Маьлхан иллеш

Вайнехан къоман исторехь, культурехь литературехь беркате лар йитинчарех бу Iалхан-юьртара схьабевлла ХакишевгIар. Советийн Iедал тIедале, Одесехь хьехархочун институт чекхъяьккхина, Нохчийчохь, ерриге Къилбаседа Кавказехь вевзаш серлонча, Iилманча, хьехархо хилла Хакишев Солта. Цуьнан йоI ю нохчийн зударех дуьххьарлера яздархо хилла Исаева Марем. Нохч-ГIалгIайн халкъан артистка хилла, Мареман жимах йолу йиша Хакишева Хьава. Инарла Деникинан эскарш 1919-чу шарахь Iалхан-юьрта герзаца чугIоьртича, дера лом санна царах летта, буьрсачу тIеман хьаьттахь шен къона дахар дIаделла ву Хакишев Солтин жимах волу ваша Борза. Борзин кIант Шалавди цIечу эскарийн майра бIаьхо хилла. Лакхарчу лейтенантан чинехь волуш, Россин Турпалхочун Висаитов Мовладин куьйгакIел хиллачу дошлойн полкехь политрук хилла Хакишев Шалавди.

Снимок

Советийн эскарша  Одесса гIала немцойх дIацIанъеш  1944-чу шеран апрель  баттахь  хиллачу луьрачу тIемашкахь дIаделла политрука Хакишев Шалавдис шен дахар. Яхь йолу муьлхха а кIант санна, Даймахкана тIе бохам беача герз карахь, бIаьрга негIар ца тухуш, гIаьттинчарех вара вайн махкахо. Бакъду, Даймехкан-м ницкъ, хьекъал ца тоьира, ша бахьанехь тIеман хьаьттахь лаьттачу бIаьхочун доьзална Iуналла дан. Вайна массарна ма-хаъара 1944-чу шеран 23-чу февралан шийлачу Iуьйранна махках даьккхина дерриге нохчийн къам. Цу декъазчу декъахь яра Шалавдин хIусамнана Човка, школе ваха кхиаза волу цуьнан жима кIант Руслан. 1938-чу шеран 11-чу июлехь Соьлжа-ГIалахь дуьнен чу ваьллачу Русланан ялх шо  дузаза дара къизаллица буьйцина и шийла некъ цо юьхьарберзош. Массара а санна мацалла, шело, гIело, харцо кхара а лайра. Делахь а, хIусамден Шалавдин лаам дика бевзаш йолчу Човкас, шена мел хала хиллехь а, дешийтира  цхьаъ бен воцчу кIанте. Ша ца юуш, ца молуш, тIаьххьара йисина бепиган юьхк а кIантана хьежош, нийсархойх хьега цунна меттиг ца юьтуш, хене ваьккхира Руслан. 1957-чу шарахь вайнахана цIаберза маршо йолуш, юккъера школа чекхъяьккхина, кхиъна ваьлла жима стаг вара иза. Цундела аьтто хилира Ленинграде деша ваха. ЮхаметтахIотта эгIаза ка-мIараш еттачу Нохч-ГIалгIайн къоман театро вовшахтоьхна яра похIмечу кегийрхойн тоба Ленинградерчу театральни институте деша хьажо. Цу тобанах дIакхийтира Руслан. Кхузахь билгалдаккха догIу, кхечу кегийрхошначул а Русланна евзаш хила декхар дара искусствон хьаьрма. Цуьнан дейиша  йолу Хакишева Хьава, Хьаван хIусамда Татаев Ваха хаддаза шайн къамелашкахь театр юьйцуш, сценина сагатдеш хиларна, мелла а оцу «лазаран» хьу кхиъна вогIучу кIантах хьакхаеллера. Делахь а, Казахстанехь яьккхинчу гIайгIанечу хенахь цкъа а дага ца деанера актерийн говзалла караерзо ша Ленинграде кхочур ву аьлла. Ткъа дагахь боцу аьтто нисбелча, цунах къаьхкийла дацара.

Тахана, мел халахеташ делахь а, театрехь  ши-кхо стаг бен ца висина 1957-чу шарахь Ленинграде, театральни институте деша хьажийначу студерчу кегийрхойх. 1962-чу шарахь дешна бевлла уьш цIабаьхкича, буьйса хазйиначу седанех таръелла лепаш яра церан цIерш. Давлетмирзаев МутIелип, Идаев Юсуп, Цицкиев Мохьмад, Мамилов Суламбек, Хаджиева Неля, йижарий ИсаевгIар, Паскаева Раиса, Минкаилова Зоя, Саиева Тайбат, Хакишев Руслан, иштта дуккха а кхиберш.  Актеран болх Хакишев Руслана дукха ца бира. Шо-шаре далале иза Ленинграде деша юха вахара, оццу театральни институте, хIинца режиссеран говзалла караерзо. Казахстанан халкъан артистан М. В. Сулимовн пхьалгIехь пхеа шарахь режиссеран белхан къайленаш Iамайой, шен дипломни спектаклана «ЦIий Iанийна ловзар» цIе йолу пьеса билгалйоккху Хакишев Руслана. Цо ша иза билгалъяьккхинера аьлча нийса ца хила там бу. Нохчийн къоман театран воккха доттагI хиллачу, дукха шерашкахь цигахь болх бинчу Саидов Билала гочйина и пьеса кийчча йолуш яра, хIотто режиссер ца волуш. Ленинградера аьхкенан каникулашка цIавеанчу Руслане, хIетахь театран директор хиллачу Хамидов Iабдуллас кховдийра, тIаьхьо исбаьхьа спектакль хилла йолу и пьеса. Цуьнан автор испанхойн поэт, драматург Федерико Гарсия Лорка ву. Испанехь фашизм олалле еанчу муьрехь язйина пьеса ю иза, авторо шех хиндерг хууш санна «цIийца» язйина ю.  Делахь а, режиссеран алссам болх бан дийзира, и чулацаме пьеса вайнахана мегачу хьоле ерзош. Хакишев Руслан еккъа цхьа пьеса схьаэцна, цу тIехь болх бан буьйлалучу режиссерех вацара. Театран хьаьрма ма-ярра йовза лууш Ленинградехь иттех шо зама яккхаре терра, цунна дика хаьара, адамийн сих хьакхалуш спектакль хIотто алссам къахьега дезийла. Уггаре а хьалха авторан дахарх лаьцна мел яздинарг дийшира режиссера. ТIаккха цуьнан ерриге кхолларалла Iамийра, «ЦIий Iанийна ловзар» цхьа пьеса ешна ца Iаш. Цул тIаьхьа спектаклехь васташ кхуллу долу актераш билгалбехира. Давлетмирзаев МутIелип, Хучиев Адам, Багалова Зулай, Хакишева Хьава, Нудушев ХIарон. Спектаклехь дакъалоцуш кхин а актераш бара. Делахь а, оцу шовкъечу спектаклан коьртачу турпалхойн васташ кхоьллинарш  лакхахь цIе яьккхинарш бара. ТIехула бIаьрг кхарстийча дукха чолхе ца хетара пьесин сюжет. Нана йисина Iаш ю, шен цхьа кIант кхиош. Цуьнан хIусамда, воккхах волу кIант, цкъа мацах даьллачу девнехь вийна Феликс цIийнах  болчу  наха. ХIинца жимахверг хьалакхиъна. – Цунна нускал дало хан тIекхаьчна. ЙоI ю билгалъяьлла. Хаза, товш, дечу гIулаккхана тIера ю иза. Амма цхьа-ши шо хьалха оццу Феликс цIийнах волу Леонардо хилла цунна тIехьийзаш. И шийла кхаъ ца безало нанна. Цунна  гергахь цхьана а кепара шайх схьадала беркат доцуш нах бу ФеликсгIар. Маьлхан хазачу дийнахь цIеххьана гучуйолу догIанан Iаьржа марха санна, гIайгIане IиндагIаш тосало ненан юьхь тIехь. Актрисин исбаьхьа ловзарехь гуш ду ненан дагчу, лаьхьанах таръелла, шеконаш шершина хилар. Делахь а, шен цхьаъ бен воцчу кIантана йоI езарна, нана реза хуьлу  захалонна. Нускалан васт кхуллуш яра РСФСР-н хьакъйолу артистка Хаджиева Нели. Иза реза ю захалонна, шена ма-хетта  тIехьийза кIант вацахь. ЙоI хаза ю, товш ю, хьанна а еза мегар долуш. Амма сцени тIехь иза гучуяларца хаало безаман шовкъо цуьнан кийра морцуш цахилар. Маре йоьду хан тIехтуьлуш лаьтта, дена чIогIа дан лаьа хьалдолчу наха схьакховдина захало, цундела дуьхьалонаш ца еш резахилла иза маре яха. Ткъа кийрара къона дог-м, цIера араяла еза хан герга мел кхечи, кхечунна сагатдеш, лозуш ду. Цо тоххара зуда ялийна, цуьнан доьзалехь кхуьуш кIант ву. Амма безамо ца хоьтту зуда ялийна вуй-ваций. Дерриге дуьне гат дой, оцу цхьана стагах дахаран къилба до бакъболчу безамо. Иштта къилба хилла лаьтта йоIана хьалха цкъа мацах тIехьийзина Леонардо. Цуьнан дуьхьа цIерга эккха кийча ю йоI. Нуьцкъала амалш, сирла васташ, цIенчу безамна хастам – и дерриге дара Хакишев Русланан дипломни спектаклехь. «ЦIий Iанийна ловзар» цIе йолчу спектакло билгалдаьккхира, говзаллийн хьакъдолчу тIегIанехь нохчийн къоман режиссура кхиъна хилар. Хетарехь, вайн махкахь дукха нах бац и шовкъе спектакль газа. Берриге а хьовсархоша цхьабосса езаш тIеоьцуш ю. Вайнехан театральни искусствон  мах боцу беркат ларалучех цхьаъ ю режиссера Хакишев Руслана хIоттийна «ЦIий Iанийна ловзар» цIе йолу спектакль, дуккха а шерашкахь, хьовсархошна кIорда ца еш, къоман театран репертуарана токхоеш схьаеана ю иза.

SONY DSC

Хамидов Iабдуллас язйина «Лийрабоцурш» цIе йолу турпалаллин драма яра Хакишев Руслана шолгIа вайнехан къоман театран сцени тIехь хIоттийнарг. Иза СССР-н турпалхочух Нурадилов Ханпашех язйина пьеса яра. Цкъа хьалха театран коьрта режиссер хиллачу Вайнштейн Владимира хIоттийна яра и. Делахь а, 1970-чу шарахь фашизмана тIехь толам баьккхина 25 шо кхочуш карлаяьккхира театро халкъана, махкана езаелла спектакль. 1967-чу шарахь дуьххьара «Лийрабоцурш» драма вайнехан театран сцени тIехь Вайнштейн Владимира хIоттош, цу спектаклан шолгIа режиссер вара Хакишев Руслан. Цундела, тамашийна ца хета евза спектакль карлаяккхар цунна тIедиллар. Делахь а, нийса хир дацара Хакишев Руслана ша хIоттийна спектакль,  цхьа а керла хийцам болуш яцара аьлча. Гуш дара режиссера алссам къахьегна хилар, спектакль карлаяккхарехь. Коьртачу ролехь хьалхарчу спектаклехь санна Омаев Дагун вара. Амма хIинца адамалла мелла а сов яра цуьнгахь. Еккъа цIена цхьа турпалалла гайтина Iаш воцуш, дог кIеда хилар, тешаме накъост хилар, чолхечу дахаран хьелаша вина турпалхо и жимха хилар гойтура керлачу спектакло. Цундела хьовсархошна уллера, гергара, баккъал а, нохчаллин хIуо детталуш хетара керлачу спектаклехь Омаев Дагуна васт кхоьллина Нурадилов Ханпаша. Бакъволчу нохчичун яхь, доьналла, оьшучохь собарца сатохар дара цуьнгахь. Режиссеран Хакишев Русланан похIма бахьанехь тоелла, чулацам шорбелла, исбаьхьаллин тIеIаткъаман ницкъаца хьовсархойн дегнашкахь сирла лар юьтуш спектакль яра «Лийрабоцурш». Цо кхетавора Даймохк, дай-наний санна беза, лара, цуьнан дуьхьа халонаш лан Iама, оьшучохь  мерза  са дIадала кийча хила.  Нохчийн къоман театран кхиам лара хьакъдолчех спектакль ю «Лийрабоцурш». Спектаклан режиссер хиллачу Хакишев Русланан хьаналчу  къинхьегаман доккха дакъа ду цу кхиамна юкъахь.

1976-чу шарахь дара Нохч-ГIалгIайн драмтеатрехь режиссера Хакишев Руслана «Яхь йолу кIентий» цIе йолу спектакль хIоттийча. Нохчийн бартан кхолларалли тIехь кечйина постановка яра иза. Оьрсийн маттахь «Песни вайнахов» олура цу спектаклех. Вайнехан яхь, догцIеналла, доьналла, гIиллакх, оьздангалла юьйцуш, цхьана тайначу мукъамехь дIадоьдуш баккъал а сирла илли хетара иза, кхаа иллех вовшахтесна постановка елахь а. Жерочун кIантах, таркхочух долу илли, Адин Сурхох, Эла Мусостах долу илли, къонахийн иллеш дара спектаклан бухе дехкинарш. Шайн зевнечу аьзнашца спектакль тойинера актрисаша Айдамирова Светланас, Эсамбаева Заремас, Энгиноева Лизас. Цхьана а  кепара шеко йоцуш кхиаман гIушлакхе «Яхь йолу кIентий» цIе йолу спектакль кхачийнарг вайн махкарчу тоьллачу говзанчийн кхоллараллин доттагIалла дара. Иллеш кечдеш гIо-накъосталла динарг, ерриге Къилбаседа Кавказехь вевзаш хилла мукъамча Цугаев Супьян вара. Спектакла юккъера шовкъе хелхарш, иштта вевзаш хиллачу балетмейстера Януркаев Сайд-Эмис хIиттийна дара. Ткъа спектаклан автор волчу Хакишев Руслана, халкъе, махке болу берриге шен ховха безам орцахбаьккхина хеталора и кхоллараллин совгIат хьовсархошна деш. Вайн махкахь езаш тIеэцна ца Iара и спектакль. Москварчу, Ленинградерчу театральни критикаша лаккхара мах хадийнера цуьнан. Ткъа 1977-чу шеран 27-чу декабрехь РСФСР-н министрийн Советан сацам арабелира; «Яхь йолу кIентий» цIе йолчу спектаклан автор, режиссер волчу Хакишев Русланна, цу спектаклехь дакъалаьцначу актерашна Гайтукаев Ахьъядана, Хадзиев Мохьмадана, Станиславский Константинан цIарах йолу пачхьалкхан преми яларан хьокъехь».

Ларамза дац аьлла хета, Хакишев Руслана «Яхь йолу кIентий» спектакль хIоттаяр. Шен оьздачу дайн нуьцкъала амал, синондалла гайта яьккхина гIулч яра иза. Iедало нохчийн къомехь латтийна Iазап цаладалар, хаддаза цIийца лазар дара. И ойла тIечIагIйо, тIаьхьо Iедалан архаш малъелча, цо хIоттийначу шина спектакло. Нохчийн  къоман театран сцени тIехь вайнах махкахбахарх дуьххьара дош аьлларг вара Хакишев Руслан. «Дуьне духуш» («Когда рушится мир») цIе йолчу спектаклана пьеса гуьржийн яздархочуьнца Отиа Иоселианица режиссера ша язйина яра, бухе Казбеги Александран «Элисо» цIе йолу дийцар диллина. 1853-чу шарахь пачхьалкхан Iедало вайнах ямартлонца махкахбахарх дара и дийцар. Ткъа шолгIа спектакль «Дела воцург накъост воцуш», изза цIе йолуш Нунуев Сайд-Хьамзата язйинчу пьеси тIехь хIоттийна яра. ХХ-гIа бIешо юккъе доьдуш вайнахе сталински хьадалчаша хIоттийначу Iазапах яра и спектакль. Хала дара цуьнга паргIат хьажа. Вайн гIийлачу дайша-наноша мел хьегна хало карлайоккхура сцени тIехь гуш долчо. И бала текхначарех Хакишев Руслан ша вара. Цхьалха дисинчу сица ша мел литтинарг, цIийца мел лезнарг цу генарчу, хийрачу махкахь, Нунуев пьесех пайда оьцуш хьовсархойн кхиэле диллинера цо. Халкъе, махке болу безам, цуьнан историн дегаIийжаме агIонаш хаддаза шен иэсехь хилар гайтира режиссера  лаккхарчу  говзаллица.

 

50 шо гергга зама ю Хакишев Руслана Нохчийн къоман театрехь болх бен. Шен хьаналчу къинхьегаман цу муьрехь 100 гергга спектакль хIоттийна цо. Хир ю дера царна юкъахь-м тоьлларш, иэшнарш. ХIораннах дийца газетан майда тоьара яц. Амма царах дукхахйолу спектаклаш дикане, серлоне, адамалле кхойкхуш хилла. И адамалла Хакишев Русланехь шегахь мел оьшу хилар ду цуьнан коьрта бахьана. Цунна къегина тоьшалла ду, ХХ-гIий-ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь, вайн махка сингаттамаш хьаьвзича,  театран коьрта режиссер  Хакишев Руслан театр охьакхоьссина юьстах  ваьлла цахилар. Театр а, цуьнан коьрта режиссер а даима шайн халкъаца дара. ТIеман кIур дика дIабаьлла а балале, авиатохарша йохийначу гIишло чохь болх юха дIаболийра театран коллективо. 2005-чу шарахь дара тIамо Iадийначу халкъана, махкана Хакишев Руслан коьртехь волчу Нохчийн къоман театро мах боцу совгIат дича. Иза яра режиссера Хакишев Руслана хIоттийна «Жима эла» цIе йолу спектакль.  Антуан де Сент-Экзюперин  туьйра-притча дара иза, нохчийн халкъан поэта Абдулаев Лечас гочдина. «Жима эла» спектакль мерза кхаъ хилла дIахIоьттира буьрсачу тIамо доза доцчу гIайгIане эгийначу махкахошна. Французийн яздархочун говзар Нохчийн къоман театран сцени тIехь хIотторо дегайовхо кхуллура, доккхачу дуьненах вайн жима къам дIакъаьстина цахиларх. Цо тешавора къоман сирлачу кханенах. Дахаре а, дуьнене а хилла безам карлабоккхура. Инзаре буьрсачу тIамо ягийна, яржийна, Iовжийна  хьовсархойн  ойланаш цхьана машаречу хорша ерзо ницкъ кхечира спектакль хIоттийначу режиссеран къегинчу похIмин. Цул тIаьхьа мел дукха яра уьш вайн дегнаш хьистина, Хакишев Руслана хIиттийна спектаклаш. Цо дукха къахьегна вайн дуьхьа. КIад ца луш, гIел ца луш,  я цунах дерг вайна ца тосадолуьйтуш.  Сирлачу лакхене кхойкху маьлхан иллих ека цо хIоттийна муьлхха спектакль. Хакишев Руслан нуьцкъала гIортор ю Нохчийн къоман театральни искусствон. Халкъо, махко шех дозалла дан хьакъ долуш стаг ву иза. Театрах дIаийна цуьнан дерриге а дахар. Хакишев Русланан цIе дийнна цхьа мур чулоцуш ю Нохчийн къоман театран исторехь. Берриге а ХакишевгIеран санна, хьаналчу къинхьегамца, ша схьаваьллачу къоме болчу безамца лепаш бу и мур.

 

ГАЗИЕВА Аза

 № 90, еара, 13 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: