Мукъа Iаш яц Нохчийн Республикин яздархойн союз. Кест-кеста хазахетар до цуьнан белхахоша халкъана, махкана, вайн махкарчу яздархойн говзарш зорбане йохуш. Воккха-жима къеста ца во. ГIарабевлла бевзачу яздархойн говзарш зорбане яьхна ца Iаш, бовзуьйта керла авторш. Цу могIарера ю мархийн баттахь зорбане яьлла Такалашов Султанан книга. «Дайн кхерч» ю книгин цIе. Авторан поэзи, проза йовза аьтто бу ешархойн. Уьш Iаламат чулацаме, вайнехан оьздачу маттахь язйина ю.
Ас цкъа а ца лехна
Яхь йоцу бахам,
Мах боцу дахар а
Ца дезна суна.
Исс эзар бала а
Лан хилла кийча,
Нохчийчоь, нохчалла
Диц ца дан цкъа а.
Ас цкъа а ца лехна
Яхь йоцу дахар.
Даймахках, ненах, безамах ю Такалашов Султанан поэтически ойланаш. ЦIенчу даггара тIома буьйлу шен экам синхаамаш бу авторо дешархойн кхиэле бохкурш. Цара Iамаво ворхIе дайх дисина гIиллакхаш лара, Даймахкана тешаме хила, нохчаллех къилба дина ваха. Ненан маттахь говза дош дезачу хIора стагана мерза кхаъ хир бу аьлла хета «Дайн кхерч» цIе йолу книга. Дала тIаьхье беркате йойла авторан а, и совгIат вайна динчу Нохчийн Республикин яздархойн союзан а.
А.ДАЧАЕВА
№89, шинара, 11 август, 2015 шо