Республикин Куьйгалхо цхьаьнакхийтира «Вайнах» ансамблан коллективаца

ДIадаханчу кIирнах Кадыровн орденан, нохчийн пачхьалкхан хелхаран «Вайнах» ансамблан коллективаца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

173943_600

Ансамблан кхоллараллин Iалашонех а, кестта хила езачу гастролех а, белхан меттигех а лаьцна дийцира Р.Кадыровс хелхарчашца. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара иштта республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди. «Вайнахан» куьйгалло дийцира шайн  карлаяьккхина программа хиларх а, карарчу хенахь цу программица догIуш шаьш дукха репетицеш дIахьош хиларх а лаьцна.

Хууш ма-хиллара, республикин Куьйгалхочо боккха тидам тIебохуьйту къоман культура кхиорна. Ткъа хелхаран «Вайнах» ансамбль дерриге а дуьненахь цIе йоккхуш а, нохчийн къоман хьакъ йоллу векал хиларна, гуттар а чIогIа  дукхаеза Р.Кадыровна. «Дуьненан муьлххачу а маьIIехь, «Вайнах» ансамблан цIе яьккхича, иза Нохчийчуьра юй, нохчийн къоман векал юй хаьа хьанна а, цундела ансамблан дакъалацархошна тIехь доккха жоьпалла ду. Иза даима дагахь латто  деза», – элира Кадыров Рамзана. Иштта, цо билгалдаьккхира «Вайнах» шен йоккха истори йолуш, дуьненан тоьллачу сценаш тIехь хелхарш дина, тайп-тайпанчу дуьненаюкъарчу конкурсашкахь, фестивалашкахь «Гран-при» совгIаташ даьхна, гIараяьлла ансамбль хилар. Кхоллараллин декъехь кхиа а, шайн болх тобан а, жигарабаккха а кхоьллина дерриге а хьелаш ду, дукха хан йоццуш йина керла йоккха гIишло а ю хелхаран коллективан.  «ХIинцачул тIаьхьа а, даима санна, леррина терго йийр ю оха ансамблан балхана», –  аьлла дерзийра республикин Куьйгалхочо шен къамел.

А.ВАХАЕВА

Архивера сурт

№89, шинара, 11 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: