Хабизаев Махьмудан йоI Сайхьат дуьнен чу яьлла 1935-чу шарахь Шаройн районерчу Солдахахь. Махьмудан а, Пушин а хIорш кхо доьзалхо хилла. Сайхьат доьзалехь жимахъерг яра. Цо шийтта бер кхиийна. Хьаша-да тIеоьцуш елаелла-екхаелла дуьхьал йолуш, цунна комаьрша шун хIоттош, дайн Iадатехь шен доьзал кхиош схьаеана иза. Таханлерчу дийнахь шен берийн берашна чу садиллина а йолуш, хаза, оьзда, безамехь йоккха стаг ю Сайхьат.
«Кхиина йогIучу тхан ненах бIаьрг кхетча, дуй биина хилла тхан дас и йоI йоцург кхин ялор ма яц ша аьлла, – долийра шен къамел Сайхьата. – Юьртахь цIе йоккхуш хаза йоI хилла иза. Нохчий махках бахале Солдахахь Iаш дара тхо. Боккха бахам хилла тхан ден-ненан, дуккха а говраш, 50 сов бежана, бIе гергга уьстагI. Даккхий кхаш а хилла лелош. Ведаршкахь хьелийн даьтта, дакъийна жижиг, дуьмеш хилла массо хенахь. Да дукхах йолу хан аренца яьккхина ву. Махках дахале, обарг ву аьлла, лаьцна дIавигира тхан да а, цуьнан ваша а, кхиболу юьртахой а.
ЦIийнан дукъ дIакхехьар нанна тIедоьжна хилла. Бераш а лелийна, даьхни а кхаьбна, юьйш-ерзош керт а лелийна…
Иштта цкъа говраш Ахка йисте охьаяхча, уьш юхаерзо йоьдучу тхан нанас аганахь йолу со хи йисттерчу некъа тIе охьахIоттийна хилла. Суна тIекхаьчначу тхан девашас: – «ХIокху йоIах я боьха хIума хьаьрчинехь, я Ахках яханехь хIун дан йоллура хьо? Чохь хIунда ца йитина ахь хIара?» – аьлла, дов дина хилла тхан нанна. Юххехь берашка хьажа стаг ца хилла. Иштта хала лелла тхан нана».
Хорам хуьлий, бIаьргех хи долу Сайхьатана 1944-чу шеран февралан 23-чу дийнахь шайн нанас лелийнарг дуьйцуш. Берриге а шайн бахам охьа а тесна, юххехь да воцуш, жимах йолу Сайхьат гехь а йолуш, вешин куьг а лаьцна, йоккхах йолу йиша хьалха а хIоттийна, новкъа яьлла Сайхьатан нана Пуши. Казахстане а, Юккъерчу Азе а дIакхалхийначу берриге а вайнаха санна хало а, бала а Iаьвшина цара цигахь Iачу хенахь.
Джамбулехь совцийна хилла хIорш. Хьалхарчу шерашкахь къаьсттина хала хилла Сайхьатан нанна.
ХIокхарна гена боццуш Iаш казахийн хьал долуш доьзал хилла. Царна чухIоьттина болх беш, ша цIа йогIучу хенахь церан йисина юург а, пеша тилла хIума а йохьуш хилла. Иштта Iаш ворхI шо кхочучу хенахь тIевеана кхарна да.
И ирсе де иштта дагалоьцу Сайхьата: – «Казахийн берашца ловзуш Iаш йолчу соьга кхаъ баьккхира, хьан да цIа веана, аьлла. Едда схьаеана, маракхийтира со дадина. Цо караийцира. Жимах йолу со дена чIогIа дукха а езара, дагна хьоме а яра…»
«Казахстанера цIа догIуш, да-нана а, тхо кхо бер а цхьаьна цIа даьхкира, СемаIашкахь кIира даьккхинчул тIаьхьа, Грозненски районерчу Пролетарски юьрта схьадаьхкира тхо, – кхидIа а дуьйцу Сайхьата. – ХIинца йоккха юрт йолу хIара меттиг, хIетахь цхьа а цIа доцуш, шера аре яра. Геннахь гуш тIулгех йина масех чоь яра. Цу чохь Iаш оьрсийн доьзал бара. Тхан да а, ши деваша а цхьана кертахь вехаш вара. Юх-юххехь лаьттан дакъош эцна, цу тIехь «жима баннаш» йина, цIенош даллалц цу чохь Iийра…
ЯлхийтталгIа шо долчу хенахь, доттагIаша чохь Iаш сагатлур ду хьан, оха гIо дийр ду хьуна аьлла, доярка балха яхара со. Тхуна гена йоццуш яра совхозан ферма. Массарел жима яра со. Цига балха яхана бутт балале, балхара цIа йогIучу хенахь хIокху берийн дас ядийра. Иза (Адаев Дада – ред.) юьртахь дика цIе йоккхуш, комбайнер болх беш вара. Ткъех шарахь сов бира цо и болх. Иттех шо сов хан ю иза кхелхина».
Масех шарахь доярка болх бинчул тIаьхьа, юьртахь лелош хиллачу тайп-тайпанчу стоьмийн бошмашкахь белхаш бина Сайхьата. Иштта къахьегна аренашкахь кхиош хилла кемсаш, помидораш, наьрсаш, цIазамаш лелош.
Цул тIаьхьа юьртарчу школе техничкан балха яхана. Жимма хан яьлча Ставрополе дIабахана кхеран доьзал. Цхьана юкъана жа тIехь Iийна, цул тIаьхьа Изобильни юьртахь баха хевшира. Оцу юьртарчу фермехь доярка болх бира пенсе яххалц.
Цигара цIа бирзича, юха а Пролетарски юьртахь баха хевшира. Бераш кегий дара. ГIо дан стаг воцуш (нана а, йиша а уллехь яцара, уьш Неврехь Iаш бара) кертара жима ши цIа шен куьйга хьаьхна чекхдехира. Могаш йолчу хенахь даьхни лелийра. КIалд, шура, тIо, морза хуьлура. Чуьрачарна яа хуьлура, иштта шайна бевлла Iаш болчу доьзалшна а, Неврехь Iаш волчу шен дена а оьций йоьдура.
«Бакъдерг дийцича, дукха къахьегна, халонаш лайна, хIинца могашалла а яц, – шен дог достуш дуьйцу йоккхачу стага. – Могашаллина гIоле хир ю аьлла, цкъа-шозза хIорда тIе а йигна со хIокху чуьрчу бераша. Кхин гIур яц со цига. Шуьйтахь Iаш сан ненашичин йоI ю Джаннат цIе йолуш, лор болх беш а йолуш. Цига яхар гIолехь хета суна. Суо Солдахара елахь а, Хуланда чIогIа дукхаеза суна. Кхаа шарахь кхузза яхана со цига. Марзахой бу сан цигара. Цундела еза хир ю. Марден а, марненан а цIа хиллачу яханера со. И шиъ суна гина дац. ЦIенойх цхьа лард бен ца йисина. Уьш чохь Iийначу цIенойн неIсагIе хIоьттина, доггах йилхира, кхелхича а оццул дукхадезаш хилча, дийна хиллехь ма дукха дезар дара суна шу, бохуш. Дависа шун безамна, хIара меттиг то а йина, хIокху чу схьаеана Iан аьлла, ойла а хилира сан. Цу меттиган а, марзахойн а безамна цигарчу пена юккъера жимо ши тIулг беара ас. Цигахь хьалха хилла нехан цIенош ду, охьахирцина, дохийна, тхевнаш чукхетта. КIенташна ца лаьа цигахь меттиг ян. Ян йиш яра…»
Сайхьата, меран кIантаца цхьаьна, шийтта бер кхиийна. Меран кIант кхо шо кхаьччахьана цо лелийна ву. 36 беран бер, церан 18 бер ду йоккхачу стеган.
Таханлерчу дийнахь Сайхьатца вуьжуш-гIоттуш шийтта шо долуш кIентан кIант ву.
«Сайнаш кхиийна яьлча а, паргIат ца ели со, хIинца берийн бераш лелош ю. Цхьанхьа чохь цхьана кIентан пхи бер ду, вукху чохь ши бер ду. Сан дерриге а самукъа оцу берашца ду хIинца.
ХIокху кертарчу шина кIентан ворхI а, йоьIан кхин кхоъ а (да шабашке вахана волуш, йоI соьца Iаш яра) итт бер дара ас лелош. Школера ма-боггIура чай мала чубогIура, «Баба, чай дуй?», олий. Иштта уьш чубаьхкича царна юург хилийта хьаьжна со».
Советан Iедал долчу хенахь «Ненан сийлаллин» кхаа а даржан орденаш а, иштта СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман1979-чу шеран июлан 11-чу дийнахь арадаьллачу Указца «Нана-Турпалхо» сийлаллин цIе а елла Адаева Сайхьатана.
Шен бераша а, берийн бераша а, церан бераша а са ца гатдолуьйту йоккхачу стеган. Доккха беркат ду иштта стаг хIусамехь хилар. Сайхьат санна йолу нохчийн нана ю хьаша-да шен хIусаме воьхуш, цу кхерчара йовхо ца йойтуш ехарг. Дала шен доьзалшна могашаллица дуккха а бахабойла вайна Сайхьат а, и санна болу наной а.
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан сурт
№89, шинара, 11 август, 2015 шо