.
Кхоллараллин декъехь долу шайн хаарш гучудахарехь доккха гIо хуьлу берашна иштта мероприятеш дIаяхьарх. Хьехархоша «аьхкенан майданашкахь» дIахьош болу белхаш физкультурин-могашалла тояран а, исбаьхьаллин-кхоллараллин а агIонаш юкъалоцуш бу.
«Аьхкенан майданашкахь» дIахьош долу гIуллакхаш могашаллина пайдехь хилла ца Iаш, цхьадолчу ловзарша берашна Iамадо вовшахтохараллин гIуллакх дIадахьа. Иштта оцу майданашкахь берашна Iамадо бес-бесарчу кехатех а, пластилинех а тайп-тайпана хIуманаш ян а, иштта суьрташ дахка а, хIума юца а.
«Аьхкенан майданашкахь» долчу шайн берашца бечу балхе хьажа йиш ю церан дай-нанойн а. Хазахетарца хьоьжу уьш шайн бераша бечу белхашка. Вайн республикехь боккха тидам тIебохуьйту кегийрхой кхетош-кхиоран балхана. Иштта вай лакхахь хьахийна агIонаш Iамийна ца Iаш, «аьхкенан майданашкахь» бераш ийманехь кхетош-кхиоран балхана а боккха тидам тIебохуьйту. Бакъонаш ларъяран декъехь дерг а хьоьху.
ХIора дийнахь самукъа а долуш схьалела цига бераш. Иза хьехархой говза хиларан беркате тIаьхье ю. Царна хаьа берийн самукъадер долчу агIор тайп-тайпана гIуллакхаш вовшахтоха.
Л.ДАУТОВА
Авторан сурт
№89, шинара, 11 август, 2015 шо
