Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас бакъонца Нохчийчоьнан а, Россин а халкъийн исторехь хьакъ йоллу меттиг дIалаьцна. Нохчийн халкъ хIаллакьхиларе дуьгуш болу тIом а сацийна, Нохчийн Республика кхиоран коьрта некъаш билгалдехира цо.
Дикка хьалха, 1989-чу шарахь дара иза. СССР-хь тIетаьIIина дIахьош яра М.Горбачевс дIакхайкхийна йолу перестройка. Мехкан бусалбанаш бехаш йолчу регионашкахь ислам дара денлуш. Мухха а цкъа со Соьлжа-ГIала, Iалимаша а, бусалба динан векалша а дакъалоцуш хиллачу гуламе кхайкхира. Цу хенахь къона вара со. 20 шарал кIезиг тIехъиккхина вара. Цундела кхаъ хилла вара сила болчу гуламе суо кхайкхарх. Зала чу меллаша охьа а хиъна, къамелаш дечаьрга леррина ладугIуш Iара со. Цара массара а дуьйцура исламан, цо юкъараллехь а, пачхьалкхехь а лелочу маьIнин хьокъехь.
Гулам дIабоьдучу хенахь, иза дIахьош волчо гулбеллачарна вовзийтира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цо дийцарехь, иза дукха хан йоццуш цIа веанера Бухарара «Мир-Араб» хьуьжар а, Ташкентера исламан институт а чекхъяьккхина. Ахьмад-Хьаьжас цигахь хаийтира ша Курчалойн-Эвлахь Къилбаседа Кавказехь дуьххьарлера исламан институт схьаелла лууш хилар.
Ахьмад-Хьаьжас Ташкентехь дешна хиларо цунна чIогIа ойла тIеяхийтира сан. ХIунда аьлча, со вина а, дуккха а шерашкахь Iийна а вара Ташкентана уллехь йолчу Чимкент гIалахь. Оцу гIалица йоьзна дика дог-ойланаш хиларна Ахьмад-Хьаьжица къамел дан а, юккъерчу Азера вайн динан вежарий муха Iаш бу а хатта сацам бира ас. Къамел дукха сиха цхьаьнадеара тхойшиннан. Кхийтира шинна а узбекийн мотт тоъал дика хууш хиларх. ТIаккха кхидIа къамел узбекийн маттахь дира охашимма. Билггал оцу цхьаьнакхетаро вовшашка марзо кхоьллира тхойшингахь. Шо-шаре мел дели и марзо чIагIлуш еара.
Оццу хенахь бакъо елира бусалба дин Iамо СССР-н дозанал дехьа даха. Стамбул гIаларчу хьуьжарехь деша лууш болу СССР-н ерриге а республикашкара нах баьхкинера Соьлжа-ГIала. Царна юккъехь вара Ахьмад-Хьаьжин воккхах волу кIант Зелимха а. Цига дIадаха тхуна ши автобус елира. Хонкара боьлхурш новкъабохуш вистхилира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Некъ дика хуьлда шун, дика дешалаш, элира цо. Стамбуле дIа ма-кхеччи, деша дIадуьйладелира тхо. Хан сиха дIайоьдура. Цкъа Зелимха волчу Ахьмад-Хьаьжа веана аьлла хезира суна. И волчу вахча суна Ахьмад-Хьаьжа гира. Вовшашка цхьацца дуьйцуш вехха Iийра. Юха. Жимма волавала гIали юккъе вахара.
Хонкаран пачхье вуно хаза а, шен кепара исбаьхьа а шахьар ю. Цуьнан архитектурехь цхьанаийна султанагIара урхалла дечу оьмарахьлера куьцаш а, кхузаманан архитектурин башхаллаш а. Тхойшинна, уггаре а чIогIа хьажа лаьара исламан культурин хIолламашка. Маьждигашка а воьдий, церан хазалле а, исбаьхьалле а вехха хьоьжура. Церан инзаре хазалла гича, вехха царах (туркойх) хьоьгура, цу тайппана маьждигаш вайн республикехь маца хир ду те бохуш, ойланаш йора. Зераташка воьдура тхойшиъ. Цхьаьнакхетарш дIахьора Хонкарахь сий-ларам болчу Iалимашца. Шайца хуьлучу къамелашкахь цара даима а билгалдоккхура Ахьмад-Хьаьжина Iаьрбийн мотт дика хууш хилар. Изза олура тхойшиъ цхьаьна Макка ваханчохь а.
Цул тIаьхьа Нохчийчохь тIом болабелира. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа республикин муфти хаьржира.
Шен хенахь, Паччахьан Россехь дуьххьара юкъабевлча большевикаш, цхьа наггахь волчо бен тергал беш а ца хилла. Амма, уьш дебча цара лелийна къизалла, Iенийна цIий хууш ду-кх вай. Большевикаша даррехь дIахьедора шаьш Делах тешаш цахилар. Вахабиташ юкъабовлар а хилира иштта адамаша тидам кIезиг тIебохуьйтуш. Амма шаьш алсам бевлча, динна тIе а тийжаш, зуламаш дан долийра цара. Вахабиташа шаьш кхайкхош дерг бен бусалба дин ца лору. Шайн Iалашонашка кхачархьама цара дийр доцуш хIума дац. Уьш цхьана а хIуманах хьожа йогIуш бац. Царна дош ца хета къаьмнийн Iадаташ, гIиллакхаш, ламасташ талхор.
Юьхьанца Нохчийчохь вахабиташ дукха бацара. Коьртачу декъана уьш Герггарчу Малхбалера схьабаьхкина бара. Царах дIакхеттера кIеззиг нохчий а. Амма, хазачу, аьхначу, кIеда-мерзачу хабаршца цхьаьна совгIатна, сагIийна хIуманаш кхийдорца шайн могIанаш стамдира цара. Царах болу кхерам уггаре а хьалха гинарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара. Цо царна дуьхьал луьра къийсам дIа а болийра.
Ша къинхетаме, догдика стаг хиларе терра адамашца кIеда-мерза, церан гIалаташна, ледарлонашна гечдеш вара Ахьмад-Хьаьжа. Делахь а, динах, нохчийн халкъан хьаштех, цуьнан мехаллех хьакхалуш долчу гIуллакхашна тIехь иза къарлур воцуш а, юхавер воцуш а вара. Дукха хан ялале иза шайна тIехь зийра вахабиташа.
Со Нохчийн Республикан Парламентан депутат хаьржинчул тIаьхьа сан кест-кеста гIуллакхаш Iитталора вахабиташца, суна хаалора цаьргара схьадолуш долу зулам. Цундела Ахьмад-Хьаьжех дIакхийтира со. Цуьнан хьикмато а, доьналло а цунна тIеийзабора дайн Iадаташ, халкъан ламасташ, гIиллакхаш, Ислам деза хеташ болу нохчий.
Вахабитийн Невран районерчу Невр-ГIала бахка ойла хилча, районерчу яртийн маьждигийн имамаша дукха сихонца кхеташо дIаяьхьира. Нохчийчоьнан Парламентан депутат хиларе терра, цигахь дакъалецира ас а. Кхеташонан дакъалацархоша хIетахь хиллачу Iедале лехам бира: нагахь санна районехь вахабиташна чоьнаш елла я вахабитийн суд кхолла аьтто бина меттиг хилахь, и тайпа сацам тIеэцначу даржашкарчу нехан иза тIаьххьара де хир ду, аьлла. Оха къеггина а, шалхо йоцуш а дIахьедира тхайна лууш дерг – районан бахархоша районах вахабитийн бен бойтург цахилар. Тхан лехамо Iаткъам бира, шелдира цхьадолу довха кортош. Делахь а, халахеташ делахь а, ерриге а республикехь иштта хьал дацара. Вахабитийн чIагIбала аьтто белира Хьалха-МартантIехь. Цара цигахь шайн низам дIахIоттийра. Иза бIостаналла йолуш дара ламасталлин Исламца.
Вахабиташ Гуьмсе кхача а гIоьртира. Амма цигахь дагахь доцург хилира царна. Ахьмад-Хьаьжас тIом кхайхийра царна.Цуьнан кхайкхамца Ахьмад-Хьаьжина гIоьнна сихъелира Невран районерчу бахархойн йоккха тоба. Тхо Соьлжа-ГIала кхочучу хенахь хаам хилира, шайна ондда дуьхьало йича, вахабиташ, гIала а йитина, юхабевлла, аьлла. Цунах тхуна массарна а боккха кхаъ хилира. Шайна хIума кхетча вахабиташ лартIе богIур бу аьлла хеташ дара тхо. Амма иза аьттехьа а ца хиллера. 1999-чу шарахь тIеман доккха питана тесира цара, Дагестане а гIоьртина. И дарца юха а Нохчийчу тIом беара.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа инзарваьлла вара вахабитийн зуламийн гIуллакхех а, жоьпазаллех а. Цо дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан экстренни кхеташонехь. Цигахь дакъалоцуш мел хилларг ойлане а, гIайгIане а вара. Массарна а гуш бара нохчийн халкъана тIекхозабелла Iожаллин кхерам. ХIун дан деза? Муха сацо беза тIебогIуш болу къиза тIом? Оцу хаттарша са дуура массеран а. И хаттарш дара кхеташонехь дийцаре дан юкъадехкинарш а. Царна жоьпаш карийнарг веккъа цхьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара. Шен къамелехь цо МасхадовгIарна тIедиллира вахабиташ емалбар, дозанал арахьара берриге а наемникаш, Хаттаб коьртехь а волуш, Нохчийчуьра арабахар, Ш.Басаев инарлин даржах вохавар. «Нагахь санна и билламаш, лехамаш кхочушбахь вайн аьтто бала мега тIамах хьалхадовла», – чIагIдира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас.
Цуьнан дешнаш къобалдира дукхах болчу депутаташа. Иза бIаьрла гуш дара, къамел дина ваьллачул тIаьхьа, Ахьмад-Хьаьжа шен метта охьахаа воьдучу хенахь а. Со цунна гергахьа хиъна вара. Суна гуш дара депутаташа цуьнга шаьш цуьнан гIолоцуш хилар дIахоуьйтуш. Халахеташ делахь а, цуьнан кхайкхам ца хезира хIетахьлерчу Iедална. ТIом сацо, чу ца баийта аьтто ца белира. Кеманаша бомбанаш, ракеташ, яккхийчу тоьпаша снарядаш етташ адамаш дайъа долийра. Адамаш, тIамах девдда, республикера катоьхнна дIадоьлхуш дара. Амма бухахь буьсуш а бара дуккха а нах.
Оцу хенахь суна хиира Ахьмад-Хьаьжа Россин Федерацин Правительствон Председательца Путин Владимирца цхьаьнакхетта хилар. Дукха хан ялале цо со Гуьмсе кхайкхира. Цига дIакхаьчча хиира суна Ахьмад-Хьаьжица цхьаьнакхета баьхкина тхан дуккха а доттагIий хилар. Хьалхе дуьйна тхо вовшашна дика девзаш хиларна къамел къайле йоцуш а, чулацаме а хилира.
«Вахабиташа доккха зулам деана вайна, – элира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. – Нохчийн халкъ хIаллакьхиларан зила тIе хIоттийна. Нагахь санна вай хьекъале ца хилахь, вовшех кхеташ ца хилахь, вайн барт ца хилахь Далла а, халкъана а хьалха бехке хир ду», – бохура цо.
Цуьнга леррина ла а доьгIна, оха элира: «Оха къобалдо ахь бохуш дерг. Тхо хьалха а хилла ахь бохург къобалдеш, хьуна тIетовш. Кхул тIаьхьа а хир ду». Цу тIехь барт хилла тхо дIасакъаьстачу хенахь цо суна тIедиллира Невран районерчу Iеламнахана коьрте хIоттар а, районехь кхеторан болх дIабахьар а. ЦIа кхаьчча ас и болх дIа а болийра.
Гуьмсе вахар даккхийчу зиэрашца доьзна хуьлура. Гуобаьккхина кIохцал-сара тесна ког мел баьккхинчохь дIахIиттийна йолчу блок-посташкахь берш тIех дера, оьгIазе, кIоршаме бара. Цара дегIах хьоьжуш, талламаш беш амал-гIад дойъура. ДIасавоьдущ дукха хан йойъура, чIогIа дог а этIара. Нохчийчоьнан кхечу районашкара цхьана дийнахь Гуьмсе дIакхачалуш ца хиллехь, Неврера дIакхачалора. Цундела, юьхьанца, хьалха лаьтта мехала гIуллакхаш кхочушдарехь дан дезарг дийцаре дан Ахьмад-Хьаьжас Невран районера Iеламнах дIакхойкхура. Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалхо хIоьттинчул тIаьхьа керла муфти хоржучу хенахь а цигахь дакъалоцуш хилларш, коьртачу декъана, Невран районерчу ярташкара Iеламнах бара.
Массо а хIуманна тIехь А.-Хь.Кадыровна гIодан хьовсура тхо. Цуьнан дIадолорца 2003-чу шарахь, Нохчийн Республикин Конституци, Нохчийчоьнан Президент а, Парламент а харжаран хьокъехь долу законаш тIеэцарехула дерриге а къоман референдум дIахьочу хенахь Невран районерчу цхьана а стага дуьхьал кхаж ца тесира. Шеко йоццуш, оцу юккъехь доккха дакъа а, хазна а яра районерчу Iеламнехан. Цара баккъал а боккха болх дIахьора бахархошца, царна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин политика, некъ, хьежамаш, лаамаш дIабовзуьйтуш. Районан бахархоша доккха гIо лецира иза Нохчийн Республикин Президент хоржуш а.
Цу хенахь, Ахьмад-Хьаьжица цхьаьна Нохчийчоьнан Президентан дарже хьалхатеттина кхин а масех стаг хилла хилар дагадогIу. Ма-дарра аьлча, царах цхьа а харжамашкахь толам баккхарехьа сатуьйсийла йолуш а вацара юьххьехь дуьйна а. Кхузахь гIуллакх Ахьмад-Хьаьжа шина а тIамехь халкъа юккъехь, цуьнца цхьаьна хилла хиларх а, вуьйш Россин регионашкахь Iийна хиларх а данне а доьзна дацара. Ахьмад-Хьаьжа а, цуьнан доьзал а, гергарнаш а шен халкъаца цхьаьна Iийнера, дуккха а халонаш лайнера, зиэрех чекхбийлинера, адамийн лазамаш бевзинера, Iожалла а гинера. Делахь а, Ахьмад-Хьаьжа кхечу кандидатех къастош йолу коьрта билгало яра иза къинхетаме хилар, халкъах дог лозуш хилар, хьал-бахам гулбан гIерташ цахилар. АллахIах кхоьруш, цIена бусалба, Iалим хилар.
Нохчий шайн амалца чIогIа Делах кхоьруш, бусалба халкъ ду. Ислам – иза церан ламастийн, Iадатийн, гIиллакхийн бух бу. Цара вовшашна юккъехь болу къийсамаш, дар-дацарш шариIатца къастадо. Ур-аттал, большевикийн Iеса Iедал долчу хенахь а, цо беш болчу бехкамашка хьаьжна ца Iаш, исламо мехала маьIна леладора нохчийн юкъараллин дахарехь.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжина, ша кIорггера дешна Iелам хиларе терра, Iаламат дика хаьара динца дерг а, халкъан хьашташца дерг а къасто, царна юкъахь галморзахалла ца хилийта. Цунна ца лаьара, Советийн заманахь санна, дин къайлах а, я дахарна юьстах а, Iедалан органийн балхах дIакъастийна а хуьлийла. Цунна ца лаьара, динах кирхьа а дина, мекарчу наха шайн хьарамлонаш лелайойла. Цунна ца лаьара экстремисташа исламах зуламца пайдаоьцийла. Ахьмад-Хьаьжа бусалба динна а, Нохчийчоьнан Iедалан институташна а юккъехь аьхна юкъаметтиг хилийта гIерташ вара. Цу тIехь цуьнан боккха аьтто а хилира. И бахьанехь Нохчийчохь нохчийн керла юкъаралла кхоллаелира. Оцу юкъараллехь исламо шена хьакъ йоллу меттиг дIа а лецира.
Шеко яц Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа историна юккъе халкъ хIаллакьхиларх хьалхадаьккхина стаг санна вахана хиларан. Майрра дуьхьал а ваьлла, шен болатчу лаамца, ницкъашца, доьналлица, хьуьнарца тIом сацийра цо, юхатуьйхира халкъана тIекхозабелла лаьтташ болу хIаллакьхиларан кхерам. Шен турпалчу гIуллакхашца Ахьмад-Хьаьжас халкъан, цуьнан аьттонан, тIекхуьучу тIаьхьенийн ирсечу кханенан дуьхьа йоккха турпалалла гайтира.
Цо долийна гIуллакх тахана кхиамца дIахьош ву цуьнан кIант Кадыров Рамзан. И бахьана долуш йоццачу хенахь меттахIиттийна гIаланаш, ярташ, дина бIеннаш маьждигаш, меттахIиттийна зераташ, денъелла къоман культура, оьздангалла, чIагIлуш ду тIарикъат, ийман. Адамаш кхул тIаьхьа цхьаьнгга а галдахалур дац, я вахабиташка а, я экстремисташка а.
Наггахь леррина бIаьрг бетта ас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долчу Соьлжа-ГIаларчу маьждиге, таханлерчу дийнахь Европехь а уггаре а доккха долчу. Юха ойла йо, хьажахь, Ахьмад-Хьаьжа Соьлжа-ГIалахь хIара санна долу маьждиг хиларе сатуьйсуш вар-кха, тхойшиъ цхьаьна Стамбулехь волчу хенахь, олий. Цуьнан сатийсам кхочушби-кх Ахьмад-Хьаьжин хила хьакъ волчу кIанта – Рамзана. Делахь-хIета, Нохчийчоьнан гIуллакх тешамечу къонахчун карахь ду.
ДАДАЕВ Ризван-Хьаьжа, Iеламстаг
№90, еара, 13 август, 2015 шо
