Малин пачхьенехь долчу цхьана хьешацIенна тIелетира террористийн тоба. Цара и зулам деш 12 стаг вийна, 20 стагана чевнаш йина. Чевнаш хиллачарна юкъахь цхьа россихо ву.
***
Шемарчу Латаки провинцехь Iедалан эскарша «иблисан пачхьалкхан» гIеранашна юкъара лаххара 50 тIемало хIаллаквина, чевнаш хилларш кхин а алсам бу.
***
Йеменерчу гIаттамхоша минех йоьттина машен эккхийтар бахьанехь 15 стаг велла, 20 сов стагана чевнаш хилла.
***
Нью-Йоркехь доьхна нехан долахь долу жима кема. Цу тIехь хиллачарах виъ стаг кхелхина.
***
Тайванехь а, Чинехь а «Суоделор» тайфун хилира. Iаламан бохам бахьанехь Тайванехь 5 стаг кхелхина, ши миллион сов стаг электросерло йоцуш висина, Чинехь 9 стаг кхелхина.
***
ЧIогIа догIанаш даьхкинчул тIаьхьа хиш дестарца доьзна Маньямехь 96 стаг кхелхина, тIепаза байнарш а бу, дохийна бахархойн бIеннаш цIенош.
***
Гаитехь кIирандийнахь дIаяьхьира парламентан харжамийн хьалхара тур. 119 меттиге хьалхатеттина ву иттех партера эзар сов стаг. Харжамийн шолгIа тур кху шеран октябрехь дIахьур ю.
***
9-чу августехь Японехь билгалдаьккхира Нагасаки а, Хиросими а гIаланашна США-с ядерни бомбанаш тоьхна 70 шо кхачар. Цигахь дакъалецира 76 пачхьалкхерчу делегацеша.
***
Испанин хьаннашкахь евлла цIерш дIайойъуш ву лаххара а кхо бIе цIеяйъархо, ткъа иштта леррина техника, кеманаш. Кхерамечу меттигашкара ханна дIакхалкхийна масех эзар стаг. ХIокху шарахь 54 эзар гектар хьун яьгна оцу махкахь.
***
Донецкехь цIе тесна ягийна ОБСЕ-н миссин ялх машен. И зулам дарна бехкениг лохуш ду меттигера Iедал.
***
Курдистанан белхахойн партин декъашхоша юха а тIелатар дина полицин белхахошна. Полицин цхьа белхахо вийна, шинна чевнаш йина.
***
Россин Президента В.Путина Пачхьалкхан Думин «Единая Россия» партин фракцин куьйгалхочуьнца В.Васильевца хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира фракцин маьIна лакхадаккхаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Москвана уллерчу Истрински водохранилищехь гидроплан а, вертолет а вовшахкхетта. Оцу бохамехь бархI стаг кхелхина.
№89, шинара, 11 август, 2015 шо