Кадыров Рамзан: «Хица юьззина кхачойийр ю»

Нохчийчуьрчу гIаланашна юкъахь уггаре а сиха кхуьуш йолчарах цхьаъ ю Гуьмсе. ТIаьхьарчу пхийттех  шарахь ца довззал хийцаделла цуьнан сибат. Кхузахь дина дукха гIаьтнаш долу даккхий цIенош. Иза хьалхачул шозза шоръелла. Дуккха а алсамбевлла бахархой. Делахь-хIета, кхечуьнца цхьаьна алсамдаьлла хине долу хьашт-дезар. Иза дерриге а тидаме а эцна Гуьмсехь дIахьош ду бахархошна хица кхачояр тодарна тIехьовсийна долу даккхий гIуллакхаш. Уьш шен хаддазчу тергонехь латтадо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Снимок

Иштта, хIокху деношкахь а оцу районехь хилира иза. Хьаьжира Гуьмса гIалин а, районерчу ярташна а хица кхачояр тодарехь дIахьош болчу белхашка. Массанхьа а хьожуш чекхваьллачул тIаьхьа Кадыров Рамзана Инстаграмехь йолчу шен агIонехь яздира бахархошна хица кхачояр регионан куьйгаллина уггаре а мехалчех цхьа гIуллакх хилла дуьсуш хилар.

«И гIуллакх кхочушдеш а ду тхо. Карарчу хенахь Гуьмсан а, Шелан а районашкахь сихачу боларшца дIахьош бу хин керла биргIанаш яхкаран, артизиански скважинашна буру тохаран, эзарнаш кубометр хи чухоьар долу хи IаIоран яйнаш хIитторан, насосийн станцеш яхкаран белхаш», – бохура Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Гуьмсан районе ваханчохь цо белхаш дIахьочу арахь дIаяьхьира леррина кхеташо. Цигахь Кадыров Рамзана ладуьйгIира оперативни штабан куьйгалхо волчу Россин Пачхьалкхан Думин депутатан Делимханов Адаман а, Гуьмсан районан администрацин куьйгалхочун Хизриев Зауран а отчеташка. Цара ма-дарра дийцира районан ярташна а, Гуьмсе гIалина а хица юьззина кхачояран декъехь деш долчу гIуллакхех лаьцна.

«Цара билгалдаьккхира  кхочушъеш йолчу проекто 15 юьртан молуш долчу хица йолу проблемаш юьззина дIайохург хилар. Ткъа оцу хIора юьртахь иттангара ткъа эзарне кхаччалц бахархой бу. Цул совнаха, хица кхочойийр ю Гуьмсе гIалин бахархошна а. Ур-аттал советийн уггаре а тоьллачу хенашкахь а кхочушйина яц оццул яккхий проекташ, тIаьххьарлера 20–25 шо-м дуьйцур а дацара вай», – элира Кадыров Рамзана.

Инстаграмехь иштта билгалдоккхуш ду керла йохкучу биргIанийн юкъара йохалла 20 километр сов хирг хилар, йохкуш ерш уггаре а тоьлла биргIанаш хилар. «Ярташка а, гIала а молуш долу хи Жалкхин а, БIачи-Юьртан а, Комсомольски а хин кортошкара далош ду. И мехала белхаш беш йолчу организацийн куьйгалхоша чIагIдарехь финансировани ярца цхьана а тайпа проблемаш яц. Берриге  а белхаш инвестицеш юкъаозорца беш бу», – яздо Р.Кадыровс Инстаграмехь йолчу шен агIонехь.

С.ХУСЕЙНОВ

№89, шинара, 11 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: