Нохчийчоьнна гIаролехь лаьтта

Россин гIаролан Федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу лерринчу зIенийн, хаамийн туш кхоьллина 15 шо кхачар билгалдаьккхира  Соьлжа-ГIаларчу «Grand Hall FIRDAWS» даздарийн цIийнехь.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, Нохчийн Республикин экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин Кхеташонан секретарь Усмаев Вахит, кхиберш.

Цхьаьнакхетар дIадолош къамел дира Россин гIаролан Федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу лерринчу зIенийн, хаамийн туьшан хьаькама Павленко Игора.

– Нохчийн Республикина уггаре а хала даьхкинчу, закон, къепе дIах1отто йолийначу шерашкахь болх бан йолаелла тхан туш. ХIетахь дуьйна регионан куьйгаллина шен-шен хенахь бакъ хаамаш дIакхачорца Нохчийчохь машар дIахIотторехь а, республика меттахIотторехь а жигара дакъалаьцна оха. Билгалдаккха лаьа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дерригенна а тIехь гIо-накъосталла деш хилар бахьанехь атта ду тхуна болх бан. Цул сов, даггара баркалла ала лаьа  дукха гIаьтнаш долу цIа дан Соьлжа-ГIали юккъехь латта даларна а, – бохура цо.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира Россин гIаролан Федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу лерринчу зIенийн, хаамийн туьшо денна а беш болу болх мехала хилар.

«Шун туш болх бан йолаелчахьана а вайн вовшийн гар кест-кеста ца хилахь а, суна денна а бохург санна хаалора шуьгара гIо. Пачхьалкхан къайлах болчу хаамийн гIарол ала мегар ду шун службех. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас билгалдоккхура шун службо пачхьалкхан органийн урхаллин кхерамазалла ларъярехь мехала меттиг дIалоцуш хилар», – элира цо.

Кадыров Рамзана иштта дезчу денца декъалбира туьшан белхахой. Павленко Игорьна Кадыровн орден  елира. «Нохчийн Республикин  дуьхьа  хьуьнарш гайтарна» мидал елира Россин гIаролан Федеральни службин Къилбаседа федеральни округехь йолчу лерринчу зIенийн, хаамийн урхаллин хьаькамна Рябко Николайна а, иштта Россин гIаролан Федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу лерринчу зIенийн, хаамийн туьшан ветеранна Манжиков Хонгорна, Жуйков Сергейна. ЦхьамогIа белхахой Сийлаллин грамоташ яларца билгалбехира.

Рябко Николайс  балха тIехь къаьсттина жигаралла гайтинчу белхахошна ведомственни мидалш а, Сийлаллин грамоташ а елира.

Гулбеллачийн самукъадаьккхира нохчийн эстрадин артисташа.

Р. МУСИПОВ

 №89, шинара, 11 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: