Ток яккхаран нуьцкъалаллаш

Эзарнаш шераш хьалха Юххерчу Малхбалерчу пачхьалкхашкахь ян йолийна адамаша хинна дуьхьалонаш (дамбаш). Уьш яран бахьанаш тайп-тайпана хилла. Масала, Iаламан бохамаш, адамашна хица, токаца кхачояр.

Таханлерчу дийнахь оцу гIишлоша йоккха меттиг дIалоцу адамийн дахарехь. Уьш аьттехьа а тера яц хьалха заманахь еш хиллачарех. ХIокхузаманан лехамашна жоп луш йолу хинна дуьхьалонаш еш шерашкахь къахьоьгу дуккха а говзанчаша. Оцу гIишлоша боккха тIеIаткъам бо вайн дахарна, ток яккхарна доккха дакъа юкъа а дуьллу. Дуьнен тIехь уггаре а яккхийчарех лоруш ю 25 хинна дуьхьало. Царех кхоъ йовзуьйту оха шуна.

2012-гIа шо тIекхаччалц уггаре а йоккха лоруш яра Iамаркера Гуверан дамба. Колорадо хи тIехь йинчу цуьнан локхалла 221 метр ю, йохалла – 379,2 метр, шоралла – 201 метр. Iамаркан 31-гIа Президентан Герберт Гуверан сийнна тиллина ю цунна и цIе. Иза ян йолийна 1931-чу шарахь, чекхъяьккхина 1936-чу шарахь.  Шарахь 4,0 млрд кВт ток  йоккху  цо. Лас-Вегасехь йолчу уггаре а хазачу меттигийн регистра юкъаяхана ю иза.

Чинехь долчу Янцзы хи тIехь йолу Три Ущелья дамба иза йицъеш ю. Иза яран ойла  дуьххьара юкъаяьккхина  Чинин хьалхарчу Президента Сунь Ят Сена 1919-чу шарахь. ТIехйоккха хиларна цу хенахь и проект кхочушъян аьтто ца хилла. Иза яран хьалхара кечамаш бина 1932-чу шарахь. Цхьацца бахьанашца белхаш юкъахбаха дезна. 1992-чу шарахь йотта йолийна иза.

ТIаьххьарлера 32-гIа энергоблок болх бан йолаелча, 2012-чу шеран 4-чу июлехь официально дIакхайкхийна дамбо болх дIаболийна  хилар. Цуьнан локхалла 185м. ю, йохалла – 2309 м. Шарахь 98100 млн кВт.ч ток йоккху цо. Цхьана шарахь болх бинчул тIаьхьа ша юттуш дIаяьллачу харжех кхоалгIа дакъа меттахIоттийна цо.

Историн хилам лерина ца Iаш, Чинан Iедало социально-экономикин декъехь боккха кхиам лору иштта нуьцкъала гIишло хилар.

Россехь йолу уггаре а лекха хин дуьхьало иза Дагестанерчу Буйнакски районерчу Сулак хин тIехь йолу Чиркейски ГЭС ю. Иза ян йолийна 1964-чу шарахь. Болх бан йолаелла 1974-чу шарахь. Цуьнан  плотинин локхалла 232,5 метр ю, йохалла  – 338 м. Цхьана шарахь 2470 млн.кВт.ч ток йоккху цо.

Л.МАГОМАДОВА

Авторан сурт

 №89, шинара, 11 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: