Тхан энциклопеди

Загаев Iамир, Росин Федерацин Турпалхо, вина 1942-чу шеран июль беттан 15-чу дийнахь Веданан кIоштан Дишни-Веданахь. Бераллин а, кхиаран а шераш чекхдевлла Юккъерчу Азехь (дерриге а халкъаца цхьаьна кхалхийначохь). Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн  институтехь. Белхаш бина Дишни-Веданерчу юккъерчу школехь (оьрсийн меттан, литературин  хьехархо, дешаран декъехула директоран заместитель волуш), Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн  институтехь (педагогикин  кафедрехь лакхара  хьехархо волуш). Иштта, шен дерриге а дахар къоначарна Iилма Iаморна, уьш кхетош-кхиорна дIаделла вара Iамир.

1996-чу шеран бIаьста Веданан кIоштан  администрацин куьйгалхо чIагIво иза. Бусалба динах байракх а йина, Нохчийчохь  тIеман цIе  марсайохучу зуламхошна  онда дуьхьало йора I.Загаевс. Оццу шеран август беттан 5-чу дийнахь  церан карах кхалхар а хилира цуьнан. 2003-чу шеран 8-чу майхьлерачу Россин Федерацин Президентан Указца шен белхан а, граждански а декхарш  кхочушдарехь гайтинчу хьуьнаршна а, доьналлина а Россин Федерацин Турпалхочун цIе елла Загаев Iамира.

Элимбаев Тапа,  балетмейстер, Россин Федерацин халкъан артист, вина 1945-чу шеран май беттан 4-чу дийнахь Казахстанан Карагандински областехь. Соьлжа-ГIаларчу культпросветучилищехь дешначул тIаьхьа чекхйоккху Москварчу  пачхьалкхан театран искусствон институтан (ГИТИС) режиссерийн-балетмейстерийн факультет. Т.Элимбаевн дахаран коьрта гIуллакх хуьлий дIахIутту 70–90-чуй  шерашкахь «Вайнах» ансамблан куьйгалхо волуш кхоллараллин болх бар. Цуьнан куьйгаллица хIиттийначу программашца дуьненан дуккха а пачхьалкхашкахь гастролашкахь хуьлу ансамбль: Иорданехь, Турцехь, Къилба Iамаркехь, Мозамбикехь, Кенихь, Европин пачхьалкхашкахь. Нийсса аьлча, оцу шерашкахь хилира нохчийн хелхарийн ансамбль дуьненна а йовзар. 1999-чу шарахь Москвахь Т.Элимбаевс вовшахтуху «Зия» ансамбль,

Кхоллараллин белхан лаккхара  мах хадош, цунна елла «РСФСР-н искусствийн хьакъволу деятель» (1987 шо),  «Россин Федерацин халкъан артист» (2006 шо) сийлаллин цIерш, «Сийллалин знак» («Знак Почета») орден,  «Нохчийн Республикин дуьхьа  хьуьнарш гайтарна» мидал.

Ирбайханов Рамзан, Олимпийски ловзарийн чемпион, вина 1983-чу шеран июль беттан 8-чу дийнахь Дагестан Республикин Хасавюьртахь, 2008-чу шарахь дуьйна Хонкарахь вехаш-Iаш а, оцу пачхьалкхан гражданин а ву иза. 2007-чу шарахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула дуьненан чемпион хуьлу нохчийн хьуьнаречу кIантах. 2008-чу шарахь Европин чемпионатехь дашо мидал  йоккху. 2008-чу шеран август беттан 21-чу дийнахь  Чинин пачхьенехь  Пекинехь  дIахьош  хиллачу  Олимпийски ловзаршкахь 1-ра меттиг йоккху. Спортан майданашкахь  Хонкара пачхьалкхан сий лардеш велахь а, вайна деза ду нохчийн кIант Олимпийски ловзарийн чемпион хилар.

Эльдаров Iабдул-КъахIир, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо, вина 1933-чу шеран июль беттан 15-чу дийнахь Нажи-Юьртан  кIоштан Беной-Веданахь (кхалхар хилла 2014-чу шарахь). Дешна Нохч-ГIалгIайн  пачхьалкхан хьехархойн институтан къоман отделенехь (заочни кепара). 1957–1985-чуй шерашкахь  болх бина Беной-Веданарчу юккъерчу  школехь (нохчийн меттан, литературин  хьехархо, дешаран декъехула директоран  заместитель, директор волуш). 1985-чу шарахь дуьйна ша бакъдуьнена  верззалц къахьегна Ойсхарарчу юккъерчу школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш.

I.-Къ.Эльдаров вевзара говза хьехархо-методист санна. Цо болх бечу школехь  сих-сиха хуьлура нохчийн меттан хьехархойн районан а, республикин а семинараш. Хьехархоша шуьйра пайда оьцура  9–11 классийн хьехархошна а, хьехархойн училищийн студенташна а лерина  цо со авторца  I.-Хь.Саралиевца цхьаьна язйинчу «Нохчийн литература хьехаран некъ» дешаран  пособих. Дешаран хьаьрмахь хьуьнаре  къахьегарна цунна еллера «Нохчийн республикин халкъан хьехархо» сийлаллин  цIе. Кхин  а хьалха, хьехаран белхан лаккхара мах хадош  I.-Къ.Эльдаровна  совгIаташ динера «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо», «Россин  Федерацин халкъан дешаран отличник», «Лакхара хьехархо» сийлаллин  цIершца. Шен дерриге а дахар къона  тIаьхье ийманехь кхетош-кхиорна, царна  ненан мотт маразбарна дIаделлачех вара  Эльдаров Iабдул-КъахIир.

Умаров Пайзулла, СССР-н хьакъволу тренер. Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо, вина 1949-чу шеран июль беттан 27-чу дийнахь Казахстанан Алма-Атински  областан Нарыманск юьртахь. 1972-чу шарахь дуьйна  Невран районан берийн-кхиазхойн спортан школан тренер. Цо кхиийна иттаннаш спортан мастерш. Пайзуллин дешархошлахь уггаре а гIараваьлла ву Дугучиев Ислам, греко-римски кепара охьатохархлатарехула доьазза дуьненан чемпион, шозза Европин  чемпион, доьазза СССР-н чемпион, Барселонехь хиллачу  Олимпийски ловзаршкахь  дато мидал а яьккхина  цо. Россин чемпионаташкахь а,  иштта тайп-тайпанчу дуьненаюкъарчу  турнирашкахь а толаман меттигаш яьхна бу цо кхиийна  спортсменаш:  Амаев Мовлди, Алиев ГIапур, Алиев Хьаьжа, Магомедов  Илес, Баташев Ваха, Дугучиев Руслан, Омаров Сахьаб, Мусаев Ахьмад, дуккха кхиберш а. Тренерна къаьсттина мехала хета алссам кегийрхой спорта  юкъаозор, спортан гIоьнца уьш вуочух ларбеш, дахарна  кечбар.

СССР-н Спорткомитето вахийтина Къилбаседа Корейн вовшахтоьхначу командица а, Украинехь  Одесски областан  командица а белхаш бина Пайзуллас.

Невран районехь хилла ца Iаш, ерриге республикехь а греко-римски кепара  охьатохархлатар  даржорехь а, спортан и кеп  кхиорехь  а доккха дакъа  долуш  ву Умаров Пайзулла.

№89, шинара, 11 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: