Гуьйренан-Iаьнан муьрашкахь Нохчийн Республикехь электроэнергица кхачояран гIуллакх дийцаре деш кхеташо дIаяьхьира кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь. Иза дIахьош вара Нохчийчоьнан промышленностан а, энергетикин а министр Таймасханов ГIалас. Цигахь дакъалецира Къилбаседа Кавказан МРСК-н генеральни директора Зайцев Юрийс.
Кхузахь вовшахкхеттачара коьрта тидам тIебахийтира электроэнергетикин а, хIусамийн-коммунальни а комплекс хIусамаш йохъяран 2015–2016-чуй шерийн муьрана кечъяран, социальни мехалчу объекташна тешам боллуш электроэнергица кхачояран, электроэнергех пайдаэцарна ахча даларан низаман, Соьлжа-ГIалахь ТЭС яран белхаш дIабахьаран гIуллакхашна.
И гIуллакхаш дийцаре дар дIахьочу хенахь билгалдаьккхира электроэнергетикин а, хIусамийн-коммунальни бахаман а объекташ гуьйренан-Iаьнан муьрашна кечъяр чIагIйинчу графикца нийса а догIуш, дIахьош хилар. Цхьаболу белхаш билгалйинчу хенал дикка хьалха чекхбохуш меттиг а нисло. Нохчийчохь гуьйренан-Iаьнан муьрашкахь электроэнергин комплексе кхачам боллуш болх байтаран Iалашонца Къилбаседа Кавказан МРКС-хь вовшахтоьхна шена юкъахь 69 стаг волу мобильни 15 бригада. Церан хьашташна 21 леррина техника къастийна. Цул совнаха, чолхе (яккхий) авареш хилла меттиг нислахь а аьлла кхин 2 бригада вовшахтоьхна. Цигахь болх беш лаккхара корматалла йолу бархI говзанча ву.
«Чеченэнерго» АО-хь электроэнергица кхачояран автономни диъ хьоста ду, шайн юкъара нуьцкъалалла 170 кВт йолуш. Уьш лерина ду авари хилла хьал хилча социальни мехалчу объекташна электроэнергица кхачоярна. «Чеченэнерго» АО-хь 2015-чу шарахь билгалдеш ду 160,7 миллион соьмана ремонташ ян. Таханлерчу денна капитальни ремонт йина 255 километр электросерешна, 382 трансформаторийн подстанцина, 19 нуьцкъалчу трансформаторна, 234 выключательна, 208 разъединительна. Ремонташ яран программа кхочушъярца цхьаьна дIахьо электросерашна новкъа долу дитташ дIахьакхар. Цхьана шарахь иштта цIанйина ялийта езаш ерг 359 гектар меттиг ю. Кху деношна тIекхочуш цIанйина 158 гектар меттиг.
Гуьйренан-Iаьнан муьрашна кечамбар дIадахьаран гурашкахь Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу коьртачу урхаллица цхьаьна билгалдеш ду 2015-чу шеран январь–октябрь беттанашкахь доьазза тренировкаш яр. Уьш тIехьовсийна хир ю аварин хьелаш сихха дIадахарна, шийлачу хенахь электроэнергица кхачояр юкъах ца далийтарна.
Нохчийчоьнан промышленностан а, энергетикин а министра ГI.Таймасхановс лаккхара мах хадийра «Чеченэнерго» АО-с бинчу белхан. «Къилбаседа Кавказан МРСК шена хьалха хIиттийначу дерриге а декхаршца дика ларош а, гуьйренан-Iаьнан муьрашна кечамбеш а ю», – бохура министра.
Шен къамелехь Ю.Зайцевс билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказан МРСК-н куьйгалло а, говзанчаша а гуьйренан-Iаьнан муьрашкахь Нохчийчоьнна электроэнергица юьззина а, кхачам боллуш а кхачоярхьама ницкъ кхочуш дерг дерриге а дийриг хилар. Оцу Iалашонца болх беш бу уьш карарчу хенахь а.
Иштта, кхеташонехь билгалдехира электросеташ кхиорехь нислуш йолу проблемаш дIаяхаран коьрта некъаш. Цу юкъадогIу берриге а муьрашкахь когсалазаш хехкаран «Ведучи» курорт «Чеченэнерго» АО-н сетех дIатасаран а, Соьлжа-ГIалара ТЭС болх бан йолаялийтаран а гIуллакхаш.
Дийцаре динчу дерриге а гIуллакхашкахула тIеийцира хьокъала боллу сацамаш, гIуллакхаш кхочушдарна жоьпалле болчарна билггал тIедахкарш дира. 2015–2016-чуй шерашкахь хIусамаш йохъяран муьрашна кечамбаран декхарш кхочушдарца доьзна дара уьш.
Хь.САЙДАЕВ
№89, шинара, 11 август, 2015 шо