Вайх а, вайн заманах а дукха ойланаш йо ас, кертара дан дезарш дIасалуьстуш лелаш. Хьалха цхьа хан яра хьанала къахьегарна куьйгашна динчу ахкаргех дозалла деш, ткъа хIинца куьйгаш къинхьегамах лардина, бодделла.
Хууш ма-хиллара вайх дукхахчеран кертахь бежанаш, котамаш яц, дуьйш-лелош хас дац. Метиг, бел денанас охьайилларх, цхьанхьа 1уьллуш ю, кегийчарна мичахь ю а ца хууш.
Къахьега лууш наггахь верг бен а вац. Амма массо уггаре а тоьлларг дезаш ву. Божарийн а, зударийн а могашалла шо шаре эшна а йогIу. Ахь д1а ладоьг1нарг цомгаш ву
Хьалха заманахь цхьа наггахь волчу воккхачун бен ца хилла лазарш ду хIинца вайн кегийрхошкахь уьш таIам (давление), инфаркт, инсульт, тIех сов дилха диллар (ожирение) ду. Цара буу кхача дегIана а, могашаллина а пайдехь бац. Цундела я бос а бац царна т1ехь, я болар а гIийла, таьIна ду. Мангал тухуш стаг гича а трактор гича а тамашийна хета. Ткъа хьалха мел воккха хилча а хохкуш дин хилла, дууш жижиг хилла, хIинца санна дIаьвше хIуманаш йиттина а доцуш, цIена ялта, ахьарах йина сискал а хилла юъуш. Ма дика 1ен хиъна вайн дайшна! Болх дIабирзича вовшашна тIебоьлхуш, къуьда латайой, назманаш олуш, кегийчарна гIиллакх-оьздангаллех лаьцна хьехамаш беш Iийна.
Телевизарах, диванах, телефонах ун даьлла Iаш ду х1инцалера адам. Цкъа делахь адам вовшех хердина оцу гIирсаша, шолгIа делахь могашаллах даьккхина, кхозлагIа делахь чуьра беркат кех даьккхина.
Делан къинхетамца, со нисъелла доьзал хьанала къахьегар дукхадезаш бу. Тхан бежанаш ду, беш ю, ирзош ду. Цхьа а де, сахьт мукъа а дац. Карарчу хенахь а докъар чудерзош, йол хьокхуш ду. Сан марда 80 шаре ваьлла воккха стаг ву, х1етте а оцу дерриге а гIуллакхашна ши пхьош хьала а дина, шен кIентан бераш т1аьхьа а х1иттийна хIайт аьлла къахьоьгуш ву, шен дайша лелош дисинчу ирзохь. Цундела, нохчийн хилла долу бакъдолу дахар тхайгахь мелла дисина а дисарна ас Далла хастам бо, со йоккхае сайн мардех. Тхуна къинхьегам марзбеш веха Дада.
Хьаша-да веача тхо божал я бун чу доьлху. Бен уьстагIа а, котам а хуьлу, кхаба юьззина лахьон хIоаш а карадо. Хьаша веача луларчу лареке, «супермаркете» ваха везачех ца хьоьгу со. Дала деллачу диканна букъ тоьхна а ца Iаш, вай хьаналчу кьинхьегамна тIедирзича, х1ораммо а шен кертахь стоьмийн беш кхиийча хас дийча, цхьа к1езиг котам-бежана кхаьбча, сингаттам д1абовр бара, доьзална даа шортта рицкъа хир дара, саг1ийна д1акховдо совнаха х1ума хир яра, хьешана томана т1оьрмиг чу йилла а карор яра…Т1аккха х1ора кертахь, доьзалехь ирс, могашалла, барт, синтем, низам хир дара. Кхинхьегамах хаьддарг, ирсах хаьдда.
НОВРЗУКАЕВА Мадина
Шелан районера Эг1ашта
№89, шинара, 11 август, 2015 шо