«Хайрин» къинхетаме гIуллакхаш

  ГIо оьшучу доьзалшна, буоберашна,  заьIапхошна гIо-накъосталла деш бу

«Хайра» организацин декъашхой.  2012-чу шарахь болийна цара шайн болх. Цу хенахь дуьйна организацина юкъахь дуккха а кегийрахой бу. Делан дуьхьа арабевла бу уьш.

«Хайра» организаце дуккха а тайп-тайпана пайде хIуманаш йохьу: тIе-кога юха, чохь оьшу хIуманаш, кхачанийн сурсаташ и. дI.кх. Цул сов, Соьлжа-ГIалахь, Хьалха-МартантIехь, Гуьмсехь, Iалхан-Юьртахь, иштта кхечу меттигашкахь ахча чутаса кегий яьшканаш а, бедарш чу таса даккхий тIорказаш а ду дIахIиттийна. Вайн республикехь комаьрша нах дуккха а хиларна, цхьана а дийнахь деса ца лаьтта уьш. ЦIена а, пайдехь а хIуманаш хуьлу царна чохь.

Цомгашчу нехан къаьсттина терго йо организацин декъашхоша, царна оьшучу молханашца, кхийолчу хIуманашца гIо до. ЗIаьIапхошна Iасанашца, заьIапхойн гIудалкхашца, протезашца гIо до.

Тайпа-тайпана дуккха а акцеш дIахьо «Хайра» оганизацин декъашхоша. Царах яра: «Некъахо» аьлла йолу акци. Цуьнан Iалашо яра, марха достучу хенахь новкъахь бисинчу нахе марха дастийтар. «Вайн бераш» — акцин Iалашо ю буоберийн, зIаьIапхойн, иштта халабохкучу доьзалшкарчу берийн самукъадаккхар. Берашна хаза хетачу меттигашка дуьгу уьш: Соьлжа-ГIаларчу «Гранд-Парке», аттракционашка, кинотеатре, ресторанашка, кхийолчу самукъанечу меттигашка. «Я донор» аьлла клуб йиллина организацин декъашхоша. Вайн республикерчу дуккха а кегийчу наха жигара дакъалоцу цу юкъахь.

«Хайра» организацин куьйгалхочо Ахмадов Минкаила дийцира организацис бечу балхах лаьцна: «Нохчийн Республикин куьйгалхойн хьуьнаре гIуллакхаш бахьанехь вайн мохк денна талуш, хазлуш бу. Нохчийчоьнан Куьйгалхочун масалша диканаш дарна а, сагIа даларна а, вовшийн хьашташка сема хьовсарна а ир-кара хIиттадо къоначу чкъуран дегнаш. Вайн къоман даима а хилла гIийлачух дог лазар, церан гIуллакхе хьажар. Делан дуьхьа долчу хIуманна тIехь къахьега лаарна а, нохчийн даима а хилла дика гIиллакхаш ларадарна а тIебоьгIна дIаболийна «Хайра» организацис шен гIоьналлин белхаш. Таханлерчу дийнахь, доьзал дIабаьллачул тIаьхьа, дахарехь уггаре а мехала хетарг «Хайра» организаци ю суна», — бохура цо.

Минкаилца Соьлжа-ГIалара «Хайран» тIорказ долчу меттехь тхо лаьтташ долуш, тIееанчу жимачу зудчо ахча схьакховдийра цуьнга: » ХIара ахча сагIина мискачу нахана дала лаьара суна, Дела дуьхьа. Дела реза хуьлда шуна, тхуна Iаламат мехала хIума ду шу иштта хилар, Дала аьтто бойла шун массо а хIуманна тIехь», —  аьлла, дIаяхара иза.

«Оха — волонтерша, деш кхин хIума а дац, наха делла долу сагIа оьшучарна дIакхачор бен, цара деш ду и дерриге а. Бусалба дегнаш долуш, мискачеран ойла еш дуккха а нах бу вайн республикехь, «Хайра» организацис шен болх дIаболийча и дика хиъна суна. Дукха нахана, берашна массо а тайпана гIо дина вайн махкахоша. Дела реза хуьлда царна массарна а», — элира «Хайра» организацин декъашхочо Ахмадов Iусмана.

Организацин инстаграмм чохь дIахьош шен агIо ю, хIора денна шен белхахоша беш болу болх гойтуш. Царна дуккха а баркаллин дешнаш олу дуьненан массо а меттерчу наха.

АВХАДОВА Хьава

 №89, шинара, 11 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: