Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь семинар-кхеташо дIаяьхьира дІадаханчу шинарин дийнахь. Цигахь дийцаре дира шуьйрачу хаамийн зорбанан гIирсашка язваларан а, нохчийн мотт кхиоран а хьелаш. Иштта, нохчийн меттан орфографин барамаш дIахIитторехула йолчу комиссин болх а билгалбаьккхира. Ала деза билгалдаьхначу гІуллакхашца доьзна кхоччуш сацам хилла цахилар. Цу тайпа цхьаьнакхетарш кхин а хила дезаш ду. Цигахь гур ду лакхахь дийцина хьелаш муха тодийр ду.
ДIаяьхьначу кхеташонехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Жамалдаев Шаид, цуьнан заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Кадыров Хьусайн, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Алиев Тимур, филологин Iилманийн кандидат, доцент Мунаев ИсмаьIал, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан гуманитарни факультетан декан, профессор Навразова Хьава иштта, кхиболу нохчийн Iилманчаш, яздархой, журналисташ, нохчийн меттан говзанчаш, нохчийн маттах дог лозуш, цуьнан хиндолчунна сагатдийраш а.
Цхьаьнакхетар долош, республикин шуьйрачу хаамийн зорбанан гIирсашна язваларан хьолах лаьцна доклад йира Шуьйрачу хаамийн гIирсийн мониторинган департаментан директора Хатуев Ислам. Цо билгалдаьккхира, кхийолчу регионашца, кхечу мехкашца дуьстича, вайн республикехь газеташна, журналашна язваларан хьал вуно доьхна хилар. Россин Федерацин субъекташкахула хIора эзар стагах 400 стаг газеташна, журналашна язлуш ву, Россехь (юкъара терахь) хIора эзарх – 208, Дагестанехь – 113, ткъа Нохчийчохь эзар стагана юкъахь 20 стаг бен вац язвелларг. 2013-гIа шо доладелчхьана дуьйна жигарабаьхна бахархой шуьйрачу хаамийн зорбанан гIирсашна язбалийтаран белхаш. Оцу Iалашонца районийн куьйгалхошка яздеш кехаташ дIасакхехьийтина. Цул тIаьхьа меттигерчу газеташна, журналашна язваларан терахьаш мелла а лакхадевлла. Таханлерчу дийнахь, масала, «Даймохк» газетана 1757, «Вести республики» газетна 1340 стаг язвелла. «Даймохк» газетана уггаре а дукха язбелларш Нохчийн Республикин юьртабахаман а, могашаллаIалашъяран а министерствийн векалш бу.
КхидIа нохчийн меттан хьолах лаьцна а, лакхахь йийцинчу комиссин балхах лаьцна а бистхилира «Даймохк» газетан коьртачу редакторан хьалхара заместитель, билгалъяьккхинчу комиссин председатель Дадаев Сайд-Хьасан, филологин Iилманийн докторш, профессорш: Тимаев Ваха, Халидов Iийса, Навразова Хьава, Ахмадов Муса, кхиберш а. Билгалдаккха деза, нохчийн меттан орфографин барамаш дIахIитторан комисси юкъаяккхар дагадеънарг Дадаев Сайд-Хьасан хилар. Цу хьокъехь иза вистхиллера 2012-чу шеран август баттахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан журналисташца хиллачу цхьаьнакхетарехь. ХIетахь и комисси кхолларан хьокъехь тIедиллар динера Р.Кадыровс. Бакъду, шо зама яларх, йист яьлла хIумма а дац. Карарчу хенахь, комиссин декъашхой билгал а баьхна, нохчийн меттан орфографин хьал тодаран белхаш дIаболо дагахь бу вайн Iилманчаш а, ненан меттан говзанчаш а.
А.МУСАЕВА