Кху деношкахь Веданарчу Культурин цIийнехь цхьаьнакхетар хилира оцу районерчу жигархошца. Иза вовшахтоьхнера Ерригроссин «Единая Россия» политически партин Нохчийн региональни отделенин белхахоша. Йийцаре йира «Вай терроризмана а, экстремизмана а, харц идеологина а дуьхьал ду» аьлла йолу тема.
Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ, «Едина Россия» фракцин декъашхой: Ханбиев Мохьмад, Гаибов Идрис, Исмаилов Сулима, Ахметханов Султан, «Единая Партия» Нохчийн региональни отделенин Региональни кхочушдаран комитетан куьйгалхо Зайналабдиев Валид, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан, юкъараллин организацешца зIенаш латторан департаментан, муфтиятан, бакъонашларъяран органийн векалш, кхиберш.
Цхьаьнакхетар дIадолош къамел динчу Кишиев Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламски университетан Iаьрбийн меттан кафедрин доцента, шарIан Iилманийн кандидата Хариханов Асвада дийцира таханлерчу дийнахь дерриге а дуьненна уггаре а кхерамениг ИГИЛ хилар.
– Ислам динах кхоччуш кхетам боцучарна лерина ю церан пропаганда, гезгамаша санна, социальни зIенашкахула дуьненан ерриге а пачхьалкхашкахь яржош а ю цара иза. Делахь а, бусалба дино бохучух кхета а кхеташ, ийман а долуш волу стаг Iехалур вац цаьрга. Нагахь шайна керла бевллачу «доттагIаша» гIазотах лаьцна хьехамаш бан болабахь царах тешам боций хаа деза,– бохура цо.
А.Харихановс дийцинарг тIечIагIдеш къамелаш дира Ханбиев Мохьмада, Ахметханов Султана. Цаьршимма дийцарехь, бала пайда бац дегара, ненера пурба доцуш даьккхинчу «гIазотах». Ткъа ИГИЛ юкъарчу террористаша къайкхош дерг гIазот дац, хIунда аьлча маьрша нах бойуш ца доккху гIазот, бусалбанаш бойуш муххале а. Даккхий зуламаш ду цара дийраш, Иблисан пачхьалкхан зуламхоша хир ю боху ялсамане муххале а хир яц, мелхо жоьжахате вохуьйту волу даккхий къинош ду цара дийраш.
Цхьаьнакхетар дерзош къамел динчу Зайналабдиев Валида билгалдаьккхира,вайх хIорамма а шен чуьрачех а, гергарчех а жоп дала дезаш хилар.
–Вай хууш хила деза вешан доьзалш мичахула лела, цара стенга ладоьгIу, церан бала стенца бу. И кегийнаш бу зуламхошна Iехо аттаниш, хIунда аьлча хIинцца кхуьуш болчу церан кхетамо атта тIелоцу дуьйцург, динах хьакхалуш иза хилча муххале а. Ткъа царна ца хаьа иза бакъ ду я харц ду. ТIе мохь а ца хьоькхуш, етташ ницкъ а ца беш, и хьехамаш харц хиларх уьш теша а беш, кхето беза уьш,– билгалдаьккхира В.Зайналабдиевс.
Вовшахтохархоша хаийтира кху тайпана цхьаьнакхетарш вайн республикин ерриге а районашкахь дIахьуриг хилар.
М.РУСЛАНОВ
№89, шинара, 11 август, 2015 шо