(Хиросима, Нагасаки ягийна 70 шо кхачарна лерина)
1938-чу шарахь СССР-н дозанца кхийсарш ян юьйлира Япони. Нийса хир дацара берриге а бехк Японин бара аьлча. 1904-чу шарахь хилла иэшам ца лалуш, цхьацца кIамдарш деш ЦIен Эскарш дара. Байкал IоматIе кхаччалц латтанаш шайн хеташ болу японхой пачхьалкхийн дозанийн билгалонаш хийца йолчу Iалашонца боккхачу тIамна кечлуш бара. Бакъду, СССР-н дозанан йисте сатийсамца бIаьрг биттина ца Iаш, Япони Китайна тIелеттера. Корейн цхьайолу гIайренаш шайн хеташ бара японхой. Монголин латтанаш а шайн куьйга кIел дерзо лууш цхьацца чаппагIнаш кегайора цара. Массо агIор а жигара болх беш церан авиаци, артиллери яра. Къаьсттина къизалла лелайора японхоша китайцашца. ВорхI-бархI шаре дахделлера и гIуллакх, эххар инарла Г.Жуковс куьйгалла дечу советийн эскарша Хасан Iома йистехь 1939-чу шеран август баттахь японхой охьаатталц. ЦIарна цIе яхана квантунски эскар ду вайн эскарша цу тIемашкахь хIаллакдинарг. Дуьне долийчхьана хьекъале ларалучу японхошна тоьъна и иэшам, СССР йолчу агIор кхин кхийсарш ца ян. Ур-аттал 1941-чу шеран 30-чу июнехь Адольф Гитлера малхбалехь СССР-на дуьхьал шолгIа фронт схьаеллар доьхуш яийтинчу теллеграммина дуьхьал жоп ца делира цара, оьрсийн герзан нуьцкъалла евзаш. 1942-чу шеран август баттахь дуьйна СССР-ний Япониний юкъара тIом дIабирзина ларалуш бу. Цунна тоьшалла до цу муьрехь шина пачхьалкхо тIеэцначу меморандумо. Фашизмаца луьра тIемаш дIахьочу СССР-н ницкъ ца тоьара шина агIор лата. Цундела японхойн дукхах болу лаамаш кхочушбеш бара шина пачхьалкхо бина барт. Амма и барт Iамаркахойн лаамашна бIостанехьа боьрзуш бара. Церан шайн хьашташ дара малхбалехь а, Тийначу Океанчохь а. XVIII-чу бIешарахь дуьйна Азин латтанаш шайн дола даха, долу-доцу бахьанаш кегийна США, ХХ-чу бIешарахь орамаш тесна яьллера Тийначу Океанчохь. Шайн цIахь санна паргIат дара США-н эскарш Гавайехь ХХ-чу бIешеран юккъехь. Гавайи Тийначу Океанчуьра гIайренаш ю. Дуьненна уьш йовзийтинарг ингалсхо Джеймс Кук ву. Дуьххьара, 1778-чу шеран 18-чу майхь кхаьчна иза цига ша хIурдакеманца дуьненна кхозлагIа гуо тосуш. Ткъа керла гучудевлла латтанаш, цхьана а кепара щеконаш аьттехьа ца юьтуш, Iамаркахоша шайн дола даха гечонаш лоьхуш ду даима. Ткъа Гавайи санна йолу шеме цара кхечаьрга кхочийтур ю бохург хьехо оьшуш дац. Юьхьанца-м цара цу гIайренех Сэндвичан гIайренаш олуш хилла. Шекаран эрз кхио бегIийла латтанаш хааделла царна цигахь. Амма Iамаркахой цкъа а ца хилла шаьш хьацар доккхуш къахьега лууш. Даима механа дорах белхан куьйгаш лоьхуш хилла цара, муьлхха гIуллакх дIадолучу муьрехь. Иштта хIурдакеманаш тIехь схьакхийла болийна, къиэлла, мацалла ловш болу корейцаш, китайцаш, японхой. Японхой мелла а алсам хилла. Цундела цу гIайренашка безам болуш японхойн император а хилла. Делахь а, цкъачунна олалла деш Iамаркахой хилла цу гIайренаш тIехь. Японхойн дог-ойла евзачу Iамаркахоша 1908-чу шарахь Пёрл-Харбор цIе йолчу портехь шайн тIеман-хIурдан ницкъийн база дIахIоттийна, дуьненан гIайренаш хьенан куьйгакIел ю дIахоуьйтуш. И харцо ловш болчу японхоша авиатохар дина 1941-чу шеран декабрь беттан 7-чу дийнахь Оаха цIе йолчу гIайри тIехь лаьттачу Пёрл-Харбор портерчу тIеман базина. И авиатохар бахьанехь хIаллакъдира Iамаркахойн ткъех хIурдакема, 347 хIаваан кема, вийна ши эзар сов матрос. Иштта нисделла дуьненаюкъарчу шолгIачу тIамна Iамаркахой юкъаозабар. Бакъду, таIзарца бекхам бан сих ца белла уьш. Ма-дарра дийцича, лаьттахула эскарш чухаьхкина хьакъ боллу бекхам японхошна бан Iамаркахой ца хIиттира. Самурайн тIаьхьенах долу японхойн эскарш синъондаллица, доьналлица билгалдевлла дара. Цхьана тIамехь уьш юхабевлла меттиг ца хааеллера цхьанна а. БIаьрнегIар тоха кхиале тарраш хьокхура церан бIаьхоша мостагIчунна. Цундела Iамаркахоша сихбелла чу ца хахкалуш, паргIат кечам бира японхошна тIелата. Японхой-м кхидIа а кхийсарш еш бара, Iамаркахой Тийначу Океанчуьра лахка йолчу Iалашонца. Делахь а шен ницкъаш чIагIбаларе хьоьжуш волчу Рузвельта уьш тергал ца бо кеп хIиттайора, цкъачунна японхойн императоран Сёвин куралла южуш де догIур дуйла хууш санна. 1943-чу шеран ноябрь баттахь Iамаркахоша дIадолийра японхошна авиатохарш дар. Авиатохарийн коьрта Iалашо Гилберт гIайре, Маршалловы кегий гIайренаш японхойх дIацIанъяр яра. Цигара йора японхоша дукхах йолу тIеман кхийсарш. 1944-чу шеран февраль беттан уьтталгIачу дийнахь Iамаркахойн толамца дIайирзира и тIеман операци. Инзаре боккха иэшам лайра японхоша цу буьрсачу тасадаларшкахь. Амма уьш къарбелла юха ца бовлура. Цара ца сацайора Китайна, Монголина, Корейна еш йолу кхийсарш. Шайн кадаьллачохь тIелатарш дора Тийначу Океанчохь лаьттачу Iамаркахойн, ингалсан эскаршна. Оцу дерригено а бахьана даьккхира Iамаркахошна 1944-чу шеран 24-чу июлехь Тиниан гIайри тIе тIемалойн десант кхосса. ЙоьалгIачу мариански дивизин 25-чу полкан штурмовой батальонех лаьтта эскарш дара уьш. Хьалхарчу дийнахь Тиниан гIайри тIе Iамаркахоша кхоьссинарг 15 эзар сов хIурдан-гIашло вара. Даима санна шайн толамах дегайовхо кхобу японхой цу буса тIелетира мостагIчунна. Амма японхошна хетарг аьттехьа ца хилира. Цу цхьана буьйсанна ши эзар сов салти хIаллакъхилира церан. Сатосуш японхой юхабевлира. Амма къар ца луш цара буьйсанна юха тIелатар дира Iамаркахошна. Иштта цхьана кIирнах бахбелира Тиниан гIайри тIехь луьра тIемаш. Август беттан хьалхарчу дийнахь билгалделира японхойн толаме цхьана а кепара даха дог цахилар. Делахь а капитуляци ца йира цара. Цу муьрехь Японин император хиллачу Сёвинна шаьш муьтIахь, тешаме бIаьхой хилар дуьненна дIахоуьйтуш, хи чу кхийсалуш Iожалла тIеийцира дийна бисинчу японхоша. Веригге а цу тасадаларшкахь хIаллакьхилларг пхи эзар пхи бIе японхо ву. Виъ бIе виъ японхо йийсаре лаьцна Iамаркахоша. Ткъа Iамаркахошна хилла зен – вийна 355 салти, лар йоцуш вайна 27 салти. Тиниан гIайри тIехь хиллачу луьрачу тасадаларша билгалдаьккхира кхидIа тIом бан японхойн де а, ницкъ а цахилар. Делахь а Iамаркахой царех Iаба дагахь бацара. 1944-чу шеран декабрь баттахь США-н эскаран 509-чу тобане, шен коьртехь полковник Пол Тиббетс волуш, туш тухуьйту Тиниан гIайри тIехь японхошна ядерни атака яран Iалашо хьалха хIоттайой. Шайн коьрта Iалашо хьуламехь латтош, Iамаркахоша хаддаза авиатохарш до Японина, цхьа де юкъа ца дулуьйтуш. 1945-чу шеран уьтталгIачу мартехь японхойн коьртачу шахьар тIе Токиона тIе масех тонна бомбанаш кхуьйсу Тибетсан омрица. И бахьанехь цхьана дийнахь хIаллакьхилира бIе эзар гергга стаг. 1945-чу шеран 26-чу июлехь «Индианаполис» цIе йолчу крейсера тIехь Тиниан гIайри тIе схьакхачийра Iамаркахоша шайн атомни бомбанаш. Цхьана бомбин йозалла 4 тонна яра. Бакъду, Iамаркахоша-м «малыш» аьлла цIе тиллинера цунна. 1945-чу шеран 5-чу августехь суьйранна Пол Тибетса урхалла дечу «Элона Гей» хIаваан кемана тIе даьккхира и талу. Буьйса юкъал тIехъяьлча 6-чу августехь 2 сахьт 45 минот яьлча Тибетса гIаттийра шен кема японхойн Хиросима гIалахьа боьду некъ юьхьарлоцуш. Iуьйранна 8 сахьт 15 минот яьлча, кема иттех километр лакхахь долуш, бомбардира Фереби Томаса, набарха ялаза йолчу гIалина тIе Iожаллин дарц даржийра. Нийсса минот ялале детонаци хилира бомбина. Ша иккхинчу минотехь бIе эзар гергга стаг хIаллаквира бомбано эккхаран тулгIенца, дукха хьолахь аннех диначу цIенойх яьллачу цIарца. Эпицентрера пхеа километран радиусехь массо хIума даьгна, чим хилла дIадаьллера. Чевнаш хилларш багарбина вер вацара. Бомба эккхарца даьржина ун бахьанехь цул т1аьхьарчу масех шарахь кхин 160 эзар стаг дIавелира Хиросимера. Ткъа вайна массарна хууш ма-хиллара, кхо де даьлча, 1945-чу шеран 9-чу августехь Iамаркахоша и санна йолу атомни бомба Нагасаки цIе йолчу гIалина тIе а кхоьссира. Иштта къинхетамза адамаш хIаллакдеш. 25 шо кхаьчна Чарльз Свини вара Нагасаки тIе бомба кхоьссинчу кеманна урхалла деш. «Толстяк» яра цо кхоьссинчу бомбин цIе. Японерчу хенаца Iуьйранна 7 сахьт 50 минот яьлча дара Iожаллин дарц къинхетамза цу гIали тIехула даьржаш. Цкъа хьалха йоккха цIе туьйхира, тIаккха юькъа дохк санна цхьа тамашийна сийна кIур баьржира, – бохуш дуьйцура гинчара. Тохар динчу миноташкахь цхьана метта 70 эзар стаг дIавелира. Чевнаш хилла, хилаза дийна бисинарш, цкъа а юьйцу ца хезначу цамгарша йийсаре лецира. Ядерни тохаран тешаш хиллачу адамийн тIаьхьарчу тIаьхьенашна цIийца ун долуш лазарш хиллера уьш. Цу бохаман ачо тахана дIаялаза ю японхошна юкъара. Кху шарахь 70 шо кхечи дуьненна и ямарт зулам девзина. И дегалазам вайца а беха. Цундела тайп-тайпана ойланаш хьийза коьрте: оьшурий-те и зулам дан!? Дуьненаюкъара шолгIа тIом дIаберза герга бахана ма бара. Юьхьанца мел эвхьаза кхийсарш йинехь а, японхойн кхидIа лата, герзах каетта ницкъ ма бацара. Дуьненна хууш дара 1945-чу шеран июль баттахь японхойн императоран хIурдан флот, буха доь ца дуьсуш, хIаллакьхиллий. Кхин цхьана а кепара кхийсарш ян церан де доций хаьара массарна а. Iамаркахойн керла президент Гарри Трумэн а дика кхетара цунах. Делахь а кхин Iалашонаш яра цо деган къайленехь кхобуш, дукхах болчу Iамаркахоша къобалъеш. Иза уггаре а хьалха СССР-на шайгахь атомни бомба юйла хаийтар дара. Цуьнца цхьаьна дерриге а дуьне шайх озадалийтар дара. Доцца аьлча, кIеж туьйсуш сийсачу акхаралло, цигара схьайогIучу сутаралло дайтина зулам дара иза. Дала бохучунна бIостанехьа дирзинчу адамашна бен дага догIур долуш хIума дацара. Халахета тахана а оцу ойланна тIера Iамаркахой бевлла цахилар. ХIара дуьне а, дуьненан Iалам а шайн дуьхьа кхоьллина ду моьтту царна. Ткъа кхуьнан-м, шен Да ву! Веза-Воккха Сийлахь АллахI- Дела! Шен комаьршачу къинхетамах ма дохийла Цо вай.
ГАЗИЕВА Аза
№89, шинара, 11 август, 2015 шо