Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 4-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен цIахь «Ахмат-аренехь» цхьаьнакхийтира Саранскерчу «Мордовия» командица.
Майданан дай: Я.Годзюр, Р.Уциев, Родолфо, А.Семенов, М.Рыбус, Ж.Маурисио, И.Айссати (М.Митришев,84), В.Адилсон, О.Иванов, И.Лебеденко (Р.Мирзов,68) А.Мбенгуе (З.Садаев,86).
Хьеший: Н.Ревишвили, И.Шитов, В.Рыков, А.Дудиев, Е.Гапон (М.Тишкин,45), М.Перендия, Д.Стеванович, О.Власов (Е.Шипицын,74), Д. Ле Таллек, Р.Мухаметишн (П.Игнатович, 72), Е.Луценко.
Коьрта суьдхо Матюнин Алексей (Москва)
Карара мехкан чемпионат йолаелчахьана тидам тIебоьдуш дерг Соьлжа-ГIаларчу «Терекна» юкъахь ловзуш ши защитник бен цахилар дара. Ткъа пIераскан дийнахь Саранскерчу футболисташна дуьхьал хиллачу цхьаьнакхетарехь ловзуш командин капитан Уциев Ризван хилар стадионе баьхкинчу нохчийн болельщикашна боккха кхаъ бара. Цул сов, матчехь шен командина гIодан кийча Кудряшов Федор а вара.
СоьлжагIалахой «Мордовияца» 12-зза левзина. 8 матчехь толам баьккхина вайн республикин коьртачу командо. 2-зза эшна. 3 цхьаьнакхетар толамхо билгал ца волуш а дирзина. Лазийна хилла болу футболисташ ловза кийча хиларе а, шина командин статистике а хьаьжча нохчийн болельщикийн таро яра оцу ловзарехь Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» шен чоьте кхо очко язйийриг хиларе сатийса.
Матч йолаяларца соьлжагIалахоша дIадолийра шайн тIелатарш. Цхьаьнакхетарехь счет схьаелла герга вара Иванов Олег. Амма цунна цхьа кIеззиг аьтто ца тоьира. Цул тIаьхьа Родолфон аьтто ца белира хьешашна гол тоха. Хьалхара тайм чекхъялале Ревишвили Нукрис лардечу кевнна буьрка тоха герга вара Лебеденко Игорь а, Айссати Исмаил а, Мбенгуе Аблай а. Бакъду, уьш шайн Iалашоне ца кхачабелира. ШолгIачу таймехь соьлжагIалахойн тIелатарш кхин а, алсам а, кхераме а дара. Бакъду, гол тохарца цхьа а билгал-м ца велира. ЖамI 0:0 долуш чекхъелира матч.
16-чу августехь 5-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» хьошалгIахь цхьаьнакхетар ю Москва гIаларчу «Локомотив» командица.
«Даймохк» газетдешархошна довзуьйту 4-чу туран кхечу матчийн жамIаш: «Крылья Советов» (Самара) – «Спартак» (Москва) – 0:2; «Уфа» (Уфа) – «Зенит» (Санкт-Петербург) – 0:1; ЦСКА (Москва) – Амкар (Пермь) – 2:0; «Анжи» (Махачкала) – «Динамо» (Москва) – 2:3; «Урал» (Екатеринбург) – «Локомотив» (Москва) – 1:3.
А.АБДУЛА
№89, шинара, 11 август, 2015 шо