Нохчийн Республикин Харжамийн комиссехь чекхдаьлла 2015-чу шеран 13-чу сентябрехь хир болчу муниципальни харжамашкахь дакъалоцуш болу кандидаташ дIаязбар а, харжамийн цхьаьнакхетараллийн кандидатийн спискаш хIиттор а.
2015-чу шеран 23-чу сентябрехь кхаьжнаш тасаран юкъарчу дийнахь Нохчийн Республикехь харжамаш хир бу Гуьмсан районан муниципальни шина вовшахкхетараллин – Гуьмсан гIалин а, Керлачу-Бенойн юьртан а векалаллин органашка.
Хьакъ йоллучу муниципальни вовшахкхетараллашкахь харжамаш дIабахьа бакъо еллачу Гуьмсан районан территориальни харжамийн комиссера Нохчийн Республикин Харжамийн комиссин хаамийн туьше кхаьчначу хаамца Гуьмсан гIалин шолгIачу гуламан депутатийн мандаташ яхарехьа къовсалур бу харжамийн еа цхьаьнакхетараллин: «Единая Россия» партин 30 стаг юкъавогIуш йолу кандидатийн цхьа список хьалхатеттинчу Нохчийн региональни отделенин а, шайн спискашкахь хIораммо а 24 кандидат хьалхатеттинчу «Справедливая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин а, «Патриоты России» партин Нохчийн региональни отделенин а, «Нохчийн Республикехь Россин халкъан юкъара союз» партин Нохчийн региональни отделенин а меттигерчу отделенешна тIера болу кандидаташ.
Дуккха а мандатийн Керлачу-Бенойн харжамийн округехь «Единая Россия» партин меттигерчу отделенис хьалхатеттина 10 кандидат, кхин а кхаа кандидата шаьш хьалхеттина.
Кандидатийн спискаш а, шаьш хьалхатеттинарш а дIа а язбале депутаташка волу кхо кандидат билггал долчу бахьанашна харжамел хьалхарчу къийсамна юкъара дIаваьлла. Цу тайппана, 2015-чу шеран 6-чу августана депутатийн 34 мандатехьа къовсалуш ву 112 кандидат (24 – Гуьмса гIалин депутатийн Совете а, 10 – Керлачу-Бенойн юьртан депутатийн Совете а).
С.ЛАЛАЕВ
№89, шинара, 11 август, 2015 шо