Школа дешаран шарна кечъеш ю

ХIокху школин коллективах ойла дешаран заведенин уьйтIа ма-велли кхоллало: «Кхузахь къахьоьгурш шайн болх а, белхан меттиг а езаш нах бу»,  – олий. ХIунда аьлча хьуна го, цхьа кехат а, цхьа нех а  йоцуш, цIена уьйтIе,  кир тоьхна, басарш хьаькхна кечйина гIишло. ТIаккха дагайогIу и дика ойла цу школех лаьцна.

P1010862g

Шелан районерчу Чуьйрин-Эвлара юкъарадешаран … школа шен хазачу гIишлонца а, уьйтIахь долчу зезагашца а, леррина Iалашдечу ков-кертаца а билгал ю. Олуш ма-хиллара,   «бIаьрг хьостуш хIусам» ю иза.

Вайн газетдешархошна кхузара хьал довзийта лиъна, оцу школе вахара со кху деношкахь. Башха йоккха йоцчу школин  чохь сан бIаьрг тIехIоьттира «школин музейн» маьIигна. Кхузахь гулйина хьалхалерчу заманашкара  экспонаташ яра: стерчийн дукъ, тIо боккху машен, тIаргIа къажбо а, хьовзо а гIирсаш, шира итуш, пхьегIаш, говрийн гIоматаш  – дуккха а кхийолу хIуманаш. Юьртахь дехаш делахь а, хIинцалерчу берашна таханлерчу дийнахь  шайн цIахь ца гина гIирсаш бара уьш. Ткъа мел боккха аьтто бу хьехархочун шен урокехь я урокал арахьарчу дарсехь шира хIума  дешархошна, дIа а гойтуш, йовзийтар.

Со экспонаташка хьожуш воллуш, школин директор Юсупова Сарет Ризвановна а, хьехархой а тIебаьхкира суна. Маршалла а хаьттина, со хьехархой болчу чукхайкхира цара. Белхан отпуск дIаяьлларш а, дIаялаза берш а баьхкинера тахана балха, хIунда аьлча дешаран шо де- дийне мел долу гергакхочуш ду, ткъа цунна кечам хьалххе бан беза. Керла шо доладалале дан дезарг мел дукха хуьлу школехь болх биначунна бен хуур дац. Хьехархойн болх хала хилла ца Iаш, Iаламат жоьпалле а бу, мух-мухха а бан мегаш а бац, цундела цунна кечам леррина а, кхачам болуш а бан беза.

Тхан къамел школехь долчу хьолах, хьехархойн балхах, дешархойх хуьлу. Со наггахь кхочу кху школе, цундела кхузара хьехархой а, цхьаболу дешархой а бевза суна.  Суна хазахета, хьехархоша шайн белхан кхиамех а, дикачу гIуллакхех а дийцича.

P101085g8

Цул тIаьхьа сан къамел школин директорца Сарет Ризвановница хуьлу. Сарета Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан историн факультет чекхъяьккхина 1985-чу шарахь. ХIетахь дуьйна шен юьртахь  – Чуьйрин-Эвлахь – школехь болх беш ю иза. Юьхьанца истори хьоьхуш, иттех сов  шарахь болх бира цо, цул тIаьхьа 1999-чу шарахь дуьйна 2011 шо доладаллалц  Чуьйрин-Эвларчу номер 2 йолчу  юккъерчу школехь директоран  заместителан болх а бира. Ткъа 2011-чу шеран февраль баттахь дуьйна хIокху школехь директор ю Сарет. Иза шен белхан декхарш леррина кхочушдеш ю, иза безаш а, цунах самукъадолуш а ю. Ша куьйгалла дечу коллективах дозаллица дуьйцу цо:

– Тхан коллективехь 20 стаг ву. Царах дукхахберш белхан йоккха стаж а, дуккха а зеделларг а долуш бу. Амма керла тIеэцна хьехархой а бац тхан ледара, вовшашца йохье а буьйлуш, дика кхиамаш боху цара.

Со гуттар а тешна ю, баккхийчу, алссам зеделларг долчу говзанчашца къоначеран уллора зIе хилча, къахьегар бертахь, вовшашна гIо деш, вовшашка ларам болуш хилча, коллективехь кхиамаш ца хулийла дац аьлла. Тхан коллектив цу некъа тIехь ю, – дерриге а цхьаьна, бертахь дан гIерта тхо.

Ша школа йоккха яц, кхузахь доьшуш 154 бер ду. Берриге а хьехархой-предметникаш тхан болуш бу. Хьалхе дуьйна болх бечарах «Россин Федерацин юкъарчу дешаран хьакъйолу белхахо» цIе йолуш Юсупова Лайлаъ  ю, иштта лакхарчу цIарна кехаташ кечдина оха математикна Халидов Iумарна а. Стохка районан конкурсехь  дакъа а лаьцна, «Шеран хьехархо» цIе елла тхан школин къоначу хьехархочунна  Абдулшахидова Хьавана. Цул сов, вайн республикехь хIора шарахь Дешаран а, Iилманан а министерствос дIахьочу «Тоьлла педагогически белхахо»  конкурсехь стохка дакъа а лаьцна, ахчанан совгIаташ даьхна тхан хьехархоша Исламова Жарадата а, Халидов Iумара а, Юсупова Лайлаа а.

Оха школехь кест-кеста районан тIегIанехь семинараш дIахьо. Шайна балхахь зеделларг кхечу школашкарчу хьехархошна довзуьйту тхан говзанчаша. Иштта семинараш кхиамца чекх а йовлу, хьеший  тхуна реза а хуьлу.

Сарета шен кхиамех лаьцна хIумма а ца олу, ас цунах лаьцна шега дехар даллалц. Кхуьнан Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон а, Шелан районан администрацин а, районан дешаран декъан а цIарах  дина дуккха а Сийлаллин грамоташ а, мехала  совгIаташ а ду.

М.АРСАНУКАЕВ

 №90, еара, 13 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: